bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 27
Acts 27
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 28 →
1
Тхан Итали даха деза аьлла, сацам хиллачул тӀаьхьа ПахӀал а, кхин цхьацца болу тутмакхаш а Юлай цӀе йолчу тӀеман хьаькаме дӀабелира. Иза Рим-мехкан паччахьан цӀарахчу эскаран декъан эпсар вара.
2
Асиа-махка доьдучу Адрамитти-гӀалин хӀордкеманна тӀе а хевшина, новкъадевлира тхо. Тхоьца Арестах цӀе йолу Тассалник-гӀалара македонхо а вара.
3
ШолгӀачу дийнахь тхо ЦӀадан-гӀалахь охьадевлира кеманна тӀера. Юлай ПахӀале ларам болуш хилира. Цо цунна бакъо елира оьшучунна тӀехь гӀо дийр долу накъостий болчу ваха.
4
Цигара хӀорда тӀе арадевлла, мох кӀезиг болчу агӀор, Кипр-гӀайре йолчухьа дахара тхо, дуьхьал хьоькхуш мох хиларна.
5
Киликана а, Пампилна а дуьхьал болчу хӀордал дехьа а девлла, Ликин-махкарчу Мир-гӀала кхечира тхо.
6
Цигахь Искандар-гӀалара Итале-махка догӀу хӀордкема а карийна, цу тӀе ховшийра тхо тӀеман хьаькамо Юлайс.
7
Масех дийнахь меллаша дӀадоьлхуш дара тхо. Мох дуьхьал хьоькхуш хиларна, Кинад-гӀалина дуьхьал нисделча, цу агӀор кхидӀа даха а ца делла, Крит-гӀайренна улло дахара тхо, Салмон цӀе йолчу берда юххе а теӀаш, цигахь мох кӀезиг болу дела.
8
Халла цунна уллохула тӀех а девлла, Ласи-гӀалина гена йоцучу, шех Дика дӀахӀуттийла олучу метте кхечира тхо.
9
Дуккха а хан яьллера тхо новкъа девлла. КхидӀа даха кхераме дара, хӀунда аьлча гуьйренан чаккхе яра, жуьгтийн халкъ къинойх цӀиндаларан деза де а чекхдаьллера. ПахӀала, хьехар деш, бохура:
10
«ЛадогӀийша! Со гуш ву хӀара некъ кхераме хирг хилар, кеманна а, цу тӀерачу кирана а хилла ца Ӏаш, вайн дахарна а».
11
Амма хӀорш эцна воьду тӀеман хьаькам хӀордкема долахь долчух а, и дӀадохуьйтуш куьйгалла деш волчух а алсам тийшира, ПахӀала дуьйцучул а.
12
Кхеран кема дӀахӀоьттина меттиг Ӏа даккха пайденна яцара, цундела дукхахберш Крит-гӀайре тӀехь йолчу Пиника-гӀала хӀордахула дӀабаха лууш бара. Къилба-малхбузера а, къилбаседа-малхбузера а мехашна дуьхьал йолчу цу меттехь Ӏанера бовла лаьара царна.
13
Къилбера байн мох хьаькхча, царна моьттира иза шайна оьшург ду. Кема сацориг хьала а яьккхина, Крит-гӀайре йистехула дӀабахара уьш.
14
Амма дукха хан ялале гӀайре йолчу агӀорхьара шех къилбаседа-малхбалера олу чӀогӀа мох хьаькхира.
15
ХӀорд ловзабаьллачу юккъе а нисделла, мохана дуьхьал ца дахалора хӀордкема. Мохо шена луъучу агӀор дӀасакхуьссура тхо.
16
Кавда цӀе йолчу жимачу гӀайре тӀе, мох кӀезиг болчу агӀорхьа, даьхьира тхан кема, цигахь дукха хала дӀатесира оха пийсакаш хьокху жима кема.
17
Иза, хьала а даьккхина, стаммий машшашца дӀа а доьхкуш, хӀордкема чӀагӀдира оха. Хинан кӀоргалла жима йолчохь, Суьрти цӀе йолчу меттигехь бохам хиларна кхоьруш, кеманан гата охьа а дахийтина, хӀорда тӀехула дӀахецаделира тхо.
18
ШолгӀачу дийнахь хӀорд чӀогӀа ловзабаларна, кеманна тӀера кира хи чу кхосса долийра.
19
Ткъа кхозлагӀчу дийнахь хӀордкеманан цхьа боккха гӀирс чукхоьссира кеманхоша шайн куьйгашца.
20
Масийтта дийнахь я малх, я седарчий гучу ца довлура, ткъа хӀордан ловзабалар дӀатуьйш дацара. Тхо кӀелхьардевр ду аьлла йолу муьлхха а сатуьйсийла дӀаяьллера.
21
Дукха хан яра цхьаммо а хӀума яаза. ТӀаккха ПахӀала, хьала а гӀаьттина, элира: «Нах, шу соьга ла а доьгӀна, Крит-гӀайре тӀехь севцнехь, хӀара зенаш а лан дезар дацара, хӀумма а дӀакхосса езар яцара вайн.
22
ХӀинца собаре хиларе кхойкху ас шуьга, хӀунда аьлча шух цхьа а лийр вац, кема бен хӀаллакьхир дац.
23
Сийсара буса со Шен волу а, ас Шена гӀуллакх дечу а Делан малик деара суна тӀе.
24
Цо элира: „Кхера ма лолахь, ПахӀал! Хьо Рим-мехкан паччахьна хьалха хӀотта дезаш ву, Дала хьан доӀанна жоп делла, цундела хьо а, хьоьца кеманна тӀехь берш а дийна буьсур бу“.
25
Цундела доха ма дохалаш, доттагӀий, со теша, Дала сайга ма-аллара, вайца дерг хирг хиларх.
26
Амма вай билггала цхьаьна гӀайре тӀе охьакхуьссур ду».
27
ЕйтталгӀа буьйса тӀекхаьчча, тхо Адира цӀе йолчу хӀорда тӀехула хьош дара. Буьйса юккъе яхача, хӀордкеманхошна уллохь латта хааделира.
28
Хин кӀоргалла юьстича, ткъа сажа юьйла хиира. Юха жимма дехьадевлла юьстича, пхийтта сажа карийра.
29
Хин бухулара тӀулгаш тӀе кхетарна кхоьруш, кема сацош, тӀехьара йиъ кема сацориг хи чу а кхоьссина, де тӀекхачаре сатуьйсуш Ӏара уьш.
30
Ткъа кеманхой, жима кема хи чу охьа а хецна, кеманан буьххьера кема сацориг чукхуссучуха, бовда гӀоьртира.
31
Амма ПахӀала элира тӀеман хьаькаме а, тӀемалошка а: «Нагахь уьш кеманна тӀехь ца совцахь, шу а кӀелхьардевр дац».
32
ТӀаккха тӀемалоша, жима кема дӀатесна долу машшаш а хедийна, иза чудожийра.
33
Сахуьлучу хенахь ПахӀала дехар дира массаьрга а, хӀума яахьара аьлла: «Тахана дейтталгӀа де ду вай сатийсамехь долу, аша цу ерриге а хенахь хӀума ца йиъна.
34
Цундела доьху шуьга хӀума яа, хӀунда аьлча иза шуна дахар лардан оьшу. Шу цхьаннен а коьрта тӀера чо а бужур бац».
35
Иза а аьлла, бепиг, схьа а эцна, массарна а хьалха Далла хастам а бина, декъа а декъна, даа хӀоьттира ПахӀал.
36
ТӀаккха массара а, дог иракарахӀоьттина, хӀума йиира.
37
Верриг а хӀордкеманна тӀехь ши бӀе кхузткъе ялхитта стаг вара.
38
Тоъал хӀума а йиъна, кема дисина долчу киранах паргӀатдаккха хӀиттира уьш, кӀа хӀорда чу а кхуьссуш.
39
Ӏуьйре тӀекхаьчча, царна латта ца девзира, амма гӀамаран легӀана берд гира. Аьтто балахь берда тӀедовла барт хилира церан.
40
Кема сацорех, уьш хӀорда чу дӀа а хецна, паргӀат а девлла, кеманан тӀам бихкина машшаш а хедийна, буьххьера жима гата махаца а нисдина, бердехьа бахара уьш.
41
Амма гӀамарла а дахана, меттах а ца далалуш дисира хӀордкема, ткъа цуьнан тӀехье ондачу тулгӀенаша йохош яра.
42
Тутмакхаш неканца ца бовдийта байа дог хилира тӀемалойн.
43
Амма ПахӀал ца вейтархьама тӀеман хьаькамо совцийра уьш. Цо омра дира, нека хууш берш, чу а лелхий, лаьтта тӀе кхача аьлла.
44
Ткъа вукхаьрга, карадеана у я кхин йолу хӀума схьа а лоцуш, берда тӀе гӀо элира. Иштта, цхьанна а зе ца хуьлуш, массо а берда тӀе хьалавелира.
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 28 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28