bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 21
Acts 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 22 →
1
Царах дӀа а къаьстина, тхо нийсса Кос-гӀайре тӀе дахара. ШолгӀачу дийнахь Родос-гӀайре тӀе кхечира, ткъа цигара Патару-гӀала дахара.
2
Тхуна Пиника-махка доьдуш долу хӀордкема карийра. Цу тӀе а девлла, дӀадахара тхо.
3
Къилбаседехула Кипр-гӀайрена тӀех а девлла, тхо Сири-махка дахара. Цигахь Цора-гӀалахь севцира, хӀунда аьлча хӀордкема дассо дезаш дара.
4
Цу гӀалахь Ӏийсан мурдаш а карийна, цаьрца цхьа кӀира даьккхира оха. Делан Сино хьехарна цара элира ПахӀале, Ярушалайме ма гӀахьара аьлла.
5
Тхан цигара хан чекхъяьлча, тхо кхин дӀа а дахара. Цара массара а шайн зударшца а, берашца а тхо гӀалара новкъа дехира. ХӀордан йистехь, гора а хӀиттина, доӀа дира оха.
6
Церан хӀораннан Ӏодика а йина, тхо хӀордкеманна тӀе девлира. Ткъа уьш шайн цӀа бирзира.
7
Цора-гӀалара кхидӀа а тхайн некъ бира оха. Ӏаккхо-гӀалахь севцина, динан вежаршка маршалла а хаьттина, цаьрца цхьа де даьккхира оха.
8
ШолгӀачу дийнахь новкъа девлла Кхесрин-гӀала кхечира тхо. Ярушалаймехь хаьржинчу ворхӀ гӀоьнчех цхьаннан, хаза кхаъ нахана юкъахь баржош болчу Пилапан хӀусамехь севцира тхо.
9
Цуьнан маре яхаза йиъ йоӀ яра. Уьш Делера болу хаам бовзуьйтуш бара.
10
ЯхӀуд-махкара Агав цӀе йолу пайхамар вале, оха масех де даьккхира цигахь.
11
Тхо долчу а веана, ПахӀалан доьхка схьа а эцна, шен когаш а, куьйгаш а дихкина, элира цо: «Делан Сино боху: „ХӀара доьхка долу стаг, иштта дӀа а вихкина, кхечу къаьмнийн нахе дӀалур ву Ярушалаймера жуьгташа“».
12
Иза а хезна, тхо а, цигахь болу нах а, ПахӀале Ярушалайме ма гӀахьара бохуш, дехарш дан хӀиттира.
13
ТӀаккха ПахӀала элира: «ХӀун до аша, хӀунда доьлху шу, сан дог а дохош? ДӀавехкарна хьовха, Везачу Элан Ӏийсан дуьхьа Ярушалаймехь вала а кийча ву со».
14
Цуьнан ойла хийца ницкъ а ца кхаьчна, оха, совца а севцина, элира: «Везачу Элан лаам кхочушхуьлда».
15
Юха, кечам а бина, Ярушалайме дахара тхо.
16
Кхесрин-гӀалара цхьаболу мурдаш баьхкира тхоьца. Цара тхо дуьххьарлерчу мурдех волчу Кипрерачу Мансонна тӀе дигира. Цуьнан хӀусамехь севцира тхо.
17
Ярушалайме дӀакхаьчча, динан вежарша дика тӀеийцира тхо.
18
ШолгӀачу дийнахь ПахӀал тхоьца Якъуб волчу веара. Иза волчохь берриге а тхьамданаш гулбеллера.
19
Цаьрга маршалла а хаьттина, ПахӀала дийцира шегахула кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Дала динчух лаьцна.
20
Дийцинарг а хезна, Далла хастам а бина, цара элира ПахӀале: «Ваша, хьуна дуккха а эзарнаш Ӏийсах тешна жуьгтий хилар гуш ду. Уьш массо а товратан хьехамаш ларбеш а бу.
21
Хьох лаьцна цаьрга олура, кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Ӏаш болу жуьгтий ахь Ӏамабо, Муса-пайхамарах дӀакъаста бохуш, шайн бераш сунт ма де бохуш, вайн гӀиллакхаш ма леладе бохуш.
22
ТӀаккха хӀун дан деза оха? Царна хуур ма ду хьо веанийла.
23
Оха ма-аллара де: тхуна юкъахь нигат дина виъ стаг ву.
24
Уьш схьа а эций, цӀинваларан Ӏадатах чекхвала. Кортош дошуш церан хиллачу харжах ахча дӀа а ло. ТӀаккха хӀоранна а хуур ду, хьох лаьцна дуьйцург цхьа а бакъ доций, хьо товратан хьехамаш кхочушбеш вуйла.
25
Ткъа Ӏийсах тешна болчу кхечу къаьмнийн нахе оха кехат яздина, цӀушна сагӀина деана жижиг а ма даа, цӀийх а ларло, садукъдина дайинчу бежанийн жижиг а ма даа, нахаца а ма лела аьлла».
26
ПахӀала, билгалбаьхна нах схьа а эцна, шолгӀачу дийнахь цаьрца цӀинваларан Ӏадат кхочушдира. Юха, Делан цӀийнан керта а веана, цо хаам бира, шайн цӀиндаларан денош чекх маца девр ду а, шайх хӀораннах а сагӀа маца доккхур ду а аьлла.
27
ВорхӀалгӀа де чекхдолуш Асиа-махкарчу жуьгташна Делан цӀийнан кертахь гира иза. Дерриг а адам карзах а даьккхина, цара ПахӀал схьалецира,
28
маьхьарий а детташ: «Исраилхой! ГӀо дейша! ХӀара массанхьа а нах товратан хьехамашна а, вайн халкъана а, Делан цӀенна а дуьхьалбохуш ву. Ткъа хӀинца, Делан цӀийне кхечу къомах болу нах — грекаш — а балийна, сийлахьа меттиг бехйина кхо».
29
(Хьалха, Ярушалаймехь, Эпас-гӀалара ТрахӀим гинера нахана, цундела моьттура царна цо иза Делан цӀийне валийна.)
30
ГӀала карзахъяьллера, массо а агӀора адамаш дара схьауьдуш. Цара, схьа а лаьцна, ПахӀал Делан цӀийнан кертара аратакхийра. НеӀарш цу сохьта тӀекъевлира.
31
Иза вен гӀертара уьш. ТӀеман коьрта хьаькамна тӀе хаам кхечира, ерриг а Ярушалайм карзахъяьлла ю аьлла.
32
Цу сохьта тӀемалой а, эпсарш а схьа а эцна, нахана тӀевахара иза. ТӀеман коьрта хьаькам а, тӀемалой а гина, ПахӀална еттачуьра севцира уьш.
33
ТӀаккха тӀеман коьрта хьаькам цунна тӀевахара. ПахӀал схьа а лацийтина, иза шина зӀенаца дӀавехка аьлла, омра дира цо. ПахӀале иза мила ву, цуьнгара хӀун даьлла аьлла, хаьттира цо.
34
Нахана юкъахь, цхьаболчара цхьаъ, вукхара важа дуьйцуш, маьхьарий девлира. ГӀовгӀа хиларна бакъдерг къаста а ца делла, ПахӀал гӀопе дӀавигийтира тӀеман коьртачу хьаькамо.
35
Лами улло иза вигича, тӀемалойн иза айина вига дийзира, нах дукха оьгӀазбахана, цунах лата гӀерташ хиларна.
36
Цунна тӀаьхьабогӀучу наха маьхьарий хьоькхура: «Ве иза!» — бохуш.
37
ГӀопана улло кхочуш, ПахӀал тӀеман коьртачу хьаькаме вистхилира: «Хьоьга хатта мегар дуй ас?» Вукхо элира: «Хьуна грекийн мотт хаьа?
38
ХӀета, хьо виъ эзар талорхо яьссачу ара а ваьккхина, гӀаттам айина мисархо вац-кх?»
39
ПахӀала жоп делира: «Со Килик-махкара Тарс-гӀалара жуьгти ву, евзаш йолчу гӀалин вахархо. Ас доьху хьоьга, бакъо лохьа суна нахаца къамел дан».
40
Вукхо бакъо елча, ПахӀала, ламин тӀегӀанаш тӀе а хӀоьттина, нах совцо куьг айира. Массо а дӀатийначу хенахь иза Ӏебархойн маттахь къамел дан хӀоьттира.
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28