bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 32
2 Chronicles 32
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 33 →
1
Везачу Элана тешаме а волуш, Хьузакх-ЯхӀус дина гӀуллакхаш чекхдевлча, ЯхӀуд-махка чугӀоьртира ашурхойн паччахь волу Санхьариб. ЧӀагӀйина гӀаланаш шена схьаяха дагахь, царна го бира цо.
2
Санхьариб, ЯхӀуд-махка чу а гӀоьртина, Ярушалаймана дуьхьал тӀом бан веана хилар шена гича,
3
Хьузакх-ЯхӀус, шен баьччанех а, тӀеман хьаькамех а дага а ваьлла, гӀалин арахула долу хин хьостанаш дӀадукъар юкъадалийра. Цара и дан гӀо дира Хьузакх-ЯхӀуна.
4
Дуккха а наха, гул а белла, кӀоштахула долуш долу хьостанаш а, оьхуш долу хиш а дӀадуькъира. Цара олура: «Кху метте шаьш баьхкича, хин шорто хӀунда каро еза ашурхойн паччахьашна?»
5
ГӀала чӀагӀъярхьама, иштта белхаш бира Хьузакх-ЯхӀус: доьхна долу пенаш а меттахӀиттийра, пенашна тӀехула бӀаьвнаш а хӀиттийра, чухуларчу пенна гонах кхин а пен а дӀахӀоттийра, Даудан гӀали чу йогӀуш йолу Милло цӀе йолу терхийн басенаш чӀагӀ а йира цо. Иштта дуккха а герз а, турсаш а кечдира цо.
6
Халкъана тӀехь тӀеман хьаькамаш хӀиттийра Хьузакх-ЯхӀус. ГӀалин кевнехь йолчу майданахь, халкъ шена тӀе а даладайтина, цуьнан дог а оьцуш, цо элира:
7
«ЧӀагӀлой, доьналла долуш хилалаш! Ашурхойн паччахьах а, цуьнца долчу доккхачу эскарх а кхера а ма лолаш, ийза а ма лолаш, хӀунда аьлча вайца дерг дуккха а ницкъ болуш ду, цаьрца долчул.
8
Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гӀо а деш, вайн дуьхьа тӀом а беш волу». ТӀаккха яхӀудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхӀун дешнаша халкъ чӀагӀдира.
9
Цул тӀаьхьа ашурхойн паччахьо Санхьариба шен хьаькамаш Ярушалайме яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна а, Ярушалаймехь болчу массо а яхӀудхошна а тӀехьовсийра. Ткъа иза ша, шеца долчу эскарца Лахиш-гӀалина го а бина, цунна дуьхьал тӀом беш вара. Цо шен хьаькамашка хӀара алийтира:
10
«Иштта боху шуьга ашурхойн паччахьо Санхьариба: „Шена го бина йолчу Ярушалайм-гӀалахь виссал хьан бӀобулуш дерг хӀун ду те?
11
Мацаллех а, хьогаллех а шу далийтархьама, шуьга: ‘Вайн Везачу Дала вай кӀелхьардохур ду ашурхойн паччахьах’, — бохуш, шу ледой те Хьузакх-ЯхӀус?
12
ЯхӀудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: ‘СагӀа доккхучу цхьана кхерчана хьалха бен Ӏибадат а ма де, цунна тӀехь бен сагӀина дийнаташ а ма дагаде’, — бохуш, оцу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀадаьхна волу Хьузакх-ЯхӀу вац ткъа иза?
13
Шуна ца хаьа ткъа аса а, сан дайша а кхечу мехкийн къаьмнашна динарг? Оцу къаьмнийн деланашка сан карара кӀелхьардахалур дарий ткъа шайн мехкаш?
14
Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн массо а деланех шен халкъ сан карара хьаьнга кӀелхьардаккхаделира? Шун Дала сан карара муха кӀелхьардохур дара шу?
15
Ткъа хӀинца Хьузакх-ЯхӀуга шаьш иштта Ӏеха а ма дайта, ле а ма дайта. Ма тешалаш цунах. Нагахь санна цхьана а къоман а, цхьана а пачхьалкхан а, цхьана а делан а сан карара а, сан дайн карара а шен халкъ кӀелхьардаккха ницкъ кхаьчна ца хилча, шун Дала а дохур дац шу сан карара“».
16
Кхин а дуккха бехира Санхьарибан хьаькамаша Везачу Далла а, Цуьнан ялхо волчу Хьузакх-ЯхӀуна а дуьхьал долу дешнаш.
17
Иштта, Исраилан Веза Дела емал а веш, кехаташ а яздора Санхьариба, Цунна дуьхьал хӀара дешнаш а далош: «Кхечу мехкашкахь дехачу къаьмнийн деланашка шайн халкъаш сан карара дӀа ца дахадаларе терра, Хьузакх-ЯхӀун Деле а кӀелхьардаккхалур дац Шен халкъ сан карара».
18
Пенан тӀехуленна тӀедаьлла лаьтта Ярушалайман халкъ кхера а дина, оза а далийтина, гӀала схьаяккхархьама, яхӀудхойн маттахь чӀоггӀа маьхьарий хьоькхура цара.
19
Ярушалайман Делах лаьцна а олура цара, Иза а адамийн куьйга бинчу лаьттахь дехаш долчу кхечу къаьмнийн деланех тарвеш.
20
Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро а, доӀа а дина, оцу гӀуллакхах лаьцна стигала хьала кхайкхам бира.
21
ТӀаккха Везачу Эло малик даийтира. Ашурхойн паччахьан меттаматтахь болу массо а майра эскархой а, эскаран хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а хӀаллакбира цо. Санхьариб, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, шен махка юхавирзира. Шен делан цӀа чу ваьлча, цуьнан шен тӀаьхьенах болчара, тур а тоьхна, вийра иза.
22
Иштта кӀелхьарбехира Везачу Эло Хьузакх-ЯхӀу а, Ярушалайман бахархой а ашурхойн паччахьан Санхьарибан а, кхечу къаьмнийн а карара. Везачу Эло массо а агӀор паргӀато а елира царна.
23
ТӀаккха дуккхаммо а Ярушалайме Везачу Элана лерина совгӀаташ а, яхӀудхойн паччахьна еза хӀуманаш а еара. Цул тӀаьхьа массо а къаьмнашна хьалха хьаладелира Хьузакх-ЯхӀун сий.
24
Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Хьузакх-ЯхӀус Везачу Эле доӀа дича, тамашийна билгало ярца Цо жоп делира цунна.
25
Амма шена динчу диканан ларам ца бира Хьузакх-ЯхӀус, хӀунда аьлча дог курадаьллера цуьнан. ТӀаккха Дала цунна а, ЯхӀудан къомана а, Ярушалайман бахархошна а Шен оьгӀазалла тӀеяийтира.
26
Амма Хьузакх-ЯхӀу ша а, Ярушалайман бахархой а шаьш лах а беш, шайн деган кураллех юхабевлча, Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла дечу заманчохь Везачу Эло Шен оьгӀазалла ца йира царна.
27
Хьузакх-ЯхӀун дуккха а хьал а дара, иза чӀогӀа сийлахь а вара. Дети а, деши а, деза тӀулгаш а, хаза хьожа йогӀу хьакхарш а, турсаш а, массо а тайпана еза пхьегӀаш а чуйохку гӀишлош кечйира цо.
28
Иштта лаьтто луш долу сурсаташ: кӀа а, чагӀар а, даьтта а чудилла чоьнаш кечйира цо. Массо а тайпана бежанаш чудохка божалш кечдира, жа латто керташ а нисйира.
29
ГӀаланаш а дӀахӀиттийра цо шена. Жаш а, хьайбанаш а вуно дукха дара Хьузакх-ЯхӀун, хӀунда аьлча Дала дуккха а хьал деллера цунна.
30
Иштта, лакхахула дӀадоьду Гихьон-хи, дӀа а къевлина, иза Даудан гӀалин малхбузехьа агӀор охьадахийтира Хьузакх-ЯхӀус. Ша мел дечу гӀуллакхаш тӀехь кхиамаш хуьлура Хьузакх-ЯхӀун.
31
ЯхӀуд-махкахь хиллачу билгалонах хаттар дан Бавел-мехкан куьйгалхоша хьажийна геланчаш баьхкинчу хенахь, Хьузакх-ЯхӀу зен а зийна, цуьнан дагахь мел дерг хаархьама бен дӀа ца тесира Дала иза.
32
Хьузакх-ЯхӀух кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — Везачу Элана иза чӀогӀа тешаме хиларх лаьцна — дӀаяздина ду «Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарна дуьхьалхӀоттийна сурт» цӀе йолчу а, «ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн хилларш» цӀе йолчу а тептарш тӀехь.
33
Хьузакх-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шайн дайх дӀакхийтира. Дауд-паччахьах схьабевллачеран къуббанаш йолчу гу тӀехь дӀавоьллира иза. Иза велча, ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а массо а бахархоша цуьнга болчу ларамца дӀаверзийра Хьузакх-ЯхӀу. Хьузакх-ЯхӀун метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Маннаш.
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 33 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36