bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 28
2 Chronicles 28
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 29 →
1
Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Даудах терра а ца лелаш, Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш ца леладора Ахьаза.
2
Ахьаз а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Ур-атталла БаӀал-харцдалла Ӏибадат дарна а цӀуш боттийтира цо.
3
Бен-ХӀинам-тогӀи чохь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайойтура, шен кӀентий цӀерах чекх а бохуьйтура Ахьаза, Везачу Эло исраилхошна юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш а лелош.
4
Гунаш тӀехь а, баьрзнаш тӀехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора Ахьаза.
5
Цу бахьаненна Ахьазан Везачу Дала иза арамхойн паччахьан кара дӀавелира, ткъа вукхо боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тӀехь. Дуккха а яхӀудхой, йийсар а дина, Дамасакхе дӀабигира арамхоша. Иштта Ахьаз а исраилхойн паччахьан кара дӀавелира, исраилхоша а боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тӀехь.
6
ЯхӀудхойн доьналла долу цхьа бӀе ткъа эзар тӀемало цхьана дийнахь тоьхна охьавиллира исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис. Иза хилира яхӀудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дӀатесна дела.
7
Ткъа эпраймхойн тӀемалошна юкъара волчу Зикрас паччахьан кӀант МаӀсей-ЯхӀу а, паччахьан цӀентӀехь хьаькам волу Ӏазрикхам а, паччахьал тӀаьхьа шолгӀаниг ларалуш волу Элкхан а вийра.
8
Шайн вежарий болчу яхӀудхойн ши бӀе эзар зуда а, кӀентий а, йоӀарий а, йийсар а дина, дӀабигира исраилхоша. Иштта, йоккха хӀонс а яьккхина, Шамран-гӀала дӀаяхьийтира цара.
9
Цигахь вехаш Везачу Элан пайхамар вара. Цуьнан цӀе Ӏудад яра. Шамран-гӀала юхадоьрзуш долчу эскарна дуьхьал а вахана, оцу пайхамаро цаьрга элира: «Шун дайн Дела волчу Везачу Эло Ша оьгӀазвахханчохь яхӀудхой шун кара дӀабелира. Ткъа аша цаьрца лелийна йолу сел йоккха къизалла, стигала хьалакхаьчна.
10
ХӀинца яхӀудхой а, ярушалаймхой а, дӀа а бигна, царах шайн леш бан дохку шу. Шайн Везачу Далла хьалха шаьш а бехке дац моьтту ткъа шуна?
11
Аша, соьга ла а догӀий, шаьш йийсаре буьгуш болу шайн вежарий яхӀудхой юхаберзабе, хӀунда аьлча Везачу Элан чӀогӀа дералла ю шуна тӀехь».
12
ТӀаккха Эпрайман тайпанах болчу хьаькамех цхьаберш тӀамера юхабоьрзуш болчарна дуьхьал бевлира. Уьш бара: ЯхӀу-Хьанин кӀант Ӏазар-ЯхӀу, Машли-МутӀин кӀант Берех-ЯхӀу, Шалуман кӀант Яхьизакх-ЯхӀу, Хьадлайн кӀант Ӏамасаъ.
13
Цара элира: «Ма балабе кху чу йийсар динарш, хӀунда аьлча вай къа латор ду Везачу Элана хьалхахь. Вай летийначу къиношна а, вай динчу зуламашна а кхин а тӀетоха ойла-м яц те шун? Исраилан халкъана тӀехь Везачу Элан чӀогӀа йолу дералла хиллал хӀинцале а боккха бехк бу вайна тӀехь».
14
ТӀаккха тӀемалоша шаьш йийсаре буьгурш а, схьаэцна йолу хӀонс а халкъан куьйгалхойн а, халкъан берриг а гуламан кара дӀаелира.
15
ЦӀераш яьхначу исраилхойн веа куьйгалхочо, шаьш йийсаре дуьгучу халкъана юкъахь берзина хилла болчарна, хӀонсана юкъара схьаэцна бедарш а тӀеюьйхира, царна мачаш а елира. Иштта юург а, мерг а елира, зайтдаьтта а хьаькхира царна. Царах гӀора доцурш берриш а, варрашна тӀе а ховшийна, шех хурма-диттийн гӀала олучу Ерихоне, церан вежарий болчу, дӀахьажийра, ткъа шаьш Шамран-гӀала юхабирзира уьш.
16
Цу хенахь Ахьаз-паччахьо Ашур-мехкан паччахьна тӀе геланчаш бахийтира, шена гӀо доьхуш,
17
хӀунда аьлча эдомхоша цул тӀаьхьа, схьа а богӀий, дуккха а долчу адамна етта а еттара, уьш йийсаре а буьгура.
18
ЯхӀуд-мехкан акъарешкара а, къилбехьара а йолчу гӀаланашна тӀелетира пӀелаштамхой. Байт-Шамаш, Айлон, Гадирут, Соха, Тамна, Гимзу гӀаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а, схьа а яьхна, царна чохь баха охьахевшира уьш.
19
ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз бахьана долуш иштта сийсаздаьккхира Везачу Эло ЯхӀудан халкъ, хӀунда аьлча иза, ЯхӀуд-махкахь зуламаш дар а магош, Везачу Элана чӀогӀа тешаме воцуш лелара.
20
Ашурхойн паччахь ТилгӀат-Пилнасар веара Ахьаз волчу, амма шегара гӀо хиларан метта, бале велира иза цунна.
21
ХӀунда аьлча Ахьаза Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а, элашкара а еза хӀуманаш, схьа а эцна, ашурхойн паччахье дӀаелира, амма и шадерг гӀоьнна ца хилира цунна.
22
Ур-атталла ша холчу хӀоьттинчу хенахь а Ахьаз-паччахь кхидӀа а Везачу Элана тешаме воцуш лелара.
23
Шена тӀехь толам баьккхинчу Дамасакхерачу деланашна лерина сагӀанаш дохура Ахьаза, хӀунда аьлча цо ойла йира: «Арамхойн паччахьийн деланаша царна гӀо дина хилча, аса а дохур ду царна сагӀанаш, цаьрга сайна гӀо дайтархьама», — аьлла. Амма и деланаш Ахьазана а, дерриг а Исраилан халкъана а эшамна хилира.
24
Делан цӀа чуьра пхьегӀаш дӀа а гулйина, уьш йохийра Ахьаза. Ткъа Везачу Элан цӀийнан неӀарш дӀа а къевлина, Ярушалаймехь массо а маьӀӀехь сагӀа доккху меттигаш йира цо.
25
ЯхӀуд-махкарчу ерриге а гӀаланашкахь кхечу деланашна сагӀа доккху гунаш а дина, шен дайн Дела волу Веза Эла дарвора цо.
26
Ахьазан кхидолчу гӀуллакхех а, цо лелийначух а лаьцна — дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц — яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь.
27
ТӀаккха Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Ярушалайм-гӀалахь дӀавоьллира, амма исраилхойн паччахьийн къуббанашкахь дӀа ца воьллира иза. Ахьазан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Яхьизакх-ЯхӀу.
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 29 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36