bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 25
Acts 25
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 26 →
1
Ша куьйгалхо хӀоьттина кхо де даьлча, Кхесрин-гӀалара Ярушалайме веара Висита.
2
Динан коьрта дай а, жуьгташна юкъара лоруш болу нах а баьхкира цунна тӀе, ПахӀална арз дахьаш. Цара дехарш дора,
3
къинхетам а бина, ПахӀал Ярушалайме схьавалавахьара бохуш. Ткъа новкъахь иза вен къайлаха барт бира цара.
4
Виситас жоп делира, ПахӀал Кхесрин-гӀалахь чувоьллина ву, ша а кестта цига гӀур ву аьлла.
5
«Шайна юкъара масех стаг ваийта соьца, — элира цо, — цаьрга хӀара стаг бехке вайта, нагахь кхуьнан бехк белахь».
6
Цаьрца бархӀ-исс де а даьккхина, Висита Кхесрин-гӀала юхавеара. ШолгӀачу дийнахь, кхелахочун метте а хиъна, ПахӀал схьавалавайтира цо.
7
Иза схьакхаьчча, Ярушалаймера баьхкинчу жуьгташа, цунна го а бина, иза бехке веш, дуккха а хӀуманаш дехира цунна дуьхьал. Амма цуьнан бехк болчух Висита тешо ницкъ ца кхочура церан.
8
ПахӀала дуьхьало йора: «Ас цхьа а вониг ца дина жуьгтийн товратан хьехамашна а, Делан цӀенна а, Рим-мехкан паччахьна а дуьхьал», — бохуш.
9
Жуьгташна там болу агӀо лоьхуш, Виситас элира ПахӀале: «Ярушалайме ваха лаьий хьуна, соьга цигахь хьайна кхел яйта?»
10
ПахӀала элира: «Со Рим-мехкан паччахьан кхелана хьалха лаьтташ ву хӀинца, сайна кхел ян еззачохь. Ас жуьгташна цхьа а вониг ца дина, иза хьуна а дика хаьа.
11
Нагахь со нийса а воцуш, со вел соьгара бахьана даьллехь, Ӏожалла тӀеэца а кийча ву со. Амма хӀара нах харцлуьйш белахь, цхьаннан а бакъо яц со кхаьрга дӀавала. Ас Рим-мехкан паччахьан кхел яр доьху».
12
Кхеташонца къамел а дина, Виситас элира: «Ахь паччахьан кхел йоьхуш хилча, Рим-мехкан паччахьна тӀевохуьйтур ву хьо», — аьлла.
13
Масех де даьлча, Висита куьйгалхо хӀоттор даздан Кхесрин-гӀала паччахь АгӀарипа а, цуьнан йиша Беруника а деара.
14
Уьш цигахь масех денна севцина дела, Виситас паччахьна ПахӀалан гӀуллакхах лаьцна дийцира: «Кхузахь Пелакъа чувоьллина цхьа стаг ву.
15
Со Ярушалаймехь волуш жуьгтийн тхьамданаша а, динан дайша а, бехке а веш, кхел е бохура цу стагана.
16
Амма ас элира цаьрга, римхойн Ӏедал дац бехке веш волу стаг дӀалуш, цкъа хьалха шен довхошца юьхь-дуьхьал а кхетта, бехказа вала бакъо яллалц аьлла.
17
Цундела и жуьгтий кхуза схьакхаьчча, ас шолгӀачу дийннехь, кхелахочун метте а хиъна, иза схьавалавайтира.
18
Суна моьттуш долчу цхьана а зуламехь иза бехке ца вира цуьнан довхоша.
19
Амма церан цхьацца къовсамаш бара шайн динах а, цхьана веллачу Ӏийсах а лаьцна, ткъа ПахӀала-м Иза дийна ву бохура.
20
И гӀуллакх муха къастор ду а ца хиъна, ас хаьттира ПахӀале: „Ярушалайме а вахана, цигахь кхел яйта лаьий хьуна?“ — аьлла.
21
Амма ПахӀала Рим-мехкан паччахьан сацам хиллалц ша Кхесрин-гӀалахь вита аьлча, ас омра дира, иза Рим-мехкан паччахьна тӀевиггалц чувоьллина вита аьлла».
22
АгӀарипас Висите элира: «Суна сайна а лаьа оцу стаге ладогӀа». «Кхана хьуна хезар ду иза вистхуьлуш», — аьлла, жоп делира Виситас.
23
ШолгӀачу дийнахь АгӀарипа а, Беруника а, кеч а делла, шайца тӀеман хьаькамаш а, гӀалара лоруш болу нах а болуш кхел ечу цӀа чу баьхкича, Виситас омра дира, ПахӀал схьавалаве аьлла.
24
Цул тӀаьхьа Виситас элира: «АгӀарипа-паччахь а, кхузахь тхоьца болу берриш а! Шуна гуш волчу хӀокху стагана Ярушалаймехь а, кхузахь а вуно дукха жуьгташа аьрзнаш дина. Цара маьхьарий хьийкхира, хӀара кхин ваха хьакъ вац бохуш.
25
Амма суна хета, вел бахьана кхуьнгара ца даьлла аьлла. Рим-мехкан паччахь волчохь шена кхел яр кхо дехарна, ас сацам бина хӀара цига дӀахьажо.
26
Амма кхунах лаьцна цу паччахье яздан хӀумма а дац сан. Цундела ас хӀара шуна, къаьсттина хьуна хьалха, АгӀарипа-паччахь, валавайтина, гӀуллакх къастийча, Рим-мехкан паччахье сайна яздан хӀума хилийта.
27
ХӀунда аьлча суна нийса ца хета чувоьллина стаг, иза бехке веш дерг хӀун ду а ца хоуьйтуш, дӀахьажор».
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 26 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28