bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 11
Acts 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 12 →
1
Берриг а ЯхӀуд-махкахь болчу векалшна а, динан вежаршна а хезнера, кхечу къаьмнех болчара Делан дош тӀеэцна бохуш.
2
Цундела Кипа Ярушалайме веача, Ӏийсах тешаш болу сунтбинарш хӀокхуьнга бехкаш даха хӀиттира.
3
«Сунтбаза болчеран чу а воьдуш, цаьрца хӀума йиъна ахь», — бохура цара.
4
ТӀаккха дерриге а муха хилла, царна ма-дарра дийца волавелира Кипа.
5
«Со Яппи-гӀалахь доӀанаш деш вара, — дуьйцура цо, — шовкъ еанчу суна сурт хӀоьттира. Еа маьӀӀера схьа а лаьцна, стигалара со волчу охьайоуьйтуш йолу цхьа йоккхачу шаршух тера хӀума гира суна.
6
Цу чу хьаьжча, суна гира биъ ког болу дийнаташ а, акхарой а, кхин а текхаргаш а, олхазарш а.
7
Юха суна аз хезира: „Кипа, хьала а гӀаттий, яйа а яйий, яа уьш“, — аьлла.
8
Ас жоп делира: „Ма ала иза соьга, Веза Эла! Цкъа а хьарам йолу хӀума йиъна яц аса“, — аьлла.
9
Стигаларчу озо юха а элира: „Дала магийтинарг хьарам ма хета“.
10
Иштта кхузза хилира, юха шаршу стигала хьалаяьхьира.
11
Оццу хенахь со волчу цӀенна уллохь кхо стаг сецира. Уьш со волчу Кхесрин-гӀалара бахкийтина бара.
12
Делан Сино, шек а ца волуш, цаьрца дӀагӀо элира соьга. ХӀара ялх динан ваша а веара соьца. Тхо соьга кхайкхинчу стеган цӀа чу дахара.
13
Цу стага дийцира, цӀа чохь шена малик гина бохуш. Малико аьлла цуьнга: „Яппи-гӀала ШамӀе схьакхайкха бахийта. Цунах кхин Кипа а олу.
14
Цо цхьа хаза кхаъ бахьар бу шуна. И кхаъ бахьанехь хьо а, хьан цӀеранаш а кӀелхьарбевр бу“.
15
Со дийца волавелча, хьалха тхуна тӀе санна, царна тӀе а Делан Са доьссира.
16
ТӀаккха суна Везачу Элан дешнаш дагадеара: „Яхьъяс адамаш хих чекхдохура, ткъа шу Делан Синах дузур ду“.
17
Цундела Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элах тешачу вайна Дала делларг царна а делла хилча, со мила ву Далла дуьхьал вала?»
18
Оцу дерригене а ладоьгӀча, церан дуьхьал ала хӀумма а дацара. Цара Далла хастам бора: «Дала кхечу къаьмнех болчарна а некъ белла Шена тӀеберза, Шеца дахар хилийта».
19
Тапа вийначул тӀаьхьа шайна беш хиллачу ницкъах бевдда кӀелхьарбевлла Ӏийсах тешнарш Пиники-гӀала а, Кипре а, Антиохе а кхечира. Ӏийсах болу хаза кхаъ жуьгташна бен ца бовзуьйтура.
20
Амма цхьацца болу кипрхой а, къуринхой а Антиохе а баьхкина, Ӏийса-Элах лаьцна хаза кхаъ грекашна а бийца буьйлабелира.
21
Цаьрца Везачу Элан лаам бара, цундела дукхахберш церан дешнех а тешна, Везачу Элана тӀебирзира.
22
Цунах лаьцна хаам Ярушалаймехь болчу Ӏийсах тешачу нахе кхечира. Цигара Антиохе Бар-Нааб вахийтира.
23
ДӀа а кхаьчна, билггала хилла болу Делан къинхетам шена гича, хазахеттачу Бар-Нааба, Ӏийсах тешна нах иркарахӀиттош, къамел дира, Везачу Элах тешар шайн дегнашкахь латтаде бохуш.
24
Делах тешарх а, Делан Синах а вуьзна волу Бар-Нааб дика стаг вара. Иза бахьана долуш дукха адам Везачу Элана тӀедирзира.
25
Цул тӀаьхьа Бар-Нааб Тарсе вахара, цигахь Шаул лахархьама.
26
Схьа а лехна, иза Антиохе схьавалийра цо. Дийнна шарахь Ӏийра Бар-Нааб а, Шаул а Антиохехь Ӏийсах тешачийн тоба йолчохь. Цара дуккха а нахана хьийхира. Антиохехь дуьххьара элира мурдех «Дала леррина Къобалвинчун берш».
27
Цу хенахь Ярушалаймера Антиохе масех пайхамар веара.
28
Агав цӀе йолчу царах цхьаммо, дӀа а хӀоьттина, Делан Синан цӀарах хаам бира, римхойн пачхьалкхехь мацалла хӀуттур ю аьлла. (Калабди Рим-мехкан паччахь волчу хенахь хилира иза.)
29
Цундела мурдаша сацам бира, шайн тароне хьаьжжина, ЯхӀуд-махкахь болчу динан вежаршна гӀо дан.
30
Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Ӏийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дӀадахьийтира цара.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28