bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 19
Acts 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 20 →
1
Апа-Леса Коринтехь волчу хенахь, ломан некъашкахула чекх а ваьлла, Эпас-гӀала веара ПахӀал. Цигахь масех мурд а карийна,
2
цо хаьттира: «Шаьш Ӏийсах тешначу хенахь Делан Са тӀеийцирий аша?» — аьлла. Цара элира цуьнга: «Тхуна-м ца хезна Делан Са адамашна тӀедуссу бохуш».
3
«ТӀаккха хих чекхдовлар муьлхачу тайпана хилла шун?» — аьлла, хаьттира цо. «Яхьъяс Ӏама ма-дарра хилла-кх», — аьлла, жоп делира цара.
4
Юха ПахӀала элира: «Яхьъяс хих чекхдахар, стаг, дохко а ваьлла, Далла тӀевирзина аьлла, дара. Цо кхойкхура шена ТӀаьхьавогӀучух тешаре, ма-дарра аьлча, Ӏийсах тешаре».
5
И шайна хезча, цара шаьш Везачу Элан Ӏийсан дола довлуш, хих чекхдахийтира.
6
ПахӀала тӀе куьйгаш а дехкина, царна тӀе Делан Са доьссича, уьш тайп-тайпана тамашийна меттанаш дийца а, Делера болу хаам бан а хӀиттира.
7
Уьш верриг а шийтта гергга стаг вара.
8
ПахӀала жуьгтийн гуламан цӀийне а веана, кхаа баттахь, ца кхоьрруш, хьеха а хьийхира, къийса а къийсира, жуьгтий ша Делан Олаллех лаьцна дуьйцург бакъ хиларх тешо гӀерташ.
9
Амма царах цхьаберш, дар а белла, Ӏийсах ца тешна юхабевлира, нахана хьалха Везачу Элан некъах лаьцна харцдерг а дуьйцуш. ПахӀал уьш болчуьра дӀавахара, шеца Ӏийсан мурдаш а эцна. Цо хӀора дийнахь къуьйсура Тиранан долахь долчу, нах гуллучу цӀийнехь.
10
Иштта шина шарахь хилира, цундела Асиа-махкахь бехачу берриг а жуьгташна а, грекашна а Везачу Элах долу дош хезнера.
11
Дала ПахӀалан куьйгашца инзаре хӀуманаш дора.
12
Цо куьг тоьхна йовлакхаш а, хьалха ухкурш а дӀа а кхоьхьуш, цомгуш болчу нахана тӀейохкура. Цу нахана дарба хуьлура, ткъа жинаш долчарна чуьра уьш арадовлура.
13
ГӀалара гӀала а боьлхуш, нахана чуьра жинаш арадохуш лелаш болу цхьаболу жуьгтий, цомгушчу нахана тӀехӀиттича, Везачу Элан Ӏийсан цӀе йоккхуш хуьлура: «ПахӀала Шех лаьцна дуьйцучу Ӏийсан дуьхьа арадала цу стагана чуьра», — олий.
14
Изза дора жуьгтийн динан коьртачу ден Сакхавин ворхӀ кӀанта а.
15
Амма цкъа жино элира цаьрга: «Ас Ӏийса а къобалво, ПахӀал а вевза суна, ткъа шу муьлш ду?» — аьлла.
16
И жин шена чохь долу стаг вежарех летира. Етта а йиттина, церан хӀуманаш, этӀош, дӀа а кхийсина, царна тӀехь толам баьккхира цо. Берзина, чевнаш йина а болуш, цу цӀа чуьра аралилхира вежарий.
17
И хилларг Эпас-гӀалахь бехачу массо а жуьгташна а, грекашна а хиира. Уьш чӀогӀа кхерабеллера. Везачу Элан Ӏийсан цӀе кхин а сов лорура цара.
18
Дуккха а Ӏийсах тешнарш богӀура шайгара девллачу къинойх лаьцна дийца а, даре дан а.
19
Ткъа бозбунчалла лелийначу дуккха а наха, шайн тептарш гул а дина, массарна а хьалха дагийра. Церан мах лерича, иза бара шовзткъе итт эзар драхма цӀе йолу дато ахча.
20
И тамашийна хиламаш бахьана долуш Везачу Элах долу дош шуьйра даьржаш а, нуьцкъала хуьлуш а дара.
21
И хӀума хиллачул тӀаьхьа Македонехула а, Ахаехула а Ярушалайме ваха сацам бира ПахӀала. Цо элира: «Цигахь хилча, со Рим ган а декхарийлахь ву», — аьлла.
22
Цо шен накъостех шиъ, Тимапи а, Арсати а, Македоне вахийтира, ткъа ша Асиахь сецира.
23
Оцу муьрехь Везачу Элан некъана дуьхьал дуккха а адамийн карзахдовлар хилира.
24
Дамарти цӀе а йолуш, цхьа дато пхьар вара Ӏаш. Цо детих Артеми цӀе йолчу цӀунна лерина кегийра цӀенош дора. Цо а, цуьнан накъосташа а бечу балхо царна дуккха а пайда хуьлуьйтура.
25
Дамартис, шен накъостий а, кхин пхьераш а гулбина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, вайн белхах вайна дика пайда хуьлийла.
26
Шуна гуш а, хезаш а ду оцу ПахӀала хӀокху Эпас-гӀалахь хилла ца Ӏаш, ерриг а Асиа-махкахь адам тешийна хилар, адамийн куьйгашца кхоьллина деланаш, деланаш бац бохуш.
27
Вайна хӀоьттина болу кхерам, хӀара вай беш болу болх нахана дош ца хетар хилла ца Ӏа. Вайн сийлахьчу зуда-делан Артемин цӀа хӀумма а доцург хир ду, ткъа цуьнан шен а, ерриг а Асиа-махко а, дуьнено а лоруш йолчу, сийлалла довр ду».
28
И къамел а хезна, оьгӀазбахана уьш маьхьарий хьекха хӀиттира: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» — бохуш.
29
Ерриг а гӀала карзахъелира. Адамаш гӀалахь нах гуллучу метте — театре дӀахьаьлхира, шайца ши македонхо, ПахӀалан накъостий, Гаяс а, Арестах а, такхийна.
30
ПахӀал нах гулбеллачу метте ваха лууш вара, амма мурдаша ца вахийтира иза.
31
Цу хенахь Эпас-гӀалахь Ӏаш болчу кхуьнан доттагӀаша, Асиин маьӀ-маьӀӀерачу меттигашкара куьйгалхоша шайн хьадалчаш бахкийтира нах гулбеллачу ма гӀахьара аьлла.
32
Цу хенахь вовшахкхетта нах боьхна бара. Цхьаболчара, цхьаъ бохуш, маьхьарий деттара, вукхара — важа, ткъа дукхахболчарна шаьш хӀунда гулделла а ца хаьара.
33
Жуьгташа аларца нахана юкъара Искандар цӀе йолу цхьа стаг схьаваьккхира. Иза, куьг а айина, адамийн гӀовгӀа сацо гӀоьртира, дерг дийцархьама.
34
Амма иза жуьгти вуй хиъча, наха цхьабосса маьхьарий хьаькхира. Шина сахьтехь гергга диттира цара маьхьарий: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» — бохуш.
35
ГӀалара йозанчас дӀатедира адам: «Эпасера нах! Дуьнен чохь хьанна ца хаьа, Эпас-гӀала сийлахьчу Артемин цӀа а, стигалара охьабоьжна, беза лоруш болу тӀулг а ларбеш юйла?
36
Цуьнан шеко йоцу дела шу синтеме а, сих ца луш а хила деза.
37
Аша кхуза хӀара ши стаг валийна, амма кхара вайн Артемин цӀа чуьра хӀумма а ца лачкъийна, я цунна лен а ца лийна хӀорш.
38
Нагахь санна Дамарти а, цуьнца болу кхин пхьераш а цхьаъ бехке хеташ белахь, царна кхел а ю, кхелахой а бу: вовшашка кхеле кхайкха, шайна лаахь.
39
Нагахь санна шун кхин ала а, хатта а хӀума делахь, иза вай чӀагӀбинчу гуламехь къастор ду.
40
Тахана хиллачу хӀокху гӀовгӀанашна вай бехке дарна кхерам бу. Цхьа а бахьана дац хӀара хилларг нийса дара ала». Иза а аьлла, цо адам дӀадахийтира.
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28