bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 4
Acts 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 5 →
1
Кипас а, Яхьъяс а нахаца къамел дечу хенахь царна тӀе динан дай а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькам а, динан тобанан садукъой цӀе йолу нах а баьхкира.
2
Уьш чӀогӀа реза бацара Кипас а, Яхьъяс а нахана хьоьхуш хиларна а, Ӏийса веллачуьра денвелла бохуш кхайкхам барна а.
3
Цара и шиъ, схьа а лаьцна, ларвайта гӀароле дӀавелира, хӀунда аьлча тӀееана суьйре а яра, хан а яьллера.
4
Ткъа цу шиннан хьехамашка ладоьгӀна болу дукхахберш тийшира цара дийцинчух, цундела Ӏийсах тешнарш пхи эзар гергга хилира.
5
ШолгӀачу дийнахь хьаькамаш а, баккхий нах а, Ӏелам нах а Ярушалаймехь цхьаьна гулбелира.
6
Динан коьрта да Ӏанна а, иштта Кайба а, Яхьъя а, Искандар а, динан коьртачу ден доьзалхой а, кхиболу гергара нах а бара цигахь.
7
Кипий, Яхьъяй юккъе а ваккхийтина, цаьрга барт хатта буьйлабелира уьш: «Муьлхачу ницкъаца а, хьенан цӀарах а дара аша динарг?» — бохуш.
8
Делан Синах вуьзна волчу Кипас жоп делира: «ЛадогӀалаш, халкъан тхьамданаш а, баккхий нах а!
9
Нагахь санна цомгуш волчу стагах бинчу къинхетамах аша тахана тхоьгара жоп дехахь,
10
дӀахаалаш шуна а, дерриг Исраилан халкъана а: аша, жӀарах дӀа а тоьхна, вейтинчу, Дала веллачуьра денвинчу, Назартарчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа товина волу хӀара стаг шуна хьалха лаьтташ ву!
11
Ӏийса — Иза, „гӀишлошъечу пхьераша дӀа а кхоьссина, сонан йисте дӀахӀоьттина болу тӀулг“ бу.
12
Кхин цхьаьнггахь а кӀелхьардовлар дац, хӀунда аьлча стигал кӀелахь кхин цӀе яц адамашна кӀелхьардовла елла».
13
Барт хоттуш берш цецбевллера Кипин а, Яхьъян а доьналлех. ХӀара шиъ дешна а воцуш, мискачу нахах ма вара. Юха кхелахошна хиира хӀорш Ӏийсаца хиллий.
14
Амма царна уллохь лаьтташ товина стаг а гуш, дуьхьал ала хӀума дацара кхелахойн.
15
Юха векалшка, коьртачу кхеташонера арадовла аьлла, омра а дина, барт бан хӀиттира уьш.
16
«ХӀун де вай оцу нахана? — бохура цара. — Ярушалайман бахархошна гина цара дина тамашийна хӀума. Вайга иза дайалур дац.
17
Амма хиллачух лаьцна хабар нахана юкъахь ца даржийта, вай дехка деза царна Ӏийсан цӀарах хьехам бар».
18
Юха а Кипий, Яхьъяй чу а валавайтина, омра дира цара, Ӏийсан цӀе а ма яккха, Цунах лаьцна хьехамаш а ма бе аьлла.
19
Амма Кипас а, Яхьъяс а жоп делира: «Ойла ейша шаьш а, нийса дуй Далла хьалха, Делал хьалха шуьга ладогӀар?
20
Цундела тхайна гинарг а, хезнарг а ца дуьйцуш тхо Ӏалур дац».
21
Ткъа вукхара, кхерамаш а тийсина, дӀахийцира Кипий, Яхьъяй, кхарна хӀун таӀзар дийр ду а ца хиъна. Хиллачунна Далла хастамаш беш дара дерриг а халкъ.
22
ХӀунда аьлча и тамашийна дарба хиллачу стеган шовзткъа сов шо дара.
23
Шаьш дӀахецча, Кипас а, Яхьъяс а, шайн накъостий болчу а веана, шайга динан коьрта дайша а, баккхийчу наха а баьхнарг дӀадийцира.
24
И дерриге а шайна хезча, Делах тешаш берш цхьаьний аз айдина доӀа дан хӀиттира: «Хьалдолу Эла! Ахьа стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел дерг а кхоьллина!
25
Ахьа аьлла Хьайн ялхо волчу тхан ден а Даудан багахула Делан Синца: „Хийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна?
26
Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара“.
27
Билггала, хӀокху гӀалахь ХӀарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Ӏийсана кхел ян.
28
Ахьа Хьайн лаамца а, куьйгаца а тӀедиллинарг кхочушдира цара.
29
ХӀинца а, Веза Эла, хьажахьа цара туьйсучу кхераме. Тхуна, Хьайн ялхошна, ницкъ лохьа ерриге а майраллица Хьан дош кхайкхо,
30
ткъа Ахьа Хьайн Везачу Ялхочун Ӏийсан цӀарах дарба дан а, тамашийна хӀуманаш а, инзаре гӀуллакхаш а гайта а кховдадо Хьайн куьг!»
31
Цара доӀа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тӀаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош.
32
Делах тешнарш дегнашца а, хьекъалца а цхьаьна бара. Цхьаммо а ца бохура шен долахь дерг шен бен дац. Шайн мел дерг юкъахь доькъура цара.
33
Векалша боккхачу ницкъаца тоьшалла дора Ӏийса-Эла денваларх лаьцна. Дала а къобалбора уьш.
34
34-35 Латта а, цӀенош а долчу наха, уьш дӀа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора.
35
***
36
Масала, Кипр-гӀайре тӀера Юсуп цӀе йолчу, Леви тайпанах волчу стага (векалша цунах Бар-Нааб а олура, ткъа иза «синтеман кӀант» бохург ду)
37
шен латта дӀа а доьхкина, схьадеана ахча векалийн когашка охьадиллира.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28