bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 17
Acts 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 18 →
1
Уьш, Ампиполехула а, Аполлонехула а чекх а бевлла, Тассалник-гӀала баьхкира. Цигахь жуьгтийн гуламан цӀа дара.
2
Ша гуттар а ма-ваххара, кхаа шоьтан дийнахь цу чу а воьдуш, Делан Йозанаш тӀера масалш а далош, нахаца къамел дора ПахӀала.
3
Цо дуьйцура цигахь гулбеллачу нахана Дала леррина Къобалвинчун баланаш лан дезарх а, веллачуьра Иза денваларх а лаьцна. Ас шуьга вуьйцуш волу и Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву бохура ПахӀала.
4
Царах цхьаберш, Ӏийсах а тешна, ПахӀалах а, Салих а дӀакхийтира. Далла Ӏамал еш болу дуккха а Грекийн-махкара нах а, лоруш болу зударий а бара царна юкъахь.
5
Амма тӀаьхьа ца хӀиттина, Ӏийсах а ца тешна, хьагӀ лаьцна болу жуьгтий, гӀалин майданара харцахьа лела нах схьа а эцна, тобане а гулбелла, гӀала марсаяха хӀиттира. Ясонан цӀийна улло а баьхкина, ПахӀал а, цуьнан накъостий а халкъана хьалха хӀитто гӀертара уьш.
6
ПахӀалгӀар ца карийча, цара Ясон а, кхин а цхьаболу динан вежарий гӀалин хьаькамашна тӀе дӀатакхийра, маьхьарий а хьоькхуш: «Кху дуьненан а синтем байина хӀара нах хӀинца кхуза а кхечи,
7
Ясона хӀорш тӀе а ийци! Берриш хӀорш паччахьо тӀедиллинчунна дуьхьал бовлуш бу, кхара кхин паччахь ву боху, иза Ӏийса ву а боху».
8
Цу хаамо адам а, гӀалара Ӏедал а карзах даьккхинера.
9
Ясонера а, вукху динан вежаршкара а закъалт а даьккхина, уьш дӀахийцира цара.
10
Динан вежарша ПахӀал а, Сали а цу сохьта буьйсанна Берия олучу гӀала дӀавахийтира. Цига дӀа а кхаьчна, уьш жуьгтийн гуламан цӀийне бахара.
11
Кхузарчу нехан дегнаш Тассалникерачарел алссам делладелла дара цо дуьйцург тӀеэца. Цара боккхачу лаамца тӀеийцира дош. Делан Йозанаш а Ӏамадора цара, денна а ПахӀала дуьйцург бакъ дуй хаархьама.
12
Ӏийсах тийшира дуккха а жуьгтий а, грекийн хьалдолу зударий а, тоъал божарий а.
13
Тассалник-гӀалахь болчу жуьгташна Берия-гӀалахь ПахӀала Делан дош хьехний хиъча, уьш цига баьхкира, адам карзах а доккхуш.
14
ТӀаккха динан вежарша ПахӀал сихонца хӀордан йисте дӀавахийтира, ткъа Сали а, Тимапи а цигахь сецира.
15
ПахӀал новкъа воккхучара иза Атина-гӀала дӀавигира. Цуьнгара Салига а, Тимапига а дахьа кост а эцна, сиха цхьаьнакхетархьама новкъабевлира уьш.
16
Сали а, Тимапи а схьаваре хьоьжуш, Атинехь холчохь вара ПахӀал, хӀунда аьлча гӀала юьззина цӀуш бара цунна гуш.
17
Жуьгтийн гуламан цӀа чохь жуьгташца а, Далла Ӏибадат дечу грекашца а, тӀаккха хӀора дийнахь базаран майданахь цигахь хуьлучу нахаца а къамел дора цо.
18
Эпикураш а, стоикаш а аьлла, шайх цӀе йоккхучу цхьаболчу Ӏилманчаша къуьйсура цуьнца. Царах цхьаболчара бохура: «ХӀара хабарча хӀун ала гӀерташ ву?», вукхара бохура: «Иза, схьагарехь, хийра деланаш буьйцуш верг ву». Цара иштта алар бахьана дара ПахӀала Ӏийсах а, веллачуьра денваларх а лаьцна дийцар.
19
Цара иза, схьа а лаьцна, лаккхарчу кхеташоне валийра: «Ахь хьоьхуш долу керла хӀума тхан хаа таро йолуш дуй?» — аьлла.
20
«ХӀунда аьлча цхьа тамашийна хӀума ду тхуна хезнарг, цундела иза хӀун ду хаа лаьара тхуна?»
21
(Атина-гӀалин бахархойн а, цаьрца Ӏаш болчу кхечу мехкашкарчу нехан а чӀогӀа самукъадолура массо а хенахь керлачуьнга ладугӀуш я керланиг дуьйцуш.)
22
Кхеташонна юккъе а хӀоьттина, ПахӀала элира: «Атинахой, суна го шу къаьсттина суьпа нах дуй,
23
хӀунда аьлча шун гӀалахула езачу меттигашкахула чекхволуш, суна карийра шена тӀехь сагӀа доккху тӀулг. Цу тӀехь яздина дара: „Вевзаш воцучу Далла“. Цундела шайна мила ву а ца хууш, аша Ӏибадат деш волу Дела ву ас шуна вуьйцург.
24
Дуьне а, цу чохь дерг а кхоьллина волу, стигалан а, лаьттан а Эла волу Дела куьйга динчу цӀенош чохь Ӏаш вац.
25
Адамийн куьйгаша Далла гӀуллакх деш делахь а, Цунна хӀума а оьшуш дац. Цо Ша ло адамна дахар а, садеӀар а, кхин дерриге а.
26
Цхьана адамах Цо кхоьллира массо а адамийн халкъаш, уьш массо а Лаьтта тӀехь Ӏайтархьама, хьалххе царна цхьа билггала заманаш а, Ӏан меттиг а къастийна,
27
цаьрга Дела лахийтархьама: цара Иза лаха а тарло, царна Иза каро а тарло (бакъдерг аьлча, Иза вайна хӀоранна а генахь-м вац).
28
ХӀунда аьлча „Иза бахьана долуш вай дехаш а, меттахдовлуш а, Ӏаш а ду“. Шун цхьаболчу байташ язъярхоша аьлла: „Тхо Цуьнан бераш ду“.
29
Иштта, Делан бераш долчу вайна мотта ца оьшу Дела адаман хьекъалца а, говзаллица а кхоьллинчу тӀулгах, я деших, я детих тера ву.
30
ХӀума ца девзаш яьккхинчу ханна Дала бехке ца до шу, амма хӀинца массо а адамашка, массанхьа а, лелийначунна дохко а довлий, Шена тӀедерза аьлла, омра до Цо.
31
ХӀунда аьлча Цо билгалдаьккхинчу дийнахь Ша къастийначу Стагехула дерриг а дуьненна нийсонца кхел йийр ю, массарна а тоьшаллина Иза веллачуьра ден а вина».
32
Велларг денварх лаьцна хезча, цхьаберш ца бешаш бела хӀиттира, ткъа вукхара бохура: «Цунах лаьцна тӀаккхахула ладогӀа луур ду тхуна».
33
ПахӀал царна юкъара дӀавахара.
34
Цхьаберш, цунна тӀаьхьа а хӀиттина, Ӏийсах тийшира. Царна юкъахь бара лаккхарчу кхеташонан декъахо волу Дайнас а, Дамират цӀе йолу зуда а, кхиберш а.
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28