bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 14
Acts 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 15 →
1
Иконехь ПахӀал а, Бар-Нааб а гуттар а санна жуьгтийн гуламан цӀа чу вахара. Цара хьехам дика бар бахьана долуш, дуккха а жуьгтий а, кхечу къаьмнех болу нах а Ӏийсах тийшира.
2
Амма тешарна реза боцучу жуьгташа кхечу къаьмнех цхьаболу нах Ӏийсах тешначарна дуьхьалбехира, царах дог доккхуш.
3
ПахӀала а, Бар-Нааба а цигахь дуккха а хан яьккхира. Везачу Элах лаьцна майрра хьехам бора цара. Кхеран куьйгашца тамашийна хӀуманаш а, билгалонаш а гайтарца Шен къинхетамах болу хаза кхаъ чӀагӀбора Везачу Эло.
4
ГӀалара нах бекъабелира. Цхьаберш жуьгташкахьа бевлира, вуьш — векалшкахьа.
5
Кхечу къаьмнех болчу нехан а, жуьгтийн а шайн хьаькамашца цхьаьна барт хилира векалш сийсаз а бина, царна тӀулгаш детта.
6
Иза хаа а хиъна, гӀалара дӀабахара векалш. Уьш Ликона-махкарчу Листар а, Дерба а цӀе йолчу гӀаланашка а, царна гонахарчу меттигашка а арабевлира.
7
Цигахь хаза кхаъ кхайкхабора цара.
8
Листарехь Ӏаш цхьа стаг вара, винчу хенахь дуьйна а когаш лелаш а боцуш, цкъа дӀа а волавалаза.
9
Цо а ладугӀура ПахӀала хьехам бечу хенахь. Ша къамел деш цу стаге хьаьжначу ПахӀална гира цуьнан шен товаларх болу тешам.
10
«Когаш тӀе хьалагӀатта!» — элира цо заьӀапчуьнга. И стаг, хьала а гӀаьттина, дӀаволавелира.
11
ПахӀала динарг а гина, ликонан маттахь маьхьарий хьекха хӀиттира нах: «Вай долчу адамийн суьртехь деланаш баьхкина!» — бохуш.
12
Цара Бар-Наабах Зевс элира, ПахӀалах ХӀерми элира, хӀунда аьлча цо къамел алсамо дора.
13
Зевс цӀе йолчу цӀунна лерина цӀа дара гӀаланал арахьа. Цу цӀа чохь гӀуллакх деш волчу стага стерчий а далийра, зезагийн кочарш а деара гӀалин кевне, нахаца векалшна лерина сагӀа даккхархьама.
14
И шайна хезча, тӀера хӀуманаш а этӀош, нахана юкъа а лилхина, мохь бетташ къамел дира векалша Бар-Нааба а, ПахӀала а:
15
«ХӀара хӀун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цӀушна тӀера стигал а, латта а, хӀордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тӀедерзийтархьама.
16
Хьалха Цо пурба лора нахана шайн некъашца лела,
17
амма Цо Шех тоьшалла дитина, шуна диканиг а деш: стигалара догӀа доуьйтий, шен хенна ялта кхуьуьйтий. Цо шуна кхача а ло, шун дегнаш хазахетарх а дузу».
18
И дешнаш аьлча а, кхарна тӀера сагӀа даккха гӀерташ болу нах халла совцабелира векалшка.
19
Антиохера а, Иконера а баьхкинчу цхьаболчу жуьгташа и нах шайна тӀеберзийра. Адамийн тоба, векалшна дуьхьал а яьлла, ПахӀална тӀулгаш детта йолаелира. Эххар а, иза велла моьттуш, такхийна гӀаланах араваьккхира цара.
20
Амма мурдаш шена гонах гулбелча, ПахӀал, хьала а гӀаьттина, гӀала юхавеара. ШолгӀачу дийнахь Бар-Наабаца Дерба олучу меттиге дӀавахара иза.
21
Цу гӀалахь хаза кхаъ а кхайкхийна, дуккха а мурдаш карийра царна. Цул тӀаьхьа векалш Листаре а, Иконе а, Антиохе а юхабаьхкира.
22
Цигахь, мурдаш дегнашца чӀагӀбеш, шайн тешарехь чӀогӀа хила бохуш, Ӏамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хилале», — бохура цара.
23
Ӏийсах тешачийн хӀора тобанехь тхьамданаш а хӀиттийна, марханаш а кхобуш, доӀанашца уьш тешначу Везачу Элан кара белира векалша.
24
Цул тӀаьхьа, Писида-гӀалех чекх а бевлла, Пампили-махка баьхкира уьш.
25
Перга-гӀалахь хьехам чекх а баьккхина, Аттали-гӀала бахара векалш.
26
Ткъа Атталера хӀордкеманца уьш Антиохе дӀабахара. Цигахь Делан кара белла бара уьш, шайна тӀедиллина гӀуллакх дархьама. И гӀуллакх цара хӀинца кхочуш а дира.
27
Юха а баьхкина, Ӏийсах тешачийн тоба а гулйина, дийцира цара Дала шайгахула диначух а, Цо Шех тешаран неӀ кхечу къаьмнийн нахана схьаелларх а.
28
Уьш цигахь мурдашца еххачу хенахь Ӏийра.
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28