bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 5
Acts 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 6 →
1
Цхьана стага шен бахам дӀабоьхкира. Цу стеган цӀе Хьанас яра, цуьнан зудчун цӀе Шаппира яра,
2
Амма шена кхаьчначу ахчанах цхьа дакъа цо дӀалачкъийра. Цуьнан зудчунна а хаьара иза. Диснарг, схьа а деана, векалийн когашка охьадиллира цо.
3
Кипас элира цуьнга: «Хьанас, мича бахьанина йиллина иблисо хьан даг чу ойла, Делан Синна аьшпаш а боьттина, айхьа, латта а доьхкина, схьаэцначу ахчанах цхьа дакъа хьайна дита аьлла?
4
Ахьа дӀадохкале а и латта хьан ма дара, ткъа цунах схьаэцна ахча а ма дара хьан. ХӀунда дира ахьа иза? Ахьа и аьшпаш нахана ца боьттина, Далла боьттина».
5
И дешнаш хезча, Хьанас, охьа а воьжна, велира. ЧӀогӀа кхерам тесира и хезначийн массеран а кийра.
6
Схьабаьхкинчу кегийчу наха дакъа, дӀа а хьарчийна, дӀа а даьхьна, дӀадоьллира.
7
Цул тӀаьхьа, кхин кхо сахьт даьлча, цига Хьанасан зуда еара. Цунна ца хаьара хилларг.
8
Кипас хаьттира цуьнга: «Алал соьга, хӀокху мехах доьхкирий аша латта?» Зудчо элира: «ХӀаъ, оцу мехах».
9
Кипас элира цуьнга: «Муха даьхьира шуьшиъ бартбан Делан Са зерхьама? НеӀарехь когийн тата хезий хьуна? Хьан майра дӀа а воьллина, чубогӀу нах бу хьуна уьш. Хьо а дӀахьур ю хьуна цара».
10
Цу сохьта, цуьнан когашка охьа а йоьжна, елира и зуда. Чубаьхкинчу кегийчу нахана и елла Ӏуьллуш гира. ДӀаяьхьна, шен майрачунна улло дӀайоьллира иза.
11
Ӏийсах тешначийн ерриг тоба а, и хилларг хезнарш а кхерамо бахьийнера.
12
Дала векалшкахула нахана дуккха а тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а гойтура. Массо а, цхьа барт а болуш, Сулим-паччахьан цӀарах йолчу меттехь гуллора.
13
Наха уьш лоруш белахь а, хийрачех цхьа а царна юкъа ваха ца хӀуттура.
14
Амма Везачу Элах тешна болу божарий а, зударий а алсамбуьйлура царна юкъахь.
15
Наха шайн цомгуш берш маьнгешна а, гоьнашна а тӀехь урамашка арабохура, тӀехволучу Кипин ӀиндагӀ мукъана а царна тӀедожийта.
16
Ярушалаймана гонахарчу гӀаланашкара адамийн тобанаш оьхура. Цара шайн цомгуш болу а, жинаша хьийзош болу а нах балабора. Массарна а дарбанаш хуьлура.
17
Динан коьрта да а, динан садукъойн тобанах болу цунна уллоранаш а хьогӀах буьзна бара.
18
Цара векалш, дӀа а лецийтина, халкъана йина йолчу набахти чу бохкийтира.
19
Буьйсанна Везачу Элан малико, набахтин ков схьа а диллина, арабехира уьш.
20
Цо элира цаьрга: «Делан цӀийнан керта а гӀой, нахана хӀокху керлачу дахарх лаций дийца», — аьлла.
21
Ӏуьйранна, шайга ма-аллара, Делан цӀийнан керта а баьхкина, нахана хьехам бан хӀиттира векалш. Ткъа динан коьртачу дас а, цуьнан уллорачара а Исраилан халкъан тхьамданаш коьртачу кхеташоне а кхайкхина, набахтера векалш схьабало шайн ялхой бахийтира.
22
Набахте баьхкинчу эпсаршна цу чохь векалш ца карийра. Цара, юха а баьхкина, элира:
23
«Набахтин ков дика дӀакъевлина ду, иза лардеш гӀаролаш а ду, амма иза схьадиллича, чохь цхьа а кара-м ца ви тхуна», — аьлла.
24
Цаьрга ла а доьгӀна, Делан цӀийнан гӀаролан хьаькам а, динан коьрта дай а инзарабевлла бара, «ХӀара хӀун ду?» — бохуш.
25
Юха цхьаммо, ван а веана, хаам бира: «Аша набахти чу боьхкинарш Делан цӀийнан кертахь нахана хьехамаш беш бу», — аьлла.
26
ТӀаккха гӀаролан хьаькамо, эпсаршца ваха а вахана, векалш схьабалийра. Цара векалшна ницкъ ца бира схьабалочу хенахь, хӀунда аьлча наха шайна тӀулгаш деттарна кхоьрура уьш.
27
Векалш коьртачу кхеташоне чубалийра. Динан коьртачу дас элира цаьрга:
28
«Оха шуна чӀогӀа дихкинера, цу стеган цӀарца ма хьеха аьлла, амма аша шайн хьехам ерриге а Ярушалаймехь дӀасабаржийна. Цул сов, цу стеган цӀий тхох хьарчадо аша».
29
Кипас а, кхечу векалша а жоп делира: «Наханачул а сов Далла муьтӀахь хила деза тхо!
30
Амма дечигах хьала а оьллина, аша вийна волу Ӏийса вайн дайн а Дала веллачуьра денвина.
31
Амма Дала Иза, Эла а, кӀелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тӀедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а.
32
Тхо тешаш ду оцу дерригенна а. Ша бохург деш волчунна Дала делла Деза Са а ду оцунна теш».
33
И дуьйцург а хезна, динан коьрта да а, чохь берш а чӀогӀа оьгӀазбахара. Векалш байа лууш бара уьш.
34
Наха лоруш а волуш, парушхо а волуш, цхьа Ӏелам стаг вара царна юкъахь. Цуьнан цӀе Гамлиал яра. Кхеташона хьалха а хӀоьттина, цхьана ханна векалш арабахийтира цо.
35
Цул тӀаьхьа цо кхеташонан декъахошка элира: «Исраилхой, дика ойла елаш оцу нахана шаьш дан гӀертачун.
36
Дукха хан йоццуш кхузахь, ша тхьамда ву аьлла, Тхьада цӀе йолуш цхьа стаг гучувелира. Цунна тӀаьхьа виъ бӀе гергга стаг хӀоьттира. Амма иза вийначул тӀаьхьа, цуьнан накъостий дӀасабевдира. ХӀумма а доцург а хилла, дӀаделира и гӀуллакх.
37
Цул тӀаьхьа Галилайра Яхьуд гучувелира. Нах дӀаязбечу хенахь веанчу цо гӀаттамана тоба вовшахтуьйхира. Иза а вийра, цунна тӀаьхьахӀиттинарш а дӀасабевдира.
38
Цундела хӀокху хӀуманна тӀедоьгӀна сан хьехар ду шуна: и нах Ӏадбита, дӀахеца уьш. Цара долийна хӀума нахера делахь, иза, дайна, дӀадер ду.
39
Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду».
40
Цо бохучуьнга ладуьйгӀира цара. Векалш, чу а кхайкхина, царна етта а йиттина, Ӏийсан цӀарах лаьцна кхин дийцар дехка а дихкина, дӀахийцира цара.
41
Векалш кхеташонера арабевлира, Ӏийсан дуьхьа шаьш сийсазбан хьакъ хиларна баккхий а беш.
42
ХӀора денна Делан цӀийнан кертахь а, цӀеношкахь а ца хеддаш хьехамаш а беш, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна нахе хаза кхаъ кхайкхабора цара.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28