bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 33
2 Chronicles 33
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 34 →
1
Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира.
2
Везачу Эло исраилхошна хьалхара дӀалелхийначу къаьмнаша лелийна мел долу дегаза гӀуллакхаш а лелош, Везачу Элана зуламе хеташ дерг леладора Маннаша.
3
Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта БаӀал-харцделанашна сагӀа доккху меттигаш кечйора, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттадора цо. Стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора цо.
4
Везачу Элан цӀа чохь а цӀушна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра Маннаша, оцу цӀийнах лаьцна «Ярушалайм-гӀалахь Сайн цӀе абаденна язъяйта лаьа Суна», — аьлла доллушехь Везачу Эло.
5
Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра цо.
6
Маннаша шен кӀентий Бен-ХӀинам-тогӀи чохь цӀерах чекхбохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тӀедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгӀаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гӀуллакхаш леладора цо.
7
Ша харцдалла лерина дина сурт схьа а эцна, иза Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь — исраилхойн шийтта тайпанийн латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь — хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а»
8
Нагахь санна Аса шайна тӀе мел диллинарг — Мусагахула Айса царна белла берриг а товрат-хьехам, парзаш а, тӀедехкинарш а — цара леррина кхочушдахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тӀера исраилхойн когаш кхин цкъа а арабохуьйтур бац Аса.
9
Амма ЯхӀудан халкъ а, Ярушалайман бахархой а харц некъа тӀе бехира Маннаша: Везачу Эло, исраилхошна уллора дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламе дерг леладора цара.
10
Везачу Эло дӀаолура Маннаше а, цуьнан халкъе а, амма цара ла ца дугӀура.
11
ТӀаккха Везачу Эло ашурхойн паччахьан тӀеман коьрта хьаькамаш бахийтира Маннашана тӀе. Цара, иза дӀа а лаьцна, мерӀуьргех чӀуг чекх а яьккхина, йоьзан буржалш а дихкина, Бавел-махка дӀавигира.
12
Ша гаттавелла хьаьвзича, шен дайн Далла хьалха ша даггара лах а веш, Маннаша шен Везачу Деле шеца дика хилар доьхура.
13
Маннаша Везачу Эле доӀа дича, Цо, дӀа а хезна, Маннашан доӀа тӀеийцира. Дала, иза Ярушалайме юха а верзийна, шен паччахьалла дан дӀахӀоттийра. ТӀаккха кхийтира Маннаш Веза Эла — Дела хиларх.
14
Цул тӀаьхьа Маннаша Даудан гӀалин арахула болу пен юхаметтахӀоттийра. Гихьон-хина малхбузехьа долчу Ӏинан тӀехула ЧӀерийн ков олучу меттехула а, Ӏупал-гӀалин гонах, леккха хьала а боккхуш, юхаметтахӀоттийра цо гӀалин пен. ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу массо а гӀаланашкахь тӀеман коьрта хьаькамаш дӀахӀиттийра цо.
15
Хийрачу мехкашкара деланаш а, Везачу Элан цӀа чу дӀахӀоттийна цӀу а дӀаваьккхира Маннаша. Иштта Ярушалаймехь а, Везачу Элан цӀа тӀехь лаьттачу ломахь а ша дӀахӀиттийна сагӀа доху кхерчаш дохийна, гӀалин арахьа дӀакхиссира цо.
16
Везачу Элана лерина сагӀа доккху кхерч ша хиллачу метте дӀа а хӀоттийна, цу тӀехь бертан а, баркаллин а сагӀанаш дехира Маннаша. ЯхӀудхошна цо тӀедиллира, Исраилан Везачу Далла Ӏамал е аьлла.
17
Халкъо кхидӀа а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь сагӀанаш даьхнехь а, и сагӀанаш шайн Везачу Далла лерина бен дацара.
18
Маннашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — шен Деле цо динчу доӀанах а, Исраилан Везачу Делан цӀарах хиндерг гуш болчара Маннаше аьллачу дешнех а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
19
Маннаша динчу доӀанах а, Далла иза дӀахазарх а, Далла хьалха ша лахвале цунах мел даьллачу къинойх лаьцна — иза Далла тешаме цахиларх а, цо сагӀа доккху гунаш дарх а, цо Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀиттадарх а, цо бинчу цӀуйх а лаьцна — яздина ду Делера дерг гуш болчу пайхамарийн тептар тӀехь.
20
Маннаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен паччахьан цӀахь дӀавоьллира. Маннашан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амин.
21
Аминан ткъе ши шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира.
22
Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Амина а. Шен дас Маннаша мел дӀахӀиттийначу цӀушна сагӀанаш а дохура, Ӏамал а йора Амина.
23
Амма шен дас Маннаша ма-дарра, ша Везачу Элана хьалха лах ца вира цо. Мелхо а, шен къинош совдехира цо.
24
Ӏамминан хьаькамаша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цӀахь иза вийра.
25
Амма цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьалбевлла хилларш берриш а хӀаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу, паччахь а вина, дӀахӀоттийра.
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 34 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36