bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 14
2 Chronicles 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 15 →
1
Аби-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Аби-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Аса. Цо паччахьалла динчу заманчохь махкахь итт шарахь машар лаьттира.
2
Аса-паччахьо шен Везачу Далла дика а, нийса а хеташ долу гӀуллакхаш дора.
3
Хийрачу деланашна сагӀа доккху меттигаш а, царна Ӏибадат дан билгалдаьхна гунаш а дӀадехира Асас. Иштта харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а дохийра цо, Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хедийра.
4
Шайн дайн Дела волу Веза Эла лахар а, Цуьнан товрат-хьехамаш а, весеташ а лардар а тӀедиллира Асас яхӀудхошна.
5
Иштта массо а яхӀудхойн гӀаланашкахь кхиболчу деланашна Ӏибадат дан билгалдаьхна гунаш а, цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш а дӀаехира цо. Аса паччахь волчу юкъана пачхьалкх маьрша яра.
6
ЯхӀуд-махкахь йолу гӀаланаш, чӀагӀйина, дӀахӀиттийра, мохк цу хенахь маьрша болу дела. Цу шерашкахь Асин махкахь тӀом бацара, Везачу Эло цунна маршо елла дела.
7
Асас яхӀудхошка элира: «ХӀара гӀаланаш, дӀа а хӀиттийна, царна гонах пенаш дийр ду вай, шайна тӀехь бӀаьвнаш а йолуш. Иштта кевнаш а дийр ду, царна тӀе гӀораш а дохкуш. ХӀара латта хӀинца а вайн долахь ду, хӀунда аьлча вайн Веза Дела вай лийхира. Вай Иза лехна дела, Цо вайна массо а агӀор маршо а елла». Цара гӀаланаш а дӀахӀиттайора, церан кхиамаш а хуьлура.
8
Аса-паччахьан иштта эскар дара: ЯхӀудан тайпанах карахь даккхий турсашший, гоьмукъашший долу кхо бӀе эзар тӀемало а, Бен-Яманан тайпанах карахь кегий турсаш долу а, пхерчий кхуьссуш волу а ши бӀе везткъа эзар тӀемало а. Уьш массо а майра тӀемалой бара.
9
Царна тӀамца дуьхьалвелира хушахо волу Зерахь. Цуьнан эзарнашкахь-эзарнаш болу тӀемалой а, кхо бӀе гӀудалкх а яра. Иза Мареша-гӀала кхаччалц дӀавахара.
10
Аса-паччахьо, тӀамца цунна дуьхьал а ваьлла, шен эскар Мареша-гӀалина уллорачу Цепата олучу тогӀи чохь дӀахӀоттийра.
11
Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гӀорасиза волчунна гӀо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гӀо дехьа тхуна, хӀунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цӀарах хӀокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол».
12
Асина а, яхӀудхошна а хьалха эшийра Везачу Эло хушахой. Уьш бевдира.
13
Аса-паччахь а, цуьнца долу эскар а ГӀарар-гӀала кхаччалц царна тӀаьхьаделира. Кхин юхаметта ца хӀоттал дукха бара хушахойх хӀаллакбинарш. Везачу Элана а, Цуьнан эскарна а хьалха бохийнера уьш. ЯхӀудхоша шайна шортта хӀонс яьккхира.
14
Иштта ГӀарарна гонах йолу гӀаланаш а йохийра цара, хӀунда аьлча Везачу Элера къемат доьссинера царна тӀе. Оцу массо а гӀаланашкара хӀонс араяьккхира цара, хӀунда аьлча царна чохь дуккха а хӀума яра.
15
ЖаӀуйн четаршна тӀе а летта, шайца дуккха а жаш а, эмкалш а ялош, Ярушалайме юхабирзира уьш.
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36