bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 16
Acts 16
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 17 →
1
ПахӀал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Ӏаш Ӏийсан мурд вара, Тимапи цӀе а йолуш. Цуьнан нана Ӏийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара.
2
Листарехь а, Иконехь а динан вежарша хаза дош олура Тимапих лаьцна.
3
Гена новкъа волуш, иза шеца вига а лиъна, ПахӀала Тимапи сунт вира. Цу меттехь Ӏаш болчу жуьгтийн дуьхьа дира цо иза, хӀунда аьлча царна хаьара Тимапин да грек вуйла.
4
ГӀалара гӀала а воьдуш, ПахӀала а, Тимапис а Ярушалаймехь векалша а, тхьамданаша а кхечу къаьмнийн нахана хьарам дина тӀедиллинарг дӀахоуьйтура.
5
Цу гӀуллакхо Ӏийсах тешачийн тобанаш иракарахӀиттайора, церан тешар чӀагӀдора, денна а и тобанаш стамлора, Ӏийсах тешнарш алсамбовлуш.
6
Делан Сино бакъо ца елира ПахӀалгӀарна Асиа-махкахь хьеха, цундела церан некъ Пхьарга-махкахула а, Галата-махкахула а бара.
7
Миси-мехкан дозанна тӀекхаьчча, церан лаам хилира Битхьуни-махка баха, амма Ӏийсан Сино ца магийра царна иза.
8
ТӀаккха уьш, Миси-махкахула чекх а бевлла, Троя-гӀала баьхкира.
9
Буьйсанна, сурт а хӀоьттина, Македонера цхьа стаг гира ПахӀална. Цу стага дийхира: «Македоне схьа а волий, тхуна гӀо дехьа», — аьлла.
10
И сурт хӀоьттинчул тӀаьхьа тхан сацам хилира, Дала тхоьга кхойкху, царна хаза кхаъ бовзийта аьлла. Тхо цу сохьта Македоне даха новкъа девлира.
11
Троя-гӀалара тхо нийсса Самотраке дӀакхечира, ткъа цигара шолгӀачу дийнахь грекийн Неаполе дахара.
12
Неаполера дӀа тхан некъ римхой Ӏаш болчу Македон-мехкан коьртачу гӀала Пилапе бара. Цу гӀалахь оха масех де даьккхира.
13
Шоьтан дийнахь, гӀалин кевнах ара а девлла, хи тӀе даьхкира тхо. Тхуна моьттура цигахь Делах тешаш берш доӀане гулло дукха хьолахь. Охьахевшина, цигахь гулбеллачу зударшца къамеле девлира тхо.
14
Царна юкъахь Тхьайтир-гӀалара еана, Лидия цӀе йолуш цхьа зуда яра. Иза цӀен деза кӀадеш духкуш яра. Лидия Дела лоруш яра. ПахӀале ладоьгӀучу хенахь Везачу Эло дог схьадиллира цуьнан, ПахӀала дуьйцучух тешийтархьама.
15
Цо а, цуьнан цӀерачара а шаьш хих чекхбахийтира. Лидияс тхоьга чукхайкхира: «Со Элах тешаш шаьш лоруш елахь, сан хӀусаме а дуьйлий, хьошалгӀахь Ӏе», — аьлла. Тхо и йолчу дахара.
16
Цкъа доӀа дечу метте тхо дӀадоьлхучу хенахь новкъахь тхуна дуьхьалкхийтира цхьа йоӀ-ялхо. Хиндерг хоуьйтуш жин дара цунна чохь. Шен хӀусамдайшна боккха пайда бахьара цу ялхочо, нахана хиндерг а дуьйцуш.
17
ПахӀална а, тхуна а тӀаьхьа а йогӀуш, мохь беттара цу йоӀа: «ХӀара нах Веза Воккхачу Делан ялхой бу! КӀелхьарваларе боьду некъ кхайкхош бу хӀорш!» — бохуш.
18
Цо хӀора дийнахь беттара и мохь. Эххар а, собар кхача а дина, ПахӀала, юха а вирзина, элира жине: «Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан олаллин цӀарах ас омра до хьоьга: арадала цунна чуьра!» Цу сохьта жин йоӀанна чуьра араделира.
19
ХӀусамдай кхийтира йоӀа шайна бахьаш болчу пайданах шаьш довларх. Цара ПахӀал а, Сали а, схьа а лаьцна, гӀалин хьаькамашна тӀе майдане дӀатакхийра.
20
Римхойн кхелахошна тӀе уьш схьа а балийна, элира цара: «ХӀара нах жуьгтий бу. ХӀорш бахьана долуш вайн гӀалахь синтеме дац.
21
Кхара дуьйцуш долу гӀиллакхаш вайна, римхошна, я тӀеэца а, я лело а товш дац».
22
Гулбелларш, бехкаш дохучарна тӀе а тайна, ПахӀална а, Салина а дуьхьалбевлира. Кхелахоша, тӀера хӀуманаш дӀа а яхий, кхарна гӀожмаш етта элира.
23
ЧӀогӀа етта а йиттина, набахти чу кхиссира векалш, гӀаролан хьаькаме леррина хӀорш ларбе а аьлла.
24
И омра хезча, гӀаролан хьаькамо уьш чуьрчу цӀа чу боьхкира, дечиган буржалш а тоьхна.
25
Буьйса юккъе яханчу хенахь ПахӀал а, Сали а доӀанаш деш а, Далла лерина назманаш олуш а вара, ткъа кхин болу тутмакхаш цаьрга ладугӀуш бара.
26
ЦӀеххьана, ерриг а набахти меттах а хьовш, чӀогӀа мохк бегийра. Массо а неӀ дӀаеллаелира, массо а тутмакхийн гӀоьмаш охьаийгира.
27
Самаваьллачу гӀаролан хьаькамна массо а неӀ йиллина гира. Тур а даьккхина, ша-шена тоьхна, вала гӀерташ вара иза. Цунна моьттура чубоьхкинарш бевдда.
28
Амма ПахӀал кхиира мохь тоха: «Ма велахь хьо хӀаллак! Тхо дерриш а кхузахь ду!» — аьлла.
29
«Серло я!» — аьлла, омра а дина, набахти чу хьаьдира хьаькам. Вега а веш, ПахӀална а, Салина а хьалха горавуьйжира иза.
30
И шиъ ара а ваьккхина, цо хаьттира: «Хьомсара элий, ас хӀун дан деза? Муха кӀелхьарвала веза со?» — аьлла.
31
«Везачу Элах Ӏийсах теша хьо, — аьлла, жоп делира цара, — тӀаккха хьо а, хьан цӀеранаш а кӀелхьарбевр бу».
32
ТӀаккха цара Везачу Элах долу дош хьийхира цунна а, массо а цӀерачарна а.
33
Буьйсанна, оцу хан яьллачу хенахь, набахтин хьаькамо церан чевнаш йилира. Цо а, цуьнан цӀерачара а цу сохьта шаьш хих чекхбахийтира.
34
Юха уьш шен цӀа а бигна, царна шун хӀоттийра цо. Набахтин хьаькам шен цӀерачаьрца хазахеташ вара, хӀунда аьлча иза Делах тешнера.
35
Де тӀекхаьчча, кхелахоша эпсарш бахийтира набахте, омра а дина: «И нах дӀахеца», — аьлла.
36
Набахтин хьаькамо элира ПахӀале: «Кхелахоша хьо а, Сали а дӀахеца аьлла! Шуьшиъ маьрша дӀаваха йиш йолуш ву!»
37
Амма ПахӀала элира: «Цхьа а кхел а ца еш, етта а йиттина, набахти чу кхиссира цара тхо, Риман бахархой доллушехь. Ткъа хӀинца тхо къайлаха дӀахеца гӀерта уьш? ХӀан-хӀа, шаьш, схьа а баьхкина, тхо арахеца деза цара».
38
Эпсарша дӀаэлира и дерриге а кхелахошка. ПахӀал а, Сали а римхо ву аьлла хезча, уьш кхерабелира.
39
Схьа а баьхкина, хӀара шиъ къинтӀера а ваьккхина, набахтера араваьккхира цара, гӀалара дӀагӀахьара аьлла, дехар а дина.
40
Набахтера араваьлча, ПахӀал а, Сали а Лидиян цӀа чу вахара. Цигахь динан вежаршца вовшах а кхетта, уьш иракарахӀиттийра цара. Цул тӀаьхьа хӀорш кхин дӀа а бахара.
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 17 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28