bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 13
2 Chronicles 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 14 →
1
ЯрбаӀама исраилхошна тӀехь паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, Аби-ЯхӀу яхӀудхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира.
2
Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Аби-ЯхӀун ненан цӀе МаӀха яра. Иза гебаӀхо волчу Уриалан йоӀ хилла. Аби-ЯхӀуна а, ЯрбаӀамна а юкъахь тӀом бара.
3
Аби-ЯхӀус шен эскар тӀаме арадаьккхира. Цу эскарехь виъ бӀе эзар майра тӀемало вара. Ткъа ЯрбаӀам, шеца бархӀ бӀе эзар майра тӀемало а валош, тӀамца цунна дуьхьалвелира.
4
Эпрайм-лаьмнашкарчу ЦӀемарайм олучу цхьана гу тӀе а ваьлла, Аби-ЯхӀус бохура: «ЯрбаӀам а, массо а исраилхо а, ладогӀийша соьга!
5
Шуна хууш дац ткъа, Исраилан Дела волчу Везачу Эло Даудана а, цуьнан тӀаьхьенах болчарна а Исраилна тӀехь паччахьалла дар гуттаренна а делла дуйла, туьхана тӀехь чӀагӀбина болу барт барца?
6
Амма Даудан кӀентан Сулиман ялхо волчу НабатӀан кӀант ЯрбаӀам, карзах а ваьлла, шен олахочунна дуьхьалваьлла.
7
Эхь доцу, баьсса нах ЯрбаӀамна гонах а бевлла, Сулиман кӀантана РахьбуӀамна дуьхьал а бевлла, чӀагӀбелира. Ткъа къона а, дагна кӀеда а волу РахьбуӀам царна дуьхьал ца латтавелира.
8
ХӀинца шаьш вуно дукха долу дела а, ЯрбаӀама шун деланаш бина долу дашо эсий шайца долу дела а, Даудан тӀаьхьенах болчеран карахь йолчу Везачу Элан пачхьалкхана дуьхьал шаьш латталур ду моьттуш хир ду шу?
9
Ткъа аша лелхийна бац левихой а, АхӀаронан тӀаьхьенах болу Везачу Элан динан дай а, шайна юкъара динан дай дӀа а хӀиттийна, кхечу мехкашкарчу къаьмнаша уьш шайна юкъара дӀахӀиттош ма-хиллара? Ша къобалвайта эса а, ворхӀ ка а бахьаш веана волу милла а, харцделанийн динан да а вой, дӀахӀоттаво аша.
10
Ткъа тхох лаьцна аьлча — Веза Эла ву тхан Дела. Оха Иза дӀа а ца тесира. Везачу Элана лерина гӀуллакхаш кхочушдеш болу динан дай АхӀаронан тӀаьхьенах бу, ткъа левихоша царна гӀо до церан балха тӀехь.
11
Цара хӀора Ӏуьйранна а, суьйранна а дийнаташ дагоран сагӀа а доккху, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайо, Далла гергахь цӀанйинчу стоьла тӀе моггӀара бепиг охьа а дуьллу, хӀора суьйранна дашочу стогарна чуьра къуьданаш а латабо. Цу тайпана вайн Везачу Дала тӀедиллинарг оха кхочушдо, ткъа аша Иза дӀатесна.
12
Хьажал шайна, Дела Ша ву тхан куьйгалхо, ткъа Цуьнан динан дай кийчча лаьтташ бу, шайн турбанашца орца даккхар хазийта, шуна дуьхьал тӀом бархьама. Исраилхой! Шайн дайн Дела волчу Везачу Элаца тӀом ма белаш, хӀунда аьлча цу тӀехь шун толам хир бац».
13
Амма и бохучу хенахь ЯрбаӀама шен тӀемалой бахийтинера тӀехьахула яхӀудхошна кӀело ян. Иштта, ша яхӀудхошна хьалха а хуьлуш, ткъа кӀело ян бахийтинарш царна тӀехьа а хуьлуш, нисвелира ЯрбаӀам.
14
ЯхӀудхой юхахьаьжира — царна хьалха а, тӀехьа а дӀабоьдуш тӀом бара. Уьш Везачу Эле кхайкхира, ткъа динан дайша турбанаш лекхира.
15
ЯхӀудхоша тӀеман цӀогӀа туьйхира. Цара цӀогӀа тоьхча, Аби-ЯхӀуна а, яхӀудхошна а хьалха ЯрбаӀам а, берриге исраилхой а Дала эшийна дӀабехира.
16
Исраилхой яхӀудхойх дӀабевдира. Дала уьш яхӀудхойн карабахийтира.
17
Аби-ЯхӀус а, цуьнан эскаро а боккха эшам бира исраилхошна — царах тоьлла волу пхи бӀе эзар тӀемало велира.
18
Иштта цу дийнахь исраилхой сийсазбинера, ткъа яхӀудхошка толам баккхийтинера, уьш шайн дайн Дела волчу Везачу Элах тешна лелаш хилла болу дела.
19
ЯрбаӀамна тӀаьхьа а ваьлла, цхьайолу цуьнан гӀаланаш схьаехира Аби-ЯхӀус: Бетал-гӀала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Ишана-гӀала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Ӏепрайн-гӀала а, цуьнца йоьзна ярташ а.
20
Аби-ЯхӀу дийна волчу ханна кхин чӀагӀ ца делира ЯрбаӀаман олалла. Везачу Эло вожийна, иза велира.
21
Ткъа Аби-ЯхӀун паччахьалла чӀагӀделира. Цо шена ейтта зуда ялийра. Цуьнан ткъе шиъ кӀант, ялхитта йоӀ хилира.
22
Аби-ЯхӀун кхидолчу хӀуманех лаьцна — цо мел лелийначух а, цо мел аьллачух а лаьцна — яздина ду Ӏиду-пайхамаран хьехамечу тептар тӀехь.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36