bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 13
Acts 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 14 →
1
Антиохехь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанехь бара пайхамарш а, Ӏелам нах а: Бар-Нааб а, шех кхин а Ӏаьржаниг олу ШамӀа а, къуринахо Луку а, мехкан куьйгалхочуьнца ХӀародца кхиъна волу Манаан а, Шаул а.
2
Цкъа уьш Везачу Элана гӀуллакх деш а, марха кхобуш а болчу хенахь Делан Сино элира: «Бар-Нааб а, Шаул а Ас цаьрга кхайкхинчу гӀуллакхна схьакъаставе Суна», — аьлла.
3
Далла гӀуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тӀе куьйгаш а дехкина, доӀа а дина, тӀедиллина гӀуллакх кхочушдан дӀавахийтира цара и шиъ.
4
Делан Сино вахийтина и ши векал Селевке кхечира, ткъа цигара хӀордкеманца Кипре дехьавелира.
5
Салам-гӀала схьа а баьхкина, цигахь жуьгтийн гуламан цӀеношкахь Делан Дош хьоьхура цара. Царна гӀо деш Яхьъя а вара цаьрца.
6
Ерриг а гӀайре тӀехула чекх а бевлла, ПатӀосе баьхкира уьш. Цигахь царна карийра жуьгтийн бозбунча а, харц шайх а волу Бар-ЮшаӀ. Цуьнан кхин а, Хьалом олий, цӀе йоккхура.
7
Римхойн проконсул Серги ПахӀал волчохь гӀуллакх деш вара иза. Проконсул хьекъал долуш стаг вара, шена Делан Дош хаза лаарна цо Бар-Наабе а, Шауле а схьакхайкхийтира.
8
Амма Хьалом (гочйича и цӀе «бозбунча» бохург ду) царна дуьхьал вара. Проконсул векалша хьоьхучух ца тешийта къахьоьгуш вара иза.
9
ТӀаккха Делан Синах вуьзна волчу Шаула (цуьнан, ПахӀал олий, кхин цӀе а йоккхура), нийсса Хьаломе дӀа а хьаьжна, элира:
10
«Иблисан кӀант а, нийса долчун мостагӀа а ву хьо! Аьшпех а, ямартлонах а вуьзна ву хьо. Везачу Элан нийса некъаш сетто кӀордор дац те хьуна цкъа а?
11
Везачу Элан ницкъ хьуна дуьхьал бу, цундела бӀаьрса а дайна, цхьана билггалчу ханна малхан серло ца гуш хир ву хьо». Цу сохьта бода буьйлира Хьаломна гонах. ДӀа а, схьа а тохавелира иза, куьг а лаьцна, ша дӀавигийта цхьаъ лоьхуш.
12
И хилларг а гина, Везачу Элах болчу хьехамах цецваьлла, Ӏийсах тийшира проконсул.
13
ПатӀосера ПахӀал а, цуьнан накъостий а Пампили-махкахь йолчу Перги-гӀала бахара хӀордахула. Уьш цигахь а битина, Ярушалайме юхавеара Яхьъя.
14
Пергера дӀа уьш писидийн Антиохе бахара. Шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цӀийне а баьхкина, охьахевшира уьш.
15
Товрат а, пайхамарша яздинарш а дешначул тӀаьхьа гуламан цӀийнан хьаькамаша кхарна тӀе хабар даийтира: «Вежарий, нагахь нахана пайденна хин долу хӀума ала шун делахь, ала шайна», — аьлла.
16
ПахӀала, хьала а гӀаьттина, куьйган эшарца нехан гӀовгӀанаш а совцийна, элира: «Исраилхой а, Далла Ӏибадат деш болу хийрачу мехкашкара нах а, ладогӀалаш соьга!
17
Исраилан халкъан Дала хаьржина вайн дай. Мисар-махкахь долуш вайн халкъ дуккха а алсамдаьккхина Цо, цу махкара уьш Шен олаллин ницкъаца ара а баьхна.
18
Яьссачу арахь шовзткъа шарахь цаьргара дуьйлуш дерш собарца лайна Дала.
19
КанаӀанехь, ворхӀ халкъ хӀаллак а дина, церан латта Ша къастийначу халкъан доладаьккхина Цо.
20
И дерриг а хилла диъ бӀе шовзткъе итт шеран хенан йохалла. Цул тӀаьхьа Шамъал-пайхамар куьйгалле вллалц Дала кхелахой белла царна.
21
Юха халкъо шена паччахь вехна. Дала Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Къушин кӀант Шаул велла царна. Шаула шовзткъа шарахь паччахьалла дина.
22
Цул тӀаьхьа Шаул дӀа а ваьккхина, Дала Дауд хӀоттийна паччахь. Цунах лаьцна Дала тоьшалла дина: „Суна Юшаян кӀант карийна, и стаг Сан даго тӀелоцуш ву. Цо кхочушдийр ду Сан гӀуллакхаш“.
23
Ша аьлла ма-хиллара, Даудан тӀаьхьенах волу Ӏийса кхайкхина Дала Исраилан халкъ кӀелхьардаккха.
24
Ӏийса вале Яхьъяс кхайкхам бира берриг а Исраил-махкахь нахе, Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта аьлла.
25
Шена тӀедиллина декхар кхочушдина волуш, Яхьъяс олура: „Со шуна моьттург вац, хӀан-хӀа, Иза сол тӀаьхьа вогӀур ву, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац“.
26
Вежарий, ИбрахӀиман бераш, шу а, Делах кхоьру хийрачу мехкашкара дерш, и кӀелхьардовларх болу кхаъ вайна баийтина бара!
27
Ярушалаймера бахархошна а, церан хьаькамашна а Ӏийса ца вевзира. Цара кхел йира Цунна. Цу кеппара, хӀора шоьтан дийнахь вай доьшуш долу пайхамарийн дош кхочушхилира.
28
Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хӀума ца карийра царна, амма Пулатера бакъо йийхира цара Иза хӀаллаквайта.
29
Цунах лаьцна хир ду аьлларг дерриг а кхочушдича, Иза жӀарах дӀатоьхначуьра охьа а ваьккхина, къубба чу виллира цара.
30
Амма Дала веллачуьра денвира Иза.
31
Кхин а дуккха а деношкахь Цуьнца Галилайра Ярушалайме баьхкинчарна гира Иза. Уьш хӀинца Цуьнан тешаш бу вайн халкъана хьалха.
32
Дала вайн дайшна дийр ду аьлла дикачух хаза кхаъ кхайкхош бу оха хӀинца.
33
Ӏийса а ваийтина, вайна, церан берашна, Дала кхочушдина Ша аьлларг. ШолгӀачу назми тӀехь яздина ду: „Хьо Сан кӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох“.
34
Дала Иза веллачуьра денвина, Цуьнан дегӀана цкъа а талхар ца гайта. Цо аьлла оцунах лаьцна ишттачу дешнашца: „Даудана ваӀда деш аьлла долу сийлахь а, гуттар хиндолу а диканаш лур ду шуна“.
35
Кхечу меттехь яздина ду: „Ахьа Хьайна тешаме Волчунна вахкавалар гойтур дац“.
36
Амма Делан лаам кхочушбеш гӀуллакх дина волчу Даудан дегӀ кхелхинчул тӀаьхьа телхина дӀаделира. Иза шен дайшна уллохь дӀавоьллина вара.
37
Ткъа Дала веллачуьра Денвиначунна дегӀан талхар ца гайтира!
38
38-39 Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. ХӀора Ӏийсах тешаш верг массо а хӀуманна тӀехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара.
39
***
40
Хьовсалаш, шайца, пайхамарша ма-аллара, ца хилийта:
41
„Хьовсал, кхаьрдаш дерш! Шу, цец а девлла, лийр ду. Аса шун деношкахь шайна дийцича а, цкъа а шу тешар доцу хӀума дийр ду“».
42
ПахӀале а, Бар-Наабе а гуламан цӀийнера и шиъ дӀавоьдуш, дийхира, тӀедогӀучу шоьтан дийнахь хӀинца дийцинчух лаций дийца юха а вола аьлла.
43
Гулам дӀабирзира, амма дуккха а жуьгтий а, жуьгтийн дин тӀеэцна Далла Ӏибадат деш болу нах а ПахӀалний, Бар-Наабаний тӀаьхьабахара. Цу шиммо къамел дора цаьрца, Делан ниӀматехь хила бохуш, тешабора.
44
Вукху шоьтан дийнахь ерриг аьлла гӀала гулъелира Везачу Элан даше ладогӀа.
45
Цига мел адам деана гича, хьогӀах буьзира жуьгтий. ПахӀала дуьйцург емалдора цара оьзда доцучу хабарца.
46
ТӀаккха ПахӀала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тӀе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду.
47
И тӀедиллира тхуна Везачу Эло. Цо аьлла: „Ас Хьох кхечу къаьмнех болчарна серло йина, Хьоьгахула дуьненан массо а маьӀӀе кӀелхьардовлар кхачийта“».
48
И дерриг а хезча, баккхийбеш, Везачу Эло аьллачунна хастамаш бора кхечу къаьмнех болчара. Массо а Делаца долчу дахаре билгалбинарш Ӏийсах тийшира.
49
Везачу Элан дош цу меттехула дӀасадаьржаш дара.
50
Амма жуьгташа, Далла гӀуллакх деш болу, лоруш болу зударий а, гӀалара хьалхара нах а хьала а гӀовттийна, ПахӀал а, Бар-Нааб а шаьш долчу махкара эккхавайтира.
51
Цу гӀалара бахархошна дуьхьал хиларан тоьшаллина шайн когаш тӀера чан дӀа а егийна, векалш Иконе бахара.
52
Ткъа мурдаш баккхийберах а, Делан Синах а буьзна бара.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28