bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 17
2 Chronicles 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 18 →
1
Асин метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀушапти. Иза исраилхошна дуьхьал чӀагӀвелла дӀахӀоьттира.
2
ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйина дӀахӀоттийначу ерриге а гӀаланашкахь эскарш дӀахӀиттийра цо. Иштта ЯхӀуд-мехкан а, цуьнан дас Асас шен дола баьхна хиллачу Эпрайм-мехкан гӀаланашкахь а эскаран тобанаш дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис.
3
Ша паччахьалла дан волавеллачу юьхьарчу хенахь шен дайх волу Дауд хьалха лелла хиллачу некъашкахула а лелаш, ЯхӀушапти БаӀалан цӀушна тӀаьхьа ца хӀоьттина дела, цуьнца Веза Эла вара.
4
ЯхӀушаптис, исраилхоша лелориг а ца лелош, шен ден Дела а лоьхура, иза Цуьнан весеташца а лелара.
5
Везачу Эло ЯхӀушаптин карахь йолу пачхьалкх чӀагӀйира. ЯхӀудхоша массара а ЯхӀушаптина совгӀаташ кхоьхьура. Цуьнан дуккха а хьал а дара, сийлалла а лакхаделира.
6
Везачу Элан некъахула лела даггара тӀевирзина вара ЯхӀушапти. ЯхӀуд-махкара сагӀа доккху гунаш а, Ашера-далла лерина болу дечиган бӀогӀамаш а дӀадехира цо.
7
Ша паччахьалла дечу кхоалгӀачу шарахь баьччанаш болу Бен-Хьайл, Ӏабди-ЯхӀу, Закри-ЯхӀу, Натунаил, Мика-ЯхӀу яхӀудхойн гӀаланашкахула халкъана хьехамаш бан бахийтира ЯхӀушаптис.
8
Цаьрца цхьаьна хӀара левихой бахийтира цо: ШамӀа-ЯхӀу, Натан-ЯхӀу, Забди-ЯхӀу, ӀасахӀал, Шамирамути, ЯхӀуната, Адан-ЯхӀу, ТӀуби-ЯхӀу, ТӀуба-Адан-ЯхӀу. Иштта динан дай болу Эли-ШамаӀ а, Йорам а вахийтира ЯхӀушаптис цаьрца.
9
Везачу Элан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар карахь а долуш, хьоьхура цара ЯхӀуд-махкахь. ЯхӀуд-махкарчу ерриге а гӀаланашкахула чекх а буьйлуш, халкъана хьехарш дора цара.
10
ЯхӀушаптина дуьхьал тӀом ца бечу ЯхӀуд-махкана гонахарчу пачхьалкхашна тӀехь Везачу Элан кхерам бара.
11
ПӀелаштамхошкара совгӀаташ а, йолана дети а дахьара ЯхӀушаптина. Ӏаьрбихоша жа даладора цунна: ворхӀ эзар ворхӀ бӀе уьстагӀ а, ворхӀ эзар ворхӀ бӀе бож а.
12
ЯхӀушаптин хьал алсамдолуш дара. ЯхӀуд-махкахула цо гӀепаш а, тӀаьхьалонна долу хӀума дӀадуьллу гӀаланаш а йира.
13
ТӀаьхьалонна дӀадиллина дуккха а хӀума дара ЯхӀушаптин яхӀудхойн гӀаланашкахь. Ткъа Ярушалаймехь доьналла долу дуккха а тӀемалой а бара цуьнан.
14
Иштта ю тӀемалойн тобанаш, церан доьзалшка хьаьжжина. ЯхӀудан тайпанарчу эзар тӀемалочунна тӀехь болу хьаькамаш хӀорш хилла: хьаькам волу Ӏадани а, цуьнан кхо бӀе эзар майра тӀемало а;
15
хьаькам волу ЯхӀу-Хьана а, цуьнан ши бӀе везткъа эзар тӀемало а;
16
хьаькам волу а, Везачу Элан дуьхьа шен дахар тӀеман гӀуллакхна къобалдина волу а Зикрин кӀант Ӏамси-ЯхӀу а, цуьнан ши бӀе эзар майра тӀемало а.
17
Бен-Яманан тайпанара хьаькамаш хӀорш хилла: майра тӀемало волу ЭлидаӀ а, шайн карахь секхаӀедаш а, каралоцу турсаш а долу цуьнан ши бӀе эзар тӀемало а;
18
хьаькам волу ЯхӀу-Забди а, карахь герз лелош волу цуьнан цхьа бӀе везткъа эзар тӀемало а.
19
Уьш бара Ярушалайм-гӀалахь паччахьна гӀуллакх до тӀемалой. Берриге а ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу гӀаланашкахь паччахьо дӀахӀиттийна хиллачу тӀемалойл сов бара уьш.
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36