bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 16
2 Chronicles 16
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 17 →
1
Асас паччахьалла до ткъе ялхитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь БаӀша ЯхӀуд-махкана тӀелетира. Цо Рама-гӀала чӀагӀйира, цхьа а Аса-паччахьан лаьтта тӀера ара а, я цу тӀе а ца валийтархьама.
2
Везачу Элан а, паччахьан а цӀенойн хазнаш чуьра дети а, деши а, схьа а эцна, Дамасакхехь Ӏаш волчу Арам-мехкан паччахьна Бен-Хьадидана дахьийтира Аса-паччахьо. Цо Бен-Хьадиде бохура:
3
«Барт хуьлийла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса хьуна дети а, деши а доуьйту. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тӀегӀоьртина волчуьра дӀавалийтархьама».
4
Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгӀира Бен-Хьадида. Цо шен тӀеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гӀаланашна тӀелата. Цара толам баьккхира Ӏаюн а, Дан а, Абал-Майм а гӀаланашна а, Наптал-махкарчу тӀаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гӀаланашна а тӀехь.
5
И дерриг а шена хезча, Рама-гӀала чӀагӀъяр саца а дина, шен болх битира БаӀша-паччахьо.
6
Ткъа Аса-паччахьо массо а яхӀудхой схьагулбира. БаӀшас Рама-гӀала чӀагӀъеш лелош болу тӀулг а, дечиг а цигара арадаьккхира. Цаьрца Бен-Яманан ГибаӀ-гӀала а, МицӀпа-гӀала а чӀагӀйира Аса-паччахьо.
7
Цу хенахь яхӀудхойн паччахьна Асина тӀе Делера дерг гуш волу Хьанани веара. Цо Асе элира: «Хьайн Везачу Далла тӀетовжар а доцуш, хьо арамхойн паччахьна тӀетевжина дела, хьан карара дӀадели арамхойн паччахьан эскар.
8
Хушахой а, ливахой а хьан болчул сов ницкъ а, вуно дукха гӀудалкхаш а, дошлой а болуш бацара ткъа? Амма хьо Везачу Элана тӀетевжаш хилла дела, Цо уьш хьан карабеллера.
9
ХӀунда аьлча Везачу Элан бӀаьргаша дерриге а латта дӀалоцу, Шех дог тешна Ӏаш болчарна гӀо дархьама. Ахьа ойла ца еш хӀума дина хӀинца. И бахьана долуш хӀинца дуьйна тӀемаш бан дезар ду хьан».
10
Асас, аьллачунна эргӀа а ваьлла, Делера дерг гуш волчунна оьгӀаз а вахана, иза набахти чу воьллира. Иштта халкъана юкъара цхьацца болчу нахана ницкъ бора цо цу хенахь.
11
Аса-паччахьо динчу гӀуллакхех лаьцна, дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьххьарчунна тӀекхаччалц, яздина ду яхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь.
12
Асас паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, цуьнан когех цамгар кхийтира. И цамгар чӀогӀа кхетта йоллушехь, Везачу Элана тӀе а ца воьрзуш, лоьрашкара шена гӀо дар лийхира Аса-паччахьо.
13
ТӀаккха ша паччахьалла до шовзткъе цхьалгӀа шо долуш, Аса-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира.
14
Даудан гӀалахь йолчу шена кечйинчу къубби чохь дӀавоьллира Аса. Хаза хьожа йогӀучу хӀуманех а, тайп-тайпана хьакхарех а буьзначу барамна тӀе диллинера цуьнан дакъа. Асина лерина вуно йоккха цӀе латийра.
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 17 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36