bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 21
2 Chronicles 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 22 →
1
ЯхӀушапти, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гӀалахь, дӀавоьллира. ЯхӀушаптин метта паччахь хилира цуьнан кӀант ЯхӀурам.
2
ЯхӀушаптин кӀентий болу Ӏазар-ЯхӀу, Яхьиал, Закри-ЯхӀу, Ӏазар-ЯхӀу, Микаал, Шапат-ЯхӀу ЯхӀураман вежарий бара. Уьш берриш а исраилхойн паччахьан ЯхӀушаптин кӀентий бара.
3
Дас царна даккхий совгӀаташ динера, дети а, деши а, деза тӀулгаш а луш. Иштта ЯхӀуд-махкара чӀагӀйина гӀаланаш а еллера цо царна. Ткъа паччахьалла дар цо ЯхӀураме деллера, иза шен дуьххьарлера кӀант волу дела.
4
Шен ден метта паччахь а хилла, цу даржехь ЯхӀурам чӀагӀвелла дӀахӀоьттича, берриг а шен вежарий а, исраилхойн элех болу цхьаберш а туьраца байира цо.
5
ЯхӀураман ткъе шийтта шо дара, иза яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттича. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира.
6
Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цӀийнах берш ма-леллара, хӀунда аьлча Ахьабан йоӀ цуьнан зуда яра. ЯхӀурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.
7
Делахь а, Даудаца Ша бина болу барт бахьана долуш, Даудан цӀа дакъазадаккха ца лаьара Везачу Элана. Цуьнан тӀаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чӀагӀо ма йинера Везачу Эло.
8
ЯхӀурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхӀудан халкъан карара кӀелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дӀахӀоттийра.
9
ЯхӀурам шен ерриге гӀудалкхашца а, шен тӀеман хьаькамашца а цига вахара. Иза, буьйсанна тӀе а гӀоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гӀудалкхашна тӀехь болчу церан хьаькамашна а тӀелетира.
10
Эдоман халкъ таханлерчу денна тӀекхаччалц яхӀудхойн карара дӀадалларх иштта Ӏаш ду. Оццу заманахь Либна-гӀала а яхӀудхошна дуьхьалъяьллера, хӀунда аьлча ЯхӀурама шен дайн Дела волу Веза Эла дӀатеснера.
11
ЯхӀудан лаьмнаш тӀехь цӀушна Ӏамал ян гунаш а хӀиттийна, Ярушалайман бахархой а, Делах дӀа а берзийтина, кхечу деланашца Ӏамал еш лелийтира ЯхӀурама. Иштта яхӀудхой а Ӏехабалийтира цо.
12
ЯхӀураме Эли-ЯхӀу-пайхамарера кехат деара. Цу тӀехь аьлла дара: «Иштта боху хьан дайн да хиллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: „Хьайн ден ЯхӀушаптин а, яхӀудхойн паччахьан Асин а некъа тӀе валаран метта,
13
ахьа, исраилхойн паччахьийн некъа тӀе а ваьлла, яхӀудхой а, ярушалаймхой а кхечу деланашца лелийтина, Ахьабан цӀийно халкъ цӀушца ма-леллийтара. Кхин а хьайн ден цӀенна тӀера хьайл гӀолехь болу хьайн вежарий а байина ахьа.
14
И бахьана долуш Везачу Эло боккха бохам бийр бу хьан халкъана а, хьан кӀенташна а, хьан зударшна а, хьан хьолана а.
15
Ткъа хьуна хьайна а таӀзар дийр ду, чӀогӀа цамгар а кхетийтина, хьан кийрахь мел йолу хӀума а, де дийне мел дели, и цамгар бахьана долуш дегӀах дӀа а къаьстина, охьаюжур ю“».
16
Иштта Везачу Эло пӀелаштамхой а, хушахошна уллохь бехаш болу Ӏаьрбихой а карзахбехира, уьш ЯхӀурамна дуьхьал бахархьама.
17
Цара, яхӀудхошна тӀе а гӀоьртина, чу а бахана, паччахьан цӀера, массо а хӀума дӀа а эцна, ЯхӀураман кӀентий а, зударий а дӀабигира. Цуьнан кӀентех жимаха волу цхьа Ахьаз-ЯхӀу воцург, кӀант ца висира ЯхӀураман.
18
Цул тӀаьхьа ЯхӀураман кийрахь мел йолчу хӀуманна дӀа ца йоьрзу цамгар туьйхира Везачу Эло.
19
Иштта де дийне мел дели, цамгаро эшош, кӀелвитира иза. Ткъа шолгӀа шо чекхдолуш, оцу цамгаро цуьнан кийрахь мел йолу хӀума цунах дӀакъастийра. Цу цамгаро къиза хьийза а вина, ЯхӀурам велира. Шен дайшна латош ма-хиллара, ЯхӀурамна лерина йоккха цӀе ца латийра халкъо.
20
ЯхӀурам паччахь дӀахӀуттуш, цуьнан ткъе шийтта шо дара. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цхьа а цунах велха а ца воьлхуш, иза дӀакхелхира. Паччахьийн къуббанашкахь а ца вуллуш, Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза.
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36