bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 22
2 Chronicles 22
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 23 →
1
Ярушалайман бахархоша ЯхӀураман жимаха волу кӀант Ахьаз-ЯхӀу цуьнан метта паччахь дӀахӀоттийра. ХӀунда аьлча, уьш бехачу метте Ӏаьрбихойн ардангаш а яьхкина, Ахьаз-ЯхӀул воккхах волу массо а ваша вийнера. Иштта, яхӀудхойн паччахьан ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу паччахьалла дан волавелира.
2
Ахьаз-ЯхӀу паччахь хӀоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ӏатал-ЯхӀу яра. Иза исраилхойн Ӏумари-паччахьан кӀентан йоӀ яра.
3
Ахьаз-ЯхӀу а Ахьабан цӀийнах болчийн некъа тӀе велира, хӀунда аьлча цуьнан нанас харцахьара гӀуллакхаш дарна хьехарш дора цунна.
4
Везачу Элан лаамехь доцу гӀуллакхаш леладора Ахьаз-ЯхӀус а, Ахьабан цӀийнах болчара лела ма-дарра, хӀунда аьлча, Ахьаз-ЯхӀун да дӀаваьлчхьана дуьйна, цуьнан хьехамчий хилира царах. Оцу бахьаненна цунна бохам хилла.
5
Иштта, церан хьехаршка ла а доьгӀна, исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кӀантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тӀом бан вахара Ахьаз-ЯхӀу. Иза ГалӀадерчу Рамат-гӀалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира.
6
Иза тӀамера юхавирзира, Рамат-гӀалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь, шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраӀал-гӀалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу а веанера ИзраӀал-гӀала, цомгуш волу Ахьабан кӀант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама.
7
Йорам волчу вар Ахьаз-ЯхӀуна Делера болчу бохамца дирзира. Ша схьавеача, иза Йорамаца цхьаьна Везачу Эло Ахьабан цӀа хӀаллакдан къобалвинчу Нимшайн кӀантана ЯхӀуна дуьхьалвелира.
8
Ша Ахьабан цӀенна кхел ечу хенахь ЯхӀуна яхӀудхойн элий а, Ахьаз-ЯхӀун вежарийн бераш а карийра цигахь. Уьш Ахьаз-ЯхӀуна хьалхара гӀуллакхаш деш бара. ЯхӀус уьш байира.
9
ЯхӀус Ахьаз-ЯхӀу схьалахар тӀедиллира. Цара Шамран-гӀалахь къайлаваьлла лелаш волу Ахьаз-ЯхӀу, схьа а лаьцна, ЯхӀуна тӀе а валийна, вийра. Цара Ахьаз-ЯхӀу, дӀа а воьллина, дӀаверзийра, хӀунда аьлча цунах лаьцна бохура: «Иза шен дерриге а доггах Веза Эла лехначу ЯхӀушаптин кӀентан кӀант ма вара». Ткъа яхӀудхошна тӀехь паччахьалла далур долуш Ахьаз-ЯхӀун цӀийнах цхьа а стаг ца виснера.
10
Шен кӀант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхӀун нанас Ӏатал-ЯхӀус сацам бира, ЯхӀудан цӀийнан паччахьан тӀаьхьенах верг массо а хӀаллакван.
11
Амма ЯхӀурам-паччахьан йоӀа ЯхӀу-ШебаӀата Ахьаз-ЯхӀун кӀант Юаш, паччахьан байа дезачу кӀенташна юкъара схьа а эцна, дӀавигира. И кӀант а, иза вакхош йолу зуда а дӀавуьжучу цӀа чу дигира цо. Цу тайпана динан ден ЯхӀу-ЯдаӀан зуда а, ЯхӀурам-паччахьан йоӀ а йолу, Ахьаз-ЯхӀун йиша а йолчу ЯхӀу-ШебаӀа Ӏатал-ЯхӀух къайлаваьккхира Юаш. Цундела цо иза ца вийра.
12
Ялх шарахь, Ӏатал-ЯхӀус цу махкахь паччахьалла деш йолчу хенахь, оцу нахаца цхьаьна Делан цӀийнан кертахь къайлаваьккхина латтийра иза.
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 23 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36