bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 28
Acts 28
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
1
Берда тӀехь кӀелхьардевлча, тхуна хиира гӀайренан цӀе Мелита юйла.
2
Цигарчу бахархоша чӀогӀа дика тӀеийцира тхо. ДогӀа а деана, шелъелча, цӀе а латийна, цунна улло дохдала тӀекхайкхира цара тхоьга.
3
ПахӀала цхьа цӀов чӀийш гулдира. Цо уьш цӀерга кхиссича, йовхонах бедда лаьхьа, цунна це а тоьхна, куьйгах хьаьрчира.
4
ПахӀалан куьйгах кхозу и лаьхьа гича, цигарчу наха вовшашка элира: «Цу стага, билггала, цхьаъ вийна. ХӀорда чохь иза ца веллехь а, хӀинца Делан кхелаца дийна вуьсур вац иза».
5
Амма ПахӀална цхьа а тайпа лазош хӀума ца хааделира, цо лаьхьа цӀерга ластийра.
6
Царна моьттура, я цуьнан куьг дестар ду, я иза цӀеххьана велла охьавужур ву. Уьш бехха Ӏийра цуьнга хьоьжуш, амма ПахӀална хӀумма а ца хилира. ТӀаккха шайн ойла хийцира цара, иза цхьа Дела ву аьлла.
7
Цу меттигна гена боццуш Палаби цӀе йолуш волчу гӀайренан хьаькаман бахам бара. Тхо ша волчу а кхайкхина, кхаа дийнахь тхуна хьошалла лелош, комаьрша хӀусамда хилира иза.
8
Палабин да, дагар а деана, гай а лозуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Цуьнга хьажа ваханчу ПахӀала, доӀа а дина, цомгушниг товира, тӀе куьйгаш а дехкина.
9
И хиллачул тӀаьхьа гӀайре тӀера бисина болу цомгуш нах а богӀура. Царна а дарба дора ПахӀала.
10
ГӀайре тӀера бахархоша чӀогӀа ларам бира тхан. Тхо дӀадаха кечлуш, цара тхуна дерриг а оьшург деара.
11
Цигахь кхо бутт баьккхинчул тӀаьхьа, цу гӀайре тӀехь Ӏа доккхуш хиллачу, шех Диоскураш олучу Искандар-гӀалара догӀучу хӀордкеманна тӀехь дӀадахара тхо.
12
СуьракӀоз-гӀала а кхаьчна, цигахь кхо де даьккхира оха.
13
Цигара дӀадахча, Риги олучу гӀала кхечира тхо. Цхьа де даьлча, къилбера мох хьаькхира. ШолгӀачу дийнахь тхо Путола-гӀала кхечира.
14
Цигахь динан вежарий а карийна, церан дехарца кӀира даьккхира оха цаьрца. Цул тӀаьхьа тхо Рим-гӀала даьхкира.
15
Цигара динан вежарий, тхо догӀу аьлла хезна, Аппи цӀе йолчу майданахь а, хьешан кхо цӀенош долчохь а дуьхьалбаьхкира тхуна. Уьш гича, Далла хастам а бина, дог иракарахӀоьттира ПахӀалан.
16
Римехь ПахӀална къаьстина Ӏе бакъо елира, амма тӀемалочо ларвеш вара иза.
17
Кхин кхо де даьлча, жуьгташна юкъара куьйгалхой гулбира цо. Уьш схьабаьхкича, ПахӀала элира цаьрга: «Вежарий! Вайн халкъана а, цуьнан гӀиллакхашна а дуьхьал ас хӀумма а ца диннашехь, Ярушалаймехь, схьа а лаьцна, римхошка дӀавелира со.
18
Цара, барт а хаьттина, вел бахьана соьгара ца даьллий хиъча, со дӀахеца сацам бира.
19
Жуьгтий дуьхьал бара цу сацамна, цундела Рим-мехкан паччахье кхел е аьлла, дехар дан дийзира сан. Амма ас цхьана а хӀуманна тӀехь бехке ца до сайн халкъ.
20
Цундела лиънера суна шу ган а, шух дагавала а, хӀунда аьлча Исраилан халкъан сатийсам кхочушхиларх со тешарна тоьхна суна хӀара гӀоьмаш».
21
Цара элира ПахӀале: «ЯхӀуд-махкара хьох лаьцна цхьа а кехат ца кхаьчна тхоьга. Цигара баьхкинчу вайн вежарех цхьаммо а хьох хаам а ца бина, я вониг а ца аьлла хьох лаьцна.
22
Амма тхуна хьоьгара хаа лаьара хьуна хетарг, хӀунда аьлча цу динан тобанах лаьцна массанхьа а дукха къийсамаш бу бохуш, хезнера тхуна».
23
Цара цхьа де билгалдаьккхира. Дуккха а жуьгтий баьхкира ПахӀал сецначу цӀийне. Ӏуьйранна дӀаволалой, сарралц дуьйцура цо царна Делан Олаллех лаьцна, ша Ӏийсах лаьцна аьлларг бакъ хилар тешо гӀерташ, Муса-пайхамаран хьехамаш тӀера а, пайхамарша дӀаяздинчунна тӀера а тоьшаллаш а далош.
24
Цхьаберш тешара цо дуьйцучух, вукхарна и бакъ ца хетара.
25
Вовшийн юкъахь барт а ца хилла, уьш дӀабаха гӀерташ болчу хенахь, ПахӀала элира хӀара тӀаьххьара дешнаш: «Бакъдерг аьлла Делан Сино ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула шун дайшка:
26
„Цу халкъана тӀе а гӀой, ала цаьрга: Шайн лергашца ладугӀур ду аш, амма кхетар дац шу, шайн бӀаьргашца хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша.
27
ХӀунда аьлча дегнаш чӀагӀделла цу адамийн, лергашца халла хеза царна, бӀаьргаш а къевлина ду церан. Цундела бӀаьргашца ца гуш, лергашца ца хезаш, дегнашца ца кхеташ бу уьш. Суна тӀебирзича, Ас дарба дийр дара царна“».
28
«ДӀахоуьйла шуна, Дала кӀелхьардовларх болу Шен кхаъ кхечу къаьмнийн нахана хаийтина: царна хезар ду».
29
***
30
Дийнна шина шарахь ша мах лучу цӀенош чохь Ӏийра ПахӀал. ПахӀала шена тӀебаьхкинарш берриш а тӀеоьцура.
31
Дуьхьало йоцуш а, майрра а Делан Олалла а кхайкхош, Дала леррина къобалвинчу Везачу Элах Ӏийсах лаьцна хьехам бора цо.
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28