bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 12
Acts 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 13 →
1
Оццу хенахь ХӀарод-паччахь Ӏийсах тешачийн тобанна таӀзар дан волавелира, царах цхьаберш дӀа а лецийтира цо.
2
Омра а дина, Яхьъян ваша Якъуб тур тоьхна вейтира цо.
3
Жуьгташна и гӀуллакх хазахетийла хиъча, Кипа а дӀалацийтира цо. (Иза хилира совсазчу баьпкан дезачу дийнахь.)
4
Кипа, схьа а лаьцна, набахти чу воьллира. Иза ларван тӀемалойн йиъ тоба хӀоттийра, хӀора тобанехь виъ стаг а волуш. Пасахьан деза де чекхдаьлча Кипа халкъан кхелана хьалха хӀотто дагахь вара ХӀарод.
5
Кипа набахтехь велахь а, Ӏийсах тешачийн тоба даггара цунах лаьцна Деле доӀанаш деш яра.
6
Кхана кхеле воккху аьллачу буса, шина а агӀор зӀенаш а тоьхна, шина тӀемалочунна юккъехь вижина Ӏуьллура Кипа. НеӀарехь лаьтташ гӀарол а дара.
7
ЦӀеххьана Везачу Элан малик а деана, набахтин чоь серлаяьккхира. Муьшка йина, Кипа сама а ваьккхина, малико элира: «ХьалагӀатта сиха!» Цу сохьта Кипин куьйгаш тӀера зӀенаш охьаийгира.
8
Юха малико элира: «ТӀе хӀума а юха, кога мачаш а юха», — аьлла. Кипас цо ма-аллара дира. «Хьайна тӀе бедар а хьарчаяй, суна тӀаьхьахӀотта», — элира малико.
9
Кипа маликана тӀаьххье набахтера аравелира, дерриг а малико деш дерг самах хуьлуш дуйла а ца хууш. Цунна моьттура шена хӀоьттинарг цхьа сурт ду.
10
Уьш цхьана гӀаролах а, шолгӀачу гӀаролах а тӀех а бевлла, гӀала доьдучу аьчка кевнна тӀебаьхкира. Ков ша царна хьалха схьа а делладелла, уьш арабевлира. Бехачу урамехула чекхделира и шиъ, юха малик къайладелира.
11
Кипа меттавеача, цо элира: «ХӀинца билггала хаьа суна, Дала, Шен малик а даийтина, ХӀародан куьйгех а, жуьгташна луучу таӀзарх а со кӀелхьарваьккхинийла».
12
Дерригенах кхета а кхетта, Мареман цӀа долчухьа вахара Кипа. Марк аьлла цӀе йоккхучу Яхьъян нана яра и Марем. Цуьнан цӀа чохь дуккха а адам гулделлера доӀанаш дан.
13
Кипас ков тоьхча, Рода цӀе йолу ялхо дуьхьалъелира.
14
Цунна озах Кипа вевзира. Хазахетар совдаларна, ков дӀаделла йиц а елла, юха чуедира иза. «Кипа кевнехь ву!» — элира цо.
15
«Хьо лартӀехь юй!» — бохура цуьнга. Амма иза иштта ду бохура Родас. «Иза Кипин малик ду», — аьлла, сацам бира цара.
16
Цу хенахь Кипа ков детташ вара. Эххар а ков дӀадиллича, иза ган а гина, чӀогӀа цецбевлира уьш.
17
Куьйган эшарца уьш совца а бина, Кипас дийцира ша Дала набахтера араваккхарх лаьцна. «Кхунах лаций Якъубана а, кхечу вежаршна а дийцалаш», — аьлла, кхечу метте дӀавахара иза.
18
ШолгӀачу Ӏуьйранна тӀемалой боьхна хьийзара, цхьанна а ца хаьара Кипех хилларг.
19
ХӀарода омра дира, массанхьа а иза лаха аьлла, амма лехарх гӀуллакх ца хилира. ТӀаккха цо, тӀемалошка барт а хаьттина, уьш байийтира. Цул тӀаьхьа ХӀарода, ЯхӀуд-махкара Кхесрин-гӀала а вахана, цигахь жимма хан яьккхира.
20
ХӀарод Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахаца барт ийгӀина вара. И нах цуьнга шаьш тӀеэцийта лууш бара. Паччахьан цӀентӀехь куьйгалхо волу Балсат цӀе йолу цхьа стаг бертавалийра цара шайна гӀоьнна. Цу наха машар бийхира, хӀунда аьлча ХӀародан пачхьалкхера чудахьаш дара царна доу хӀума.
21
Билгалдаьккхинчу дийнахь паччахьан духар а дуьйхина, паччахьан гӀанта тӀе а хиина, нахе вистхилира ХӀарод.
22
Наха маьхьарий хьаькхира: «Иза Делан аз ду, адаман аз дац!» — аьлла.
23
Амма ХӀарода Дела ца лерира, цундела цу сохьта Делан малико, цамгар а тоьхна, вожийра иза. НӀаьнаша ваарна, хӀаллакьхилира иза.
24
Цу хенахь Делах долу Дош дӀасадаьржаш дара.
25
Шайна тӀедиллина гӀуллакх Ярушалаймехь чекх а даьккхина, вухавеара Бар-Нааб а, Шаул а. Марк аьлла кхин а цӀе йоккхуш волу Яхьъя а валийра цара шайца.
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28