bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 8
Acts 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 9 →
1
Шаула къобалдора Тапин вер. Цу дийнахь Ярушалаймехь Ӏийсах тешаш болчийн тобане бала хӀоттийра. ЯхӀуд-махкахула а, Шамран-махкахула а дӀасалаьхкира массо а, цхьа векалш боцурш.
2
Тапа суьпачу наха дӀавоьллира, цунах доккха белхар а хӀоттош.
3
Ткъа Шаул Ӏийсах тешаш болу нах хӀаллакбан волавелира. Цхьана цӀа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дӀа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо.
4
Ткъа шайн меттера дӀалаьхкина болчу мурдаша Везачу Элан Дашах лаьцна хаза кхаъ кхайкхабора шаьш лелачохь.
5
Пилап, Шамран-махкарчу коьртачу гӀала чу а воьссина, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна кхайкхам беш вара.
6
Массара а цуьнга дика ладугӀура. Цо деш долу тамашийна хӀуманаш а гора царна.
7
Телхинчу дуккха а нахана чуьра жинаш маьхьарца арадуьйлура, меттахь биснарш а, заьӀапнаш а толора.
8
Цу гӀалахь болу нах чӀогӀа самукъадаьлла бара.
9
Цу гӀалахь Ӏаш, ШамӀа цӀе а йолуш, бозбунчалла лелош, цхьа стаг вара. Цо лелочух Шамран-махкахь болу нах цецбуьйлура. Иза ша сийлахь-воккха ву бохуш вара.
10
Леррина цуьнга хьоьжуш болчу хьалдолчу а, къечу а наха олура: «И стаг шех „Сийлахь ницкъ“ олучу Делан ницкъах лаьтташ ву».
11
Халкъо къаьсттина тидам тӀебахийтира цунна, хӀунда аьлча цо дуккха а йолчу хенахь цецбохура уьш шен бозбунчаллашца.
12
Амма Делан олаллех а, Ӏийса Дала къобалвина хиларх а хаза кхаъ кхайкхочу Пилапа шаьш тешийча, оцу гӀалара божарша а, зударша а шаьш хих чекхбохуьйтура.
13
ШамӀас, теша а тешна, ша а хих чекхваккхийтира. Массанхьахула а Пилапана тӀаьхьа а хӀоьттина лелара иза, цо лелочу инзаречу хӀуманех а, тамашийна гӀуллакхех а цецвуьйлуш.
14
Ярушалаймехь болчу векалша, Шамран-махкарчу наха Делан дош тӀеэцна аьлла шайна хезча, цига Кипий, Яхьъяй вахийтира.
15
Цу шиммо, схьа а веана, доӀа дира, и дош тӀеэцначарна Делан Са тӀелацар доьхуш.
16
ХӀунда аьлча царна тӀе цхьанна а Делан Са доьссина дацара. Уьш Ӏийса-Элан дуьхьа хих чекхбаьхна бен бацара.
17
Кипас а, Яхьъяс а царна тӀехула куьйгаш лецира, тӀаккха Ӏийсах тешначарна Делан Са тӀеийцира.
18
Делан Са, векалша куьйгаш лаьцча, дуссуш хилар шена гича, ШамӀас цаьрга ахча кховдийра:
19
«Суна а лойша и бакъо, — бохура цо, — Ас куьйгаш тӀехула лаьцначунна Делан Са лур долуш».
20
Кипас элира: «Хьоьца цхьаьна хӀаллакьхуьлийла хьан ахча, хӀунда аьлча хьуна моьтту, Дала делла хьуьнар ахчанах эцалур ду.
21
Оха дечу кху гӀуллакхехь ахьа дакъалаца йиш яц, хӀунда аьлча хьан дог Далла хьалха цӀена дац.
22
Хьайн къинна дохко а валий, Деле деха, Цо хьан дагахь хиллачунна гечдан а мега хьуна.
23
ХӀунда аьлча суна го, хьо дераллех вуьзна а, къинойн йийсарехь а хилар».
24
ШамӀас дийхира тӀаккха: «Везачу Эле сох доӀа дейша, аша аьлларг цхьа а суна ца хилийтархьама».
25
Векалша, тоьшалла а деш, Везачу Элан дош кхайкхадора цигахь. Цул тӀаьхьа уьш Ярушалайме юхабаьхкира, новкъахь Шамран-махкарчу дуккха а ярташкахь хаза кхаъ а кхайкхош.
26
Везачу Элан малико элира Пилапе: «Хьала а гӀаттий, къилбехь болчу, Ярушалаймера яьссачу арахула Ӏази-гӀала боьдучу новкъа вала», — аьлла.
27
ТӀаккха Пилап дӀавахара. Цунна дуьхьалкхийтира ваьӀна волу эфиопхо. Эфиопин-пачхьалкхан Кхандакх цӀе йолчу зуда-паччахьан цӀийнехь лаккхарчу даржехь а волуш, цу паччахьан дерриг а жовхӀарех жоп а луш, уьш лардеш вара иза. Ярушалайме Далла Ӏибадат дан а веана,
28
хӀинца цӀа воьдуш вара и эфиопхо. Шен гӀудалкха а хиъна, ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран жайна а доьшуш, вогӀура иза.
29
Делан Сино элира Пилапе: «Цу гӀудалкха тӀе а гӀой, улло а хӀоттий, дӀагӀо», — аьлла.
30
ГӀудалкхана тӀеваханчу Пилапна хезира цхьаммо ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула Делера болу хаам боьшуш. «Айхьа доьшучух кхетий хьо?» — хаьттира Пилапа.
31
«Цхьаммо кхетош ца хилча, со муха кхетар ву?» — элира эфиопхочо. ТӀаккха Пилапе, хьала а валий, шена юххе охьахаа аьлла, дийхира цо.
32
Жайни тӀехь цо доьшу дешнаш хӀорш дара: «Урс хьакха буьгу уьстагӀ санна, дӀавуьгуш вара Иза, ша лоргучунна хьалха, Ӏахар санна, шена чуьра Ӏаь ца йолуьйтуш, тийна Ӏара Иза.
33
Сийсазваьккхина вара Иза, ткъа нийса кхел Шена яйта Цуьнан бакъо яцара. Хьан дуьйцур дара Цуьнан тӀаьхьенах лаьцна, хӀинца Цуьнан дахар лаьттара дӀахьош хилча?»
34
ВаьӀначо хаьттира Пилапе: «Алахьа соьга, хьанах лаьцна дуьйцу пайхамаро кхузахь, шех я кхечух?»
35
ТӀаккха Пилапа Делан Йозанан оццу декъа тӀера вола а велла, ваьӀначунна Ӏийсах лаьцна хаза кхаъ бовзийтира.
36
Уьш схьабогӀуш хи тӀе кхечира. «Хьажахьа, хӀара хи ду, — элира ваьӀначо, — стен новкъарло йо суна хих со чекхваккхийта?»
37
***
38
ВаьӀначо омра дира, гӀудалкх сацае аьлла. И ший а хи чу велира. Пилапа хих чекхваьккхира иза.
39
Уьш хи чуьра хьалабевлча, Везачу Элан Сино Пилап цигара цӀеххьана дӀаийцира, ваьӀначунна иза кхин ца гира. Самукъа а долуш, шен некъ кхин дӀа а бира эфиопхочо.
40
Пилап цул тӀаьхьа Ашдод-гӀала нисвелира. Массо а гӀаланашкахь хаза кхаъ кхайкхабора цо, ша Кхесрине дӀакхаччалц.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28