bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 7
2 Chronicles 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 8 →
1
Сулим-паччахь доӀа дина ваьлча, стигалара цӀе йоьссира, сагӀин кхерча тӀера дагош долу сагӀанаш а, кхидолу сагӀанаш а Дала тӀеийцира. Ткъа Везачу Элан ЦӀа Цуьнан сийлаллин нуьро дуьзира.
2
Везачу Элан ЦӀа Цуьнан сийлаллин нуьро дузарна, динан дай Везачу Элан ЦӀа чу ца бахалора.
3
И охьайоьссина цӀе а, цу Везачу Элан ЦӀенна тӀе доьссина долу Цуьнан сийлаллин нур а шайна гича, майданахь болу берриг а исраилхой бертал ийгира. Везачу Элана хастамаш бира цара, Иза дика волу дела а, Цуьнан безам цкъа а хедар боцу дела а.
4
Ткъа паччахьо а, дерриге халкъо а Везачу Элана сагӀа даьккхира.
5
Сулим-паччахьо ткъе ши эзар сту а, бӀе ткъа эзар уьстагӀ а беара сагӀина. Иштта Сулим-паччахьо а, дерриге халкъо а Делан цӀа даздира.
6
Динан дай бара шайн декхарш кхочушдеш лаьтташ. Дауд-паччахьо кечбайтинчу зурманийн гӀирсашца лаьтташ бара левихой. «Везачу Элан безам цкъа а хедар бац» а бохуш, Везачу Элана хастамаш мосазза бо, Дауд-паччахьо и зурманийн гӀирсаш лелабойтура. Левихошна дуьхьал а лаьтташ, динан дайша коьман маӀаш лоькхура. Исраил-мехкан дерриге а халкъ лаьтташ дара цигахь.
7
Везачу Элан цӀийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира Сулим-паччахьо, цигахь дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш дохура, бертан сагӀанийн дийнатийн мохь а ягайора. ХӀунда аьлча Везачу Элан цӀенна хьалхахь лаьтташ болчу сагӀа доккхучу йоьзачу кхерчана тӀе дерриг а и сагӀанаш ца тарлора.
8
Цу хенахь ворхӀ дийнахь Сулим-паччахьо а, дерриг а Исраилан халкъо а даздира и деза де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат-Ӏинера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тӀекхаччалц.
9
ВорхӀ дийнахь Везачу Элана сагӀа доккху кхерч а базбира, кхин а ворхӀ дийнахь четаршна чохь Ӏаш долу денош а даздира, ткъа цул тӀаьхьа тӀедеанчу дийнахь цу денойн даздаран тӀаьхье йира.
10
ТӀаккха ворхӀалгӀачу беттан ткъе кхоалгӀачу дийнахь паччахьо халкъ шайн цӀа дӀадахийтира. Халкъан дегнаш хазахетта а, самукъадаьлла а дара, Даудана а, Сулимна а, Шен Исраил-мехкан халкъана а Везачу Эло динчу диканна.
11
Иштта дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан ЦӀа а, паччахьан цӀа а. Везачу Элан ЦӀенна тӀехь а, шен цӀенна тӀехь а ша дан дагалаьцнарг дерриге а хила ма-дезза кхочушдира Сулим-паччахьо.
12
ТӀаккха буса Сулим-паччахьна дуьхьал хӀоьттира Веза Эла. Цо элира: «Суна хьан доӀа хезира. ХӀинца Аса Сайна къастайо хӀара меттиг, хӀокхунах сагӀа доккху цӀа хилийтархьама.
13
Нагахь Аса, стигал дӀа а къевлина, догӀа ца даийтича а, я цӀоз тӀе а хецна, цуьнга латта даийтича а, я адам хӀаллак а деш, цамгар яржийча а,
14
Сан долахь долу халкъ Суна муьтӀахь хилла, доӀанаш деш, Соьгахьа дерзахь, шайн харц некъаш тӀера дӀа а далахь, тӀаккха стигалахь хезар ду Суна Сайн халкъан аз, цуьнан къиношна геч а дийр ду Ас, цуьнан латта а тодийр ду Ас.
15
ХӀинца дуьйна Сан бӀаьргаш а дӀадиллина хир ду, Сан лергаш а сема хир ду кху меттехь дечу доӀанашна.
16
ХӀинца дуьйна Ас даздина хӀара ЦӀа, Сайн цӀе цу чохь абаденна язъяйта лаьа Суна. Сан бӀаьргаш а, Сан дог а цу чохь хир ду массо а заманахь.
17
Нагахь хьо, хьайн да Дауд-паччахь ма-леллара, Суна хьалха лелахь, Аса хьайна тӀедиллинарг ахь кхочушдахь, Сан хьехамаш а, бакъонаш а ларъеш хьо лелахь,
18
Ас чӀагӀдийр ду хьан паччахьалла, Айса хьан дега, Дауд-паччахье, чӀагӀо еш ма-аллара: „Хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“.
19
Нагахь Аса шайна делла долу Сан весеташна а, Сан хьехамашна а тӀера дӀа а девлла, уьш дитина, аша кхечу деланашна гӀуллакх деш, царна корта беттахь,
20
тӀаккха Айса деллачу Сайн лаьтта тӀера Исраилан халкъ орамашца дӀадоккхур ду Ас. Ткъа хӀара Сайн цӀе язъян Айса къобалдина ЦӀа Сайна дуьхьалара дӀадоккхур ду. ТӀаккха дерриге а халкъашна хьалхахь кицанаш а далош, беламаш а беш, цӀе йохуьйтур ю Ас хӀокху Сайн цӀийнан.
21
Ткъа оцу дезачу цӀийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца хаттар дийр ду: „И хӀунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цӀенна а?“
22
Юха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шаьш арабаьхна волу Веза Эла, шайн дайн Дела, дӀа а тесна, уьш кхечу деланашна тӀаьхьа а бевлла, царна Ӏамал а еш, Ӏибадат дан буьйлабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тӀе и берриг бохам“».
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36