bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 2
Acts 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 3 →
1
Жуьгтийн «ШавуӀот» цӀе йолчу ялта чудерзоран дезачу дийнахь массо а векал цхьаьнакхийтира.
2
ЦӀеххьана, чӀогӀа хьаькхначу махах тера а йолуш, стигалара цхьа гӀовгӀа хезира. Цо уьш чохь болу дерриг а цӀа дуьзира.
3
Йогучу цӀеран алунех тера долу меттанаш гира векалшна. Уьш, декъа а делла, кхарна хӀоранна тӀехула севцира.
4
Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похӀмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш.
5
Ярушалаймехь цу хенахь дуьненан массо а халкъашна юкъара схьаихна жуьгтий бара. Уьш къаьсттина чӀогӀа Делах тешаш а, Цунах кхоьруш а бара.
6
И гӀовгӀа яьлча, дукха нах гулбелира. Массо а цецваьлла виснера, хӀунда аьлча хӀоранна а векалша буьйцу шен-шен къоман мотт хезара.
7
Инзарбевлла, цара хоьттура вовшашка: «И адамаш массо а галилайхой дац?
8
Вайна хӀоранна а муха хеза, цара вайн ненан мотт буьйцуш?
9
Вайна юкъахь бу парпанхой а, мадайхой а, Ӏейламхой а, Месопатамера бахархой а, ЯхӀуд-махкара а, Каппадокера а, Понтера а, Асиара а,
10
Пхьаргера а, Пампилара а, Мисарара а, Ливин Къурина-гӀалин йистера адамаш а, римхой а,
11
(жуьгтий а, жуьгтийн дин керла тӀеэцнарш а), Крит-гӀайренан бахархой а, Ӏаьрбихой а. Ткъа вайна массарна а хеза вешан меттанашкахь цара Делан сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна дуьйцуш!»
12
Цец а буьйлуш, хиллачух ца кхеташ, вовшашка хоьттура цара: «Ванах, хӀара хӀун ду?» — бохуш.
13
Цхьаболчара бохура, бийла а буьйлуш: «Цара алсам мерза чагӀар мелла».
14
Кипас, вукху цхьайтта векалца дӀа а хӀоьттина, аз айдеш, элира нахе: «ЯхӀудхой а, Ярушалайман бахархой а! Пурба ло суна дерриг а шайна дийцийта. Дика соьга ладогӀалаш!
15
ХӀара нах, шуна ма-моттара, бехна бац, хӀинца Ӏуьйранна исс сахьт бен ма ца даьлла.
16
Ткъа Юал-пайхамаро дийцинарг ду хӀара.
17
„ТӀаьххьарчу деношкахь, — боху Дала, — Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе. ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ шайна хьалха хӀуьттуш хир бу, ткъа баккхийнаш Делера долу гӀенаш гуш хир бу.
18
Сайн ялхошна тӀе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Ӏаь тухур ю Аса цу деношкахь, тӀаккха цаьргахь пайхамаралла хир ду.
19
Аса стигалан Ӏаьрчашкахь а, лаьтта тӀехь а тамашийна хӀуманаш гойтур ду: цӀий, цӀе, кӀуьран мархаш.
20
Везачу Элан сийлахь де тӀекхачале малхах бода хир бу, баттах цӀий хир ду.
21
Амма массо а Везачу Эле кхойкхуш верг кӀелхьарвоккхур ву“.
22
Исраилхой, ладогӀалаш соьга: Назартара Ӏийса адам делахь а, Дала Иза шуна хьалха къобалвира. ХӀунда аьлча шуна ма-хаъара, Дала Цуьнгахула шуна юкъахь тамашийна хӀуманаш а, билгалонаш а кхочушйора.
23
Ӏийса Делан лаамца а, Цунна хьалххе гуш ма-хиллара а, шун кара дӀавелира, ткъа аша дин доцучу нахе, жӀарах дӀа а тохийтина, вейтира Иза.
24
Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Ӏожаллин багара а ваьккхина. Ӏожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо.
25
Дауда олура Цунах лаьцна: „Суна гуттар а гора Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта.
26
Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегӀ а ду сатуьйсийлах дуьзна.
27
ХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац.
28
Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь“.
29
Вежарий, аса билггала бакъдерг дӀахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дӀа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду.
30
Иза пайхамар вара. Дала цунна чӀагӀо йинера, цуьнан тӀаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла.
31
Хиндерг хууш, Дауда дийцинера Дала леррина Къобалвинарг денлург хиларх а, Иза кошахь вуьсург ца хиларх а, Цуьнан дегӀана дахкадалар гург ца хиларх а лаьцна.
32
Дала Ӏийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду.
33
Иштта Делан аьтту куьйга хьалаваьккхинчу Цо Дегара Шена лур ду аьлла Делан Са схьаийцира. Ӏийсас кхочушдира тахана шуна гуш а, хезаш а дерг.
34
Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира: „Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агӀор охьахаа,
35
Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц’, — аьлла“.
36
Цундела, берриг а исраилхой, хаалаш: аша жӀарах дӀатоьхна Ӏийса — Дала Цунах Веза Эла а, Къобалвинарг а вина шуна».
37
И дешнаш хезча, эхь хетта, нехан дегнаш лелхадохкура. Цара хоьттура Кипе а, кхечу векалшка а: «Вежарий, хӀун дан деза оха?» — бохуш.
38
Кипас элира цаьрга: «Шух хӀора а Далла тӀе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Ӏийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТӀаккха шуна совгӀат санна Делан Са лур ду.
39
И совгӀат дукха хенахь дуьйна а лур ду аьлла дара шуна а, шун берашна а, шуна тӀаьхьабогӀучу, Дала Шена тӀекхойкхун болчу массарна а».
40
Кипас, цаьрга дӀа а хьедеш, дехарца бохура: «КӀелхьардовлалаш хӀокху телхинчу адамех».
41
Цуьнан хьехам тӀеоьцучара шаьш хих чекхдохуьйтура. Цу дийнахь Ӏийсан мурдийн тоба кхин кхаа эзар стагана совъелира.
42
Уьш гуттар а векалийн хьехаме ладугӀуш а, вовшех дагабовлуш а, бепиг дохош а, доӀанаш деш а бара.
43
Берриш а Делах кхоьруш бара. Дала дуккха а тамашийна гӀуллакхаш дора векалшкахула.
44
Ӏийсах тешаш берш цхьаьна бара, церан массо а хӀума юкъахь дара.
45
Шайн керташ а, долахь дерг а дӀа а духкуш, шайна юкъахь дӀасадоькъура цара, хьанна хӀун оьшу хьаьжжина.
46
ХӀора дийнахь цхьаьна Делан цӀийнан кертахь бара уьш. ЦӀеношкахь цара хазахетарца а, даггара а, кег а деш, бепиг дуура,
47
Далла хастамаш а беш. Гонах болчара а уьш лорура. Везачу Эло хӀора денна совйоккхура кӀелхьарбохучийн тоба.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28