bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 7
Acts 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 8 →
1
Юха динан коьртачу дас хаьттира Тапе: «Иштта дуй иза?» — аьлла.
2
Тапас жоп делира: «Вежарий а, дай а! Доьху сайга ладогӀар. Вайн да ИбрахӀим Месопотамехь волуш, Олаллин нуьрехь Дела хӀоьттира цунна хьалха. Цу хенахь ИбрахӀим ХӀаран-гӀала дӀавахаза вара.
3
„Хьайн мохк а, гергарнаш а битий, Аса хьайна гойтун болчу махка дӀагӀо“, — элира Дала ИбрахӀиме.
4
Хашадхойн мохк дӀа а тесна, ХӀаран-гӀала дӀавахара ИбрахӀим. Цул тӀаьхьа, цуьнан да кхелхича, Дала иза хӀинца шу Ӏаш долчу махка хьажийра.
5
Дала цунна цхьа а бахам ца белира, ур-атталла коган айрин барамал латта а ца делира. Амма Дала чӀагӀо йира цунна, иза а, цуьнан тӀаьхьенаш а хӀокху мехкан дай хир бу аьлла. Ткъа ИбрахӀим цу хенахь доьзалхо воцуш вара.
6
Дала элира цуьнга: „Хьан тӀаьхьенах берш хийрачу махкахь тӀебаьхкина нах а хилла Ӏийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бӀе шарахь леш а бина, Ӏазапехь латтор бу уьш.
7
Амма Аса таӀзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тӀаьхьа хьан тӀаьхьенаш цу махкара ара а евлла, кху меттехь Суна корта бетташ хир ю“.
8
Юха Дала ИбрахӀимца барт бира, цу бертан билгало хилира боьрша нах хадор. ИбрахӀима, Исхьакхан да ша хилча, борхӀалгӀачу дийнахь иза хадийра. ТӀаьхьа Исхьакх Якъубан да хилира, ткъа Якъуб шийтта тайпанан дайн да хилира.
9
Тхьамданаша, Юсупца хьагӀ а лаьцна, иза Мисар-махка лай санна воьхкира.
10
Амма цуьнца Дела вара, Цо иза массо а халонах кӀелхьарваьккхира. Дала Юсупна хьекъал а делира, Мисаран паччахь, пирӀун, кхунна тӀе а тайтира. Цу паччахьо Юсуп берриг а Мисаран а, шен цӀийнан а куьйгалхо вира.
11
Юха Мисарахь а, КанаӀанахь а мацалла хӀоьттира. Иза йоккха хало яра. Вайн дай даа хӀума доцуш бисира.
12
Мисарахь кӀа ду аьлла шена хезча, Якъуба цига шен кӀентий бахийтира. Уьш цига дуьххьара боьлхуш бара.
13
Уьш шолгӀа баьхкича, Юсупа ша вовзийтира вежаршна. ПирӀунна а хиира Юсупан гергарчу нахах лаьцна.
14
Цул тӀаьхьа Юсупа шен дега Якъубе а, гергарчу нахе а дӀакхайкхира. Цуьнан гергарчех берриг а кхузткъе пхийтта вара.
15
Якъуб Мисаре веара. Иза а, вайн дай а цигахь кхелхира.
16
Церан декъий Шехеме схьа а деана, ИбрахӀима, дато ахча а делла, Хьамуран кӀенташкара эцначу Шехемехь йолчу къубба чу дехкира.
17
Дала ИбрахӀимна делла дош кхочушхуьлу хан тӀекхочуш яра, Мисарахь долу вайн халкъ дикка алсамделира.
18
Цул тӀаьхьа Мисар-махкахь кхин паччахь дӀахӀоьттира. Цунна Юсупах лаьцна хӀумма а ца хаьара.
19
Иза вайн халкъ Ӏехош вара. Вайн дайн халкъана ницкъ бора, вайн бераш дӀатуьйсуьйтура, уьш дийна ца дисийтархьама.
20
Цу хенахь дуьнен чу Муса велира. Иза Далла хазахеташ вара. Хьалхарчу кхаа баттахь Муса шен ден хӀусамехь кхобуш вара.
21
Юха иза дӀатесна витича, пирӀунан йоӀа, дӀа а ваьхьна, шен кӀант волуш санна кхиийра иза.
22
Мусана Мисарахь долу дерриг а Ӏилманаш Ӏамийра. Иза дашна а, гӀуллакхна а доьналла долуш вара.
23
Шен шовзткъа шо кхаьчча, вежарий болу исраилхой болчу ваха дагадеара цунна.
24
Цигахь волуш цунна гира мисархочо цхьана исраилхочунна ницкъ беш. Мусас, исраилхочуьнгахьа гӀо а даьккхина, мисархо вийра.
25
Цунна моьттура вежарий кхетар бу, Дала шаьш паргӀатдаха ша хьажийна хиларх. Амма уьш ца кхийтира.
26
ШолгӀачу дийнахь Мусана гира вовшахлеташ волу ши исраилхо. Царна юкъахь бартбан гӀоьртира иза: „Шу вежарий ма ду! ХӀунда лета шу вовшах?“
27
Амма ницкъ беш волчо элира: „Тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а хьан хӀоттийна хьо?
28
Я айхьа селхана мисархо ма верра, со а вен-м ца гӀерта хьо?“
29
И дешнаш хезча, Муса, ведда, Мадани цӀе йолчу махка дӀавахара. Цигахь, тӀевеана стаг а хилла, ваха охьахиира иза. Ши кӀант а вира цунна цигахь.
30
Шовзткъа шо даьлча, Синай цӀе йолчу лома уллохь яьссачу арахь Муса волчу йогучу куллан цӀергахь малик деара.
31
Муса чӀогӀа цецваьллера и сурт гина. Дика хьажархьама иза уллохьа тӀевахча, цунна Везачу Элан аз хезира:
32
„Со — хьан дайн Дела ву, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“. Муса кхеравелла вегош вара, бӀаьрганегӀар хьалаайа а ца ваьхьаш.
33
Везачу Эло элира цуьнга: „Мачаш дӀаяха хьайн когара, хьо лаьтта меттиг деза латта ду.
34
Суна Сайн халкъана Мисарахь ницкъ беш а гина, цуьнан узарш а хезна. Со уьш паргӀатбаха воьссина. ХӀинца дӀагӀо, Аса Мисар-махка вохуьйту хьо“.
35
Иза исраилхоша тӀе ца эцна волу Муса вара. Цара цуьнга аьллера: „Хьо хьан хӀоттийна тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а?“ Дала Ша вохуьйтуш вара иза хӀинца хьаькам а, адам паргӀатадоккхург а вина. Коканийн куллахь хиллачу маликехула динера Дала и гӀуллакх.
36
Оцу Мусас арадаьккхира шен халкъ Мисарера. Цо дукха тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а гайтира Мисарахь а, ЦӀечу хӀорда йистехь а, кхин шовзткъа шарахь яьссачу арахь а.
37
И вара изза Муса, исраилхошка баьхна волу: „Дала шуна со санна волу Пайхамар воуьйтур ву шун халкъана юкъара“.
38
Изза вара яьссачу арахь гулделлачу халкъе Синай-лам тӀехь малико шега дийцинарг дӀааьлларг. Мусас схьаийцира деза дешнаш вайга схьадалархьама.
39
Амма вайн дай, цуьнга ла а ца доьгӀна, иза дӀа а тесна, шайн дегнашкахь Мисаре юхабирзира.
40
Цара элира АхӀароне: „Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна“.
41
Цара эсанан суьртехь цӀу а вина, цунна сагӀа а доккхуш, шайн куьйгашца динчу цу гӀуллакхна деза де хӀоттийра.
42
И бахьана долуш Дела дӀавирзира царна тӀера, уьш стигаларчу седарчашна Ӏибадат дан а битина. Пайхамарийн жайни тӀехь яздина ма ду: „Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш даха ма ца дийзира хьан!
43
Ахь Мулка-цӀунна лерина четар а, хьайн Делан РамхӀаран седа а, айхьа Ӏибадат динчу цӀуйн суьрташ а лелийра. Ахь иза дарна, хьо махках а даьккхина, Бавелал дехьа эккхор ду Ас“.
44
Вайн дайн яьссачу арахь Тоьшаллин Четар дара. Иза Дала Мусага де ма-аллара, Мусана гиначу кепехь дина дара.
45
Вайн дайша ЮшаӀна тӀаьхьахӀиттина, тӀом а беш, шаьш схьабаьккхинчу махка деара и четар. Ткъа Дала цигахь хьалха Ӏийна халкъаш дӀалаьхкира. Дауд паччахь хӀотталц цу махкахь дара и четар.
46
Дела реза вара Даудана, цундела Дауд Деле бакъо йоьхуш вара Якъубан тӀаьхьенна Далла лерина гӀишло ян.
47
Амма Далла лерина цӀа Сулим-паччахьо дира.
48
Делахь а, Веза Воккханиг адамаша динчу цӀа чохь Ӏаш вац. Пайхамаро цунах лаьцна аьлла:
49
„Стигал Сан Ӏарш ю, ткъа латта Сан когийн кӀело ю. ХӀун цӀа дийр дара аша Суна? — боху Везачу Эло. ХӀун меттиг хир яра Суна садаӀа?
50
И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац?“
51
Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду.
52
Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогӀур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хӀинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна.
53
Дала шуна маликашкахула товратан хьехам баийтира, амма аша и кхочуш ца бира».
54
И дерриг а хезча, кхеташонехь берш, оьгӀазбахна, Тапина цергаш хьекхо буьйлабелира.
55
Тапа Делан Синах вуьзна вара. Иза стигала хьалахьаьжча, цунна Делан нур а, Далла аьтту агӀор лаьтта Ӏийса а гира.
56
«Хьовсийша, — элира цо, — суна еллаелла стигал а, Далла аьтту агӀор лаьтта Адамийн КӀант а го», — аьлла.
57
ТӀаккха вуьш, лергаш дӀа а къевлина, цӀогӀанашца, маьхьаршца цхьаьний тӀелетира цунна.
58
Иза такхийна гӀаланах ара а ваьккхина, цунна тӀулгаш детта буьйлабелира уьш. Тешаша шайн тӀехулара бедарш Шаул цӀе йолчу жимачу стеган когашка охьакхийсира.
59
Цара шена тӀулгаш деттачу хенахь, Тапас доӀа дира: «Ӏийса-Эла, дӀаэцахьа сан са!»
60
Цул тӀаьхьа, гора а воьжна, чӀогӀа элира цо: «Веза Эла, къилахь ма ларалахь кхарна хӀара гӀуллакх!» Иза а аьлла, Тапа кхелхира.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28