bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 10
Acts 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 11 →
1
Кхесрин-гӀалахь Ӏаш вара Корнил цӀе йолу цхьа стаг. Иза Италера полкан эпсар вара.
2
Иза ша а, цуьнан доьзал а суьпа а, Делах кхоьруш а нах бара. Цо мискачу нахана сагӀа а лора, гуттар а Деле доӀанаш а дора.
3
Цкъа цхьана дийнахь делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долуш Корнилна сурт хӀоьттира. Цунна дика къаьсташ Делан малик гира. ХӀара волчу а деана, малико элира: «Корнил!»
4
Кхеравелла, цуьнга дӀахьаьжира Корнил. «ХӀун боху ахьа, Эла?» — хаьттира цо. Малико жоп делира: «Хьан доӀанашна а, сагӀанашна а Дала жоп делла.
5
Яппи-гӀала нах а бахийтий, шех Кипа олучу ШамӀе схьакхайкха.
6
ЦӀокарчашна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь, хӀорда йистехь сецна хьуна иза».
7
Шеца къамел дина малик дӀадахча, Корнила шина ялхочуьнга а, ша куьйгалла дечу, Делах кхоьручу цхьана тӀемалочуьнга а схьакхайкхира.
8
Дерриге а хилларг а дийцина, уьш Яппи-гӀала бахийтира цо.
9
ШолгӀачу дийнахь бахийтинарш гӀалин йисте кхочуш, Кипа доӀа дан цӀийнан нийсачу тхов тӀе хьалавелира.
10
Мац а велла, яа хӀумане сатесира цо. Чохь болчара кхача кечбечу муьрехь шовкъ еара цунна.
11
Еллаелла стигал а, еа маьӀӀера дӀалаьцна, лаьтта охьайоуьйтуш йоккхачу шаршух тера йолу цхьа хӀума а гира цунна.
12
Цу шаршу юкъахь биъ ког болу тайп-тайпана дийнаташ а, текхаргаш а, олхазарш а дара.
13
Юха цхьана озо элира цуьнга: «Кипа, хьала а гӀаттий, яйа а яйий, яа уьш», — аьлла.
14
Амма Кипас элира: «Ма ала иза соьга, Веза Эла! Ас цкъа а ца йиъна хьарам йолу хӀума».
15
ТӀаккха озо кхин цкъа а элира: «Дала магийтина хӀума хьарам ма хета».
16
Иштта кхузза хилира, тӀаккха цу сохьта шаршу юха а стигала хьалаяьхьира.
17
Кипа ойла еш лаьттара, шена хӀоьттина сурт хӀун маьӀна долуш ду те бохуш. Цу хенахь Корнила бахкийтина нах, ШамӀин цӀенош а карийна, кевнна хьалха севцира.
18
Мохь а тоьхна, хаьттира цара: «Шех Кипа олу хьаша ШамӀа вуй кхузахь?» — аьлла.
19
Кипа, дӀа а хӀоьттина, шена гиначу суьртах ойла еш вара. ТӀаккха Делан Сино элира цуьнга: «ШамӀа, хьо лоьхуш кхо стаг ву.
20
Хьала а гӀаттий, лаха чувосса. Шек а ца волуш, цаьрца дӀагӀо, хӀунда аьлча уьш Ас бахкийтина бу».
21
Кипас, чу а воьссина, элира цу нахе: «Аша лоьхург со ву. ХӀунда даьхкина шу?» — аьлла.
22
Цара жоп делира: «Тхо дахкийтинарг эпсар Корнил ву. Иза цӀена а, Делах кхоьруш а стаг ву, массо а жуьгташа лара а лоруш. Делан малико аьлла цуьнга, хьо шен цӀа чу кхайкха аьлла, ахьа дуьйцучуьнга ладогӀархьама».
23
ТӀаккха Кипас, уьш чу а кхайкхина, хьошалла дира царна. ШолгӀачу дийнахь Кипа а, Яппи-гӀалара кхин масех динан ваша а цу нахаца дӀавахара.
24
Кхин цхьа де даьлча, уьш Кхесрин-гӀала кхечира. Корнил цаьрга хьоьжуш Ӏаш вара, шен гергарчу нахе а, уллорачу доттагӀашка а кхайкхина.
25
Кипа чоьхьа ваьлча, Корнил, цунна дуьхьал а веана, цуьнан когашка гора вуьйжира.
26
«ХьалагӀатта, — элира цуьнга Кипас, — со хьо санна адам ма ду».
27
Корнилаца къамел а деш, Кипа цӀа чу вахара. Чохь гулделла дуккха а адам дара.
28
Кипас элира цаьрга: «Шуна дика хаьа, жуьгтичунна кхечу къомах болчу нахаца къамел дан а, церан чу ваха а дихкина дуйла. Амма Дала элира соьга, ас цхьа а хьарам лара ца веза аьлла.
29
Цундела сайна тӀаьхьа нах бахкийтича, со, дуьхьало ца еш, схьавеана. ХӀинца пурба лойша шайга хатта: хӀунда кхайкхина аша соьга?»
30
Корнила жоп делира: «Кхо де хьалха хӀокху хенахь сайн чохь ламаз деш вара со, делкъал тӀаьхьа кхо сахьт даьллера. ЦӀеххьана суна хьалха къегаш духар а дуьйхина стаг хӀоьттира.
31
„Корнил, — элира цо, — Дала хьан доӀанашна а, мискачарна деллачу сагӀанашна а жоп делла.
32
Кипа олучу ШамӀе кхайкха нах бахийта. Иза хӀорда йистехь Ӏаш волчу цӀоканашна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь ву хьуна“.
33
Ас цу сохьта хьуна тӀаьхьа нах бахкийтира. Дика ду хьо веана. ХӀинца вай массо а Далла уллохь ду, хьоьга дерриге а Цо тхоьга схьаала тӀедиллинчуьнга ладогӀархьама».
34
Кипа дийца волавелира: «ХӀинца хаьа суна Дела билггала озабезам ца беш вуйла.
35
Цо массо а къомах болу нах тӀеоьцу, нагахь уьш Иза лара а лоруш, нийсо лелош белахь!
36
Шуна хаьа хир ду Дала Исраилан халкъана бахьийтинчу кхоах лаьцна. Массеран а Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Делаца бинчу бартах лаьцна бу и хаза кхаъ.
37
37-38 Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тӀаьхьа Назартара Ӏийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТӀаккха Ӏийса Галилайра дӀаволавелла, берриге а ЯхӀуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тӀехь долу нах тобеш а, хӀунда аьлча Цуьнца Дела вара.
38
***
39
Ӏийсас жуьгтийн махкахь а, Ярушалаймехь а динарг ган а гина, цуьнан тешаш ду тхо. Иза вийра, дечигах хьала а оьллина,
40
амма Дала веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвира. Ӏийса Делан лаамца нахана гучувелира.
41
Иза хӀоранна а гуш вацара, амма Дала къастийначу тхуна, тешашна, гира Иза. Оха Цуьнца даа а диира, мала а мелира Иза веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа.
42
Цо тхуна тӀедиллира нахе кхайкхам бар а, тоьшалла дар а, Ша Дала дийначарна а, беллачарна а тӀехь кхел ян хӀоттийна ву аьлла.
43
Цунах лаьцна массо а пайхамарша тоьшалла до Цунах тешачунна Цуьнан цӀарах къиношна гечдийриг хилар».
44
Кипас къамел дечу хенахь цо дуьйцучуьнга ладугӀучарна массарна а тӀе Делан Са доьссира.
45
Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тӀедоссарх,
46
хӀунда аьлча царна хезнера цу наха тамашийна меттанаш дуьйцуш а, Дела хестош а. ТӀаккха Кипас элира:
47
«Муха мегар ду царна хих чекхбахар дехка? Делан Са, вайна санна, царна тӀе а ма доьссина!»
48
Цо Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа хих чекхдахийта аьлла, тӀедожийра царна. Цул тӀаьхьа хӀусамдайша дийхира Кипига, шайца кхин а масех де даккха аьлла.
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28