bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 24
Acts 24
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 25 →
1
Пхи де даьлча, динан коьрта да Хьанас а, масех воккха стаг а, кхелан гӀуллакх лелош волу Туртал а веара цига. Цара мехкан куьйгалхочуьнга ПахӀална дуьхьал шаьш даьккхинарг дийцира.
2
2-3 ПахӀал схьакхайкхича, Туртала, иза бехкевеш, бохура: «Массо а хенахь а, массо а меттехь а баркаллица тӀечӀагӀдо оха, лоруш волу Пелакъ, хьо бахьана долуш тхо долчохь машар хилар а, ахь Ӏуналла дарца хӀокху халкъан дахар толуш хилар а.
3
***
4
Амма, хьуна тӀех новкъарло ца ярхьама, доьху хьоьга тхан доццачу къамеле ладогӀар, хьайгахь гуттар а болчу къинхетамца.
5
Оха къастийна: хӀара стаг нахана зуламе хилар, дуьнен чохь массо а меттехь жуьгташна юкъахь питана туьйсуш а, назартхойн тобанан куьйгалхойх цхьаъ хилар а.
6
ТӀехула тӀе Делан цӀа сийсаздан а воьллера хӀара, амма оха сацийра.
7
***
8
Барт хаьттича, хьуна хьайна а хуур ду, оха хӀара стаг бехкевар нийса дуйла».
9
Оцу бехкана тӀетайра важа жуьгтий а, цо аьлларг дерриг а бакъ ду аьлла.
10
Мехкан куьйгалхочо пурба делча, ПахӀала жоп делира: «Дуккха а шерашкахь кху халкъана тӀехь хьо кхелахо вуй а хууш, со хазахетарца бехказавала хьожур ву.
11
Хьуна хаа хала хир дац, со шийтта де ца кхоччуш хьалха Ярушалайме Далла Ӏибадат дан веанийла.
12
Я Делан цӀийнехь а, я жуьгтийн гуламан цӀеношкахь а, я гӀали юккъехь а со бехке вечу нахана цхьаьнцца а къуьйсуш я нах карзахбохуш а со ца гина.
13
Церан ницкъ бац, со бехке ву аьлла, цхьа а тешо.
14
Амма цхьана хӀуманна тӀехь къера ву со: сайн дайн Далла гӀуллакх деш вогӀу со кхарна тоба бен ца хетачу новкъахула. Товратан хьехамех а, пайхамарша яздинчух а — дерригенах а теша со.
15
Делан лаамехь болчарна а, боцучарна а беллачуьра денлур бу аьлла болу, хӀорш а шех тешаш болу, Делах болу цхьа сатийсам бу сан.
16
Цундела дерриг а сайн ницкъ кхочург дан гӀерта со Далла а, нахана а хьалха догцӀена хилархьама.
17
Дуккха а шераш девллачул тӀаьхьа Ярушалайме веана со, сайн халкъана юкъара къечарна хӀума кховдорхьама а, сагӀа даккхархьама а.
18
18-19 Со цӀинваларан Ӏадатах чекхваьлча, Делан цӀийнан кертахь карийра Асиа-махкара масех жуьгтичунна. Соьца адамийн тоба яцара, я гӀовгӀа а ца йора цхьаммо а. Уьш бара хьуна хьалха хӀитто безарш, нагахь церан суна дуьхьал ала хӀума делахь.
19
***
20
Я кхаьрга алийта, соьгахь хӀун харцо карийна шайна, со коьртачу кхеташонна хьалха лаьттачу хенахь.
21
Кхарна юкъахь лаьттачу хенахь ас чӀогӀа аьлла цхьа дош бахьана долуш дуй те хӀара: „Белларш денлуш хиларх теша аьлла, аша суна тахана кхел йо“, — аьлла».
22
Дерригене ла а доьгӀна, цу хьехамах дерг шена дика хаьа дела, Пелакъа и гӀуллакх тӀаьхьатеттира. Цо элира: «ТӀеман коьрта хьаькам Лоса схьавеача, ас къастор ду шун гӀуллакх».
23
Юха цо тӀеман хьаькаме омра дира, ПахӀал ларве, амма паргӀат а вита, накъосташна цуьнан гӀайгӀа бан новкъарло а ма е аьлла.
24
Масех де даьлча, жуьгти йолчу, шен зудчуьнца Дурсалица веанчу Пелакъа, ПахӀале схьа а кхайкхийтина, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах долчу тешарх лаьцна цуьнга дийцийтира.
25
ПахӀала бакъдолчух а, юхаозаваларх а, хин йолчу Делан кхелах а лаьцна дийцича, Пелакъа, кхера а велла, элира: «ХӀинца дӀагӀо, юхахула ас схьакхойкхур ву хьо».
26
Цул сов иза сатесна вара ПахӀала ша дӀахоьцург ахча лург хиларе, цундела, кест-кеста схьа а кхойкхуш, цуьнца къамел дора цо.
27
Ши шо даьлча, Пелакъан метта Порка Висита цӀе йолу куьйгалхо веара. Жуьгташна там бархьама ПахӀал чувоьллина витира Пелакъа.
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 25 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28