bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 12
2 Chronicles 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 13 →
1
Шен паччахьалла дӀа а хӀоттийна, ша чӀагӀвелча, РахьбуӀама а, цуьнца цхьаьна берриге а исраилхоша а Везачу Элан товрат-хьехам дӀатесира.
2
РахьбуӀама паччахьалла до пхоьалгӀа шо долуш, исраилхой Шех дӀабирзина Дела, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тӀелатийтира Везачу Эло.
3
Цхьа эзар ши бӀе гӀудалкх а, кхузткъа эзар дошло а валийра Шушакха шеца. Ткъа цо Мисарара далийна эскар-м дагар а ца далора. Царна юкъахь ливахой а, сукхихой а, хушахой а бара.
4
ЯхӀуд-махкара чӀагӀйина гӀаланаш схьа а яьхна, Ярушалайме веара Шушакх.
5
ТӀаккха РахьбуӀамна а, Шушакхах бевдда Ярушалаймехь гулбеллачу яхӀудхойн куьйгалхошна а тӀе ШамӀа-ЯхӀу-пайхамар веара. Цо цаьрга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аша Со дӀатесира, цундела Аса шу а, дӀа а тесна, Шушакхан кара дӀало“».
6
Исраилхойн куьйгалхоша а, паччахьо а, шаьш къинош летадарна къера а хилла, элира: «Бакъ ву Веза Эла!»
7
Къа леторна уьш къера хилар Шена гича, Везачу Элан хӀара дош кхечира ШамӀа-ЯхӀуга: «Шаьш къинош летадарна уьш къера хиларна, хӀаллакбийр бац Аса уьш, кестта кӀелхьар а бохур бу. Шушакхехула кхочушйийр яц Аса Ярушалаймана Сайн йолу оьгӀазалла.
8
Амма исраилхой Шушакхан ялхой хир бу, Суна гӀуллакх дарна а, лаьттарчу паччахьашна гӀуллакх дарна а юкъахь хӀун башхо ю царна хаийтархьама».
9
Ярушалаймана тӀе а летта, Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а ерриге а еза хӀума дӀаяьхьира мисархойн паччахьо Шушакха. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хӀума а дӀадаьхьнера.
10
Церан метта РахьбуӀам-паччахьо цӀестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цӀийнан ков лардечу гӀаролхойн хьаькамийн караделира.
11
Паччахь хӀоразза а Везачу Элан цӀа чу волуш, гӀаролхой, и турсаш схьа а оьций, цуьнца богӀура. Цул тӀаьхьа гӀаролхойн цӀа чу шен метте охьадохкура цара уьш.
12
РахьбуӀам къера хиларна, Везачу Элан оьгӀазло цунна тӀера дӀа а елира, Дала иза кхоччуш дакъаза а ца ваьккхира. Ткъа ЯхӀуд-махкахь дика гӀуллакхаш хуьлура.
13
Иштта, Ярушалаймехь, чӀагӀвелла дӀа а хӀоьттина, паччахьалла дира РахьбуӀама. Иза паччахь дӀахӀуттучу хенахь, цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло Шен цӀе цигахь хилийтархьама, Исраилан массо а тайпанех Везачу Эло схьакъастийначу Ярушалайм-гӀалахь вуьрхӀитта шарахь паччахьалла дира РахьбуӀама. Цуьнан ненан цӀе яра НаӀмат. Иза Ӏамминхо яра.
14
Шен дог Веза Эла лахарна тӀе ца дерзийна дела, зуламе дерг дора РахьбуӀама.
15
РахьбуӀам-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна, дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьххьарлерчунна тӀекхаччалц, яздина ду ШамӀа-ЯхӀу-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Ӏиду-пайхамаран а тептарш тӀехь, доьзалийн схьадаларх лаьцна долчу декъа тӀехь. РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь, уьш дийна мел бу, тӀом лаьттира.
16
РахьбуӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. РахьбуӀаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Аби-ЯхӀу.
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36