bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 30
2 Chronicles 30
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 31 →
1
Берриге а Исраил-мехкан а, ЯхӀуд-мехкан а меттигашка геланчаш бахийтира Хьузакх-ЯхӀус. Иштта Эпрайм-махка а, Маннаш-махка а кехаташ яздира цо, дерриг а цигара халкъ Ярушалаймехь лаьтташ долу Везачу Элан цӀа долчу даладе аьлла, Исраилан халкъан Везачу Далла лерина Пасахьан дезде даздархьама.
2
Паччахьо а, цуьнан баьччанаша а, Ярушалаймерчу берриге а гуламо а кхеташонехь сацам бира, шеран шолгӀачу баттахь Везачу Элана лерина долу Пасахь олу дезде даздийр ду аьлла.
3
И гӀуллакх цул хьалха билгалъяьккхинчу хенахь кхочушдар ца нисделлера церан, Далла гергахь цӀанбеллачу динан дайн барам кхоччуш ца хилла дела а, халкъ Ярушалайме схьагулделла ца даьлла дела а.
4
Паччахьна а, берриге гуламна а и сацам хазахийтира.
5
ТӀаккха Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Дан-гӀалина тӀе кхаччалц, берриге а Исраил-махкахула кхайкхам бар билгалдаьккхира. И кхайкхам бинера, Ярушалайме халкъ схьагулдайтархьама. ХӀунда аьлча Исраилан Везачу Далла лерина долу Пасахьан дезде, товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, иштта дуккха а цхьаьна долчу халкъаца даздар кхочуш ца динера.
6
Берриге а Исраил-махкахула а, ЯхӀуд-махкахула а паччахьан а, цуьнан баьччанийн а кехаташ дӀасадаржош бахара геланчаш. Паччахьо динчу омрица кехата тӀехь яздина дара: «Исраилан халкъ! ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волчу Везачу Элана тӀедерзалаш, тӀаккха ашурхойн паччахьан карара схьабевллачу дийна бисинчарна тӀевоьрзур ву Иза а.
7
Шайн дайн Дела волчу Везачу Элана тешаме ца хиллачу шайн дайх а, вежарех а дӀа ма тарлолаш. Шена тешаме ца хиларна, адам инзардолуьйту хӀума йира Цо царах.
8
ХӀинца дуьйна шайн дайн санна къиза дегнаш долуш ма хилалаш, ткъа Везачу Элана муьтӀахь хилалаш. Цо гуттаренна а даздина долчу, Цуьнан цӀенна тӀе дуьйла. Шайн Везачу Далла гӀуллакх де, тӀаккха Цо Шен чӀогӀа йолу дералла шуна тӀера дӀайоккхур ю.
9
Шун дегнаш Везачу Элана тӀе юхадирзича, шун вежарех а, шун берех а уьш йийсаре бигначара къинхетам бийр бу. ТӀаккха уьш кху махка юхабоьрзур бу, хӀунда аьлча шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ма ву. Нагахь санна шу Цунна тӀедерзахь, Иза шух дӀавоьрзур вац».
10
Эпрайман а, Маннашан а мехкашкахула, Забулан махка тӀекхаччалц, цхьана гӀалара вукху гӀала боьлхура геланчаш. Ткъа адамаш царах доьлуш а, кхаьрдаш а дара.
11
Делахь а, Ашаран а, Маннашан а, Забулан а тайпанех болчу цхьаболчара, къар а белла, ладуьйгӀира цаьрга. Уьш Ярушалайме баьхкира.
12
ЯхӀуд-махкахь, адамашна цхьаалла а луш, Дала халкъ иракарахӀоттийра, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а омра кхочушдархьама.
13
Шеран шолгӀачу баттахь Ярушалаймехь вуно дукха адам гулделира, Совсазчу баьпкан дезде даздархьама. Гулам дикка боккха бара.
14
Гулбеллачара, хьала а гӀевттина, Ярушалаймехь цӀушна лерина дагоран сагӀа доккхуш хилла болу кхерчаш бохийра. Иштта, цӀушна лерина хаза хьожа йогӀу хӀума ягош болу берриге а гӀирс, боха а бина, Кхидрун-тогӀи чу кхоьссира цара.
15
ТӀаккха шолгӀачу беттан дейтталгӀачу дийнахь Пасахьан Ӏахарна урс хьаькхира цара. Динан дайша а, левихоша а, эхь а хетта, цӀан а белла, Везачу Элан цӀийнан керта дагоран сагӀа даккха дийнаташ далийра.
16
Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехам тӀехь яздина ма-хиллара, шайна тӀедиллина ма-хиллара, шайна билгалъяьхначу меттигашка дӀахӀиттира уьш. Динан дайша, левихойн карара схьа а оьцуш, цӀийн цинцаш тухура.
17
Гулбеллачарна юкъахь Далла гергахь шаьш дӀахӀитта цӀанбалаза берш тӀех дукха хиларна, церан Пасахьан Ӏахарий Везачу Элана лерина хилийта ца хӀуьттура уьш. Церан метта Пасахьан Ӏахаршна урс хьаькхира левихоша.
18
Халкъана юкъара дукхахберш Далла гергахь цӀанбалаза бара. Уьш дукхахьолахь Эпрайман а, Маннашан а, Иссарханан а, Забулан а тайпанех бара. Делахь а, хила ма-дезза иза доццушехь, цара а йоура сагӀина беанчу Пасахьан Ӏахарх йолу хӀума.
19
Ткъа Хьузакх-ЯхӀус царна тӀера доӀа дира. Цо элира: «Шена хьалха цӀанвалаза висинехь а, шен дог шайн дайн Дела волу Веза Эла лахарна тӀедерзийна волчу хӀоранна а дика волчу Везачу Эло гечдойла!»
20
Хьузакх-ЯхӀун доӀа дӀа а хезна, Везачу Эло халкъана гечдира.
21
Ярушалайме баьхкинчу исраилхоша чӀогӀа самукъадаларца ворхӀ дийнахь даздира Совсазчу баьпкан дезде. Левихоша а, динан дайша а Везачу Элана хастамаш барна леринчу зевнечу зурманийн гӀирсашца хӀора дийнахь Цунна хастамаш бора.
22
Кхетам а болуш, Везачу Элана дика гӀуллакх деш бохкучу левихошна тамехь дерг олура Хьузакх-ЯхӀус. Шайн дайн Дела волу Веза Эла хеста а веш, Цунна лерина бертан сагӀа а доккхуш, дезачу деношна билгалъяьккхина йолу хӀума йиира цара ворхӀ дийнахь.
23
Гулбеллачу массара а сацам бира и дезде кхин а ворхӀ дийнахь даздан. ТӀаккха самукъадаларца кхин а ворхӀ де даьккхира цара, и де даздеш.
24
ЯхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус цхьа эзар сту а, ворхӀ эзар уьстагӀ а беанера сагӀина гулбеллачарна тӀера. Иштта баьччанаша а беанера цхьа эзар сту а, итт эзар уьстагӀ а. ТӀаккха динан дайшна юкъара дуккхамо а, Далла гӀуллакх дарна дӀа а къаьсташ, шаьш цӀанбира.
25
ЯхӀуд-махкара схьабаьхкинчу массеран а самукъадаьллера. Иштта самукъадаьлла бара динан дай а, левихой а, Исраил-махкара схьадеана халкъ а, ЯхӀуд-махкахь тӀебаьхкинарш санна Ӏаш болу исраилхой а.
26
Ярушалаймехь доккха хазахетар хиллера, хӀунда аьлча исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кӀентан Сулиман заманахь дуьйна схьа ца хиллера цу тайпана хӀума Ярушалаймехь.
27
ТӀаккха динан дайша а, левихоша а, хьала а гӀевттина, халкъ декъалдира. ДӀахезира Везачу Элана церан аз, хӀунда аьлча Веза Эла Ӏаш волчу стигаларчу Цуьнан езачу метте дӀакхечира церан доӀа.
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 31 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36