bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 18
Acts 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 19 →
1
Цул тӀаьхьа ПахӀал Атина-гӀалара дӀа а вахана, Коринт-гӀала веара.
2
Цигахь цунна карийра Ӏакхила цӀе а йолуш, Понта-махкара схьаваьлла волу цхьа жуьгти. Ӏакхила шен зудчуьнца ПхьаьрскӀилатаца Итали-махкара схьавеана вара, хӀунда аьлча Калабди-паччахьо массо а жуьгташка Рим-гӀалара дӀагӀо аьллера. ПахӀал Ӏакхилий, Парскилий ган веара.
3
Уьш, ша санна, четарш деш буйла хиъча, иза цаьрца болх а беш сецира.
4
ХӀора шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цӀийнехь къамел дора цо, жуьгтий а, грекаш а Ӏийсах тешийта гӀерташ.
5
Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахӀала шен ерриг а хан хьехамаш беш дӀахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Ӏийса ву бохуш.
6
Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТӀаккха ПахӀала, шен бедарш тӀера чан дӀа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хӀуманна а бехке вац. ХӀинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду».
7
Гуламан цӀа чуьра ара а ваьлла, Дела лоруш волчу Тата-Йовсут цӀе йолу стаг волчу вахара иза. Татин цӀенош гуламан цӀенна уллохь дара.
8
Жуьгтийн гуламан цӀийнан хьаькам волу Крисп а, берриге а цуьнан цӀеранаш а Ӏийсах тийшира. ПахӀале ладоьгӀна болу дуккха а Коринт-гӀалара бахархоша, Ӏийсах а тешна, шаьш хих чекхбахийтира.
9
Цкъа буьйсанна ПахӀална сурт хӀоьттира. Везачу Эло элира цуьнга: «Кхера ма кхера! Нахаца къамел кхин а де, вист ца хуьлуш ма Ӏе!
10
ХӀунда аьлча Со хьоьца ву, цхьаьнгге а хьуна вон болх а балур бац — кху гӀалахь Сан дуккха а нах ма бу», — аьлла.
11
Цхьана шарахь эха шарахь Ӏийра цигахь ПахӀал, нахана Делан дош хьоьхуш.
12
Цу хенахь Ахай-мехкан куьйгалхо Гилани вара. Жуьгташа, вовшах а кхетта, ПахӀал, схьа а лаьцна, цунна тӀе кхеле валийра. Цара бохура:
13
«ХӀокху стага нахана хьоьхуш долу Далла де боху гӀуллакх вайн Ӏедалца догӀуш дац».
14
ПахӀал вистхилла а валале, Гиланис элира жуьгташка: «Нагахь санна цхьа зулам я вон болх хиллехь, сан бахьана хир дара шуьга, жуьгташка, ладогӀа.
15
Амма дерриг а гӀуллакх дешнашца а, цӀерашца а, шун Ӏедалца а доьзна ду, цундела шаьш къастаде иза. Суна цу гӀуллакха тӀехь кхелахо хила ца лаьа».
16
Цо лаьхкира уьш кхел ечуьра.
17
ТӀаккха цара, гуламан цӀийнан хьаькам волу Состанам схьа а лаьцна, кхел ечу цӀийна хьалха цунна йиттира. Амма Гиланин цхьана а кепара бала ца хилира цу белхан.
18
Цигахь дуккха а деношкахь Ӏийна, Сири вахара ПахӀал, динан вежарий а битина. ПхьаьрскӀилат а, Ӏакхила а дара цуьнца. Кенахари цӀе йолчу меттехь шен месаш дӀалергира цо, ша Далла хьалха дина ваӀда кхочушдар билгалонна.
19
Уьш Эпас-гӀала кхечира. ПхьаьрскӀилата а, Ӏакхила а цигахь сецира. ПахӀал ша жуьгтийн гуламан цӀийне вахара, жуьгташца къамел дархьама.
20
Цара дийхира цуьнга, шайца кхин а Ӏе аьлла, амма иза реза ца хилира.
21
Ткъа, дӀавоьдуш, цо элира: «Далла лаахь, со юхавогӀур ву шу долчу». Цул тӀаьхьа иза хӀордкеманца Эпас-гӀалара дӀавахара.
22
ХӀордан йистехь йолчу Кхесрин-гӀала а веана, цигахь ца соцуш, Ярушалайме, лома, хьалавахара ПахӀал. Цигара Ӏийсах тешачийн тобане маршалла а хаьттина, Антиохе охьавахара иза.
23
Цигахь жимма хан а яьккхина, кхидӀа а шен некъ бира цо, Галатин а, Пхьаргин а мехкашкара цхьана гӀалара вукху гӀала а воьдуш, массо а мурдаш шайн Ӏийсах тешарехь чӀагӀ а беш.
24
Апа-Леса цӀе йолу цхьа жуьгти веара Эпас-гӀала. Иза Искандар-гӀалара схьаваьлла вара. Къамелана говза а волуш, Делан Йозанаш дика девзаш вара иза.
25
Цунна дика хаьара Везачу Элан некъах лаьцна. Даггара а, нийса а дуьйцура цо Ӏийсах лаьцна, Яхьъяс нах хих чекхбахарх лаьцна бен шена ца хуъушехь.
26
Цо майрра дуьйцура гуламан цӀийнехь. ПхьаьрскӀилатана а, Ӏакхилана а цо дуьйцург хезча, цара иза шайн цӀа дӀа а вигна, кхин а дика кхетош Дала нахана беллачу некъах лаьцна дийцира цунна.
27
Ахай-махка ваха цунна лиъча, динан вежарша цунна гӀонна цигахь болчу мурдашка кехат яздира, хӀара тӀеэца аьлла. Цига ша дӀакхаьчча, цо доккха гӀо дира Делан лаамца Ӏийсах тешначарна.
28
Цо нахана хьалха жуьгтий къарбора, Делан Йозанашна тӀе а чӀагӀдеш, Дала леррина Къобалвинарг Ӏийса ву бохуш.
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28