bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 22
Acts 22
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 23 →
1
«Вежарий, ладогӀалаш хӀинца ас аьндолчуьнга».
2
ПахӀала шайга арамхойн мотт буьйцу хезча, нехан къамелаш кхин а лагӀделира. ТӀаккха цо элира:
3
«Со жуьгти ву, Килик-махкара Тарс-гӀалахь вина волу, амма кхузахь, хӀокху гӀалахь, кхиийна ву. Сан устаз хилла Гамлиал. Цо леррина Ӏамийна суна вайн дайн товратан хьехамаш. Тахана шу санна, хьалха Далла леррина гӀуллакх деш вара со.
4
Ӏийсан некъа тӀе бевлларш, лоьхкуш, лечу хьола тӀе бохура ас. Божарий а, зударий а, схьа а лоьцуш, набахти чу кхуьйсура.
5
Цунна тоьшалла дийр ду шуна динан коьртачу дас а, баккхийчеран кхеташоно а. Цаьргара дара ас схьаэцна Дамасакх-гӀаларчу вежаршка-жуьгташка долу кехаташ. Со цига вахара, схьа а лаьцна, Ярушалайме таӀзар дан нах схьабало.
6
Амма новкъа вогӀуш, со Дамасакх-гӀалина герга веача, делкъахан хуьлучу заманчохь стигалара къеггина серло кхийтира суна гонах.
7
Лаьтта воьжча, суна сайга луьйш долу аз хезира: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?“
8
Ас хаьттира: „Мила ву хьо, Веза Эла?“ Цо элира соьга: „Со Назартера Ӏийса ву, ахь эккхийна лелош волу“.
9
Соьца хиллачарна серло гира, амма соьга луьйш Волчун аз къаьсташ ца хезира.
10
Ас хаьттира: „ХӀун де ас, Веза Эла?“ Везачу Эло элира: „Хьала а гӀаттий, Дамасакх-гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахьа дан дезарг“.
11
Суна хӀумма а ца гора, хӀунда аьлча къеггинчу серлоно бӀаьрса дайинера сан. Цундела некъахоша, куьг а лаьцна, Дамасакхе дӀавигира со.
12
Далла муьтӀахь а волуш, товратан хьехамаш кхочушбеш а волуш, цигахь Ӏачу жуьгташа дика цӀе йоккхуш волу Хьанас цӀе йолчу стага,
13
тӀе а веана, элира соьга: „Ваша Шаул! Са гуо хьайна!“ Цу сохьта суна Хьанас гира.
14
Цо элира: „Вайн дайн Дала къастийна хьо Цуьнан лаам хаа, къаьсттина Бакъверг ган а, Цуьнан багара аз хаза а.
15
ХӀунда аьлча гиначунна а, хезначунна а Цуьнан теш хир ву хьо массо а адамна хьалха.
16
ХӀун деш Ӏа хьо? Хьала а гӀаттий, хьо хих чекх а ваккхийтий, къинойх цӀанло, Везачу Эле Ӏийсага кхойкхуш“.
17
Со Ярушалайме вухавеача, Делан цӀийнан кертахь доӀа дечу хенахь суна шовкъ еара:
18
Суна Ӏийса гира. Цо соьга элира: „Сихло, Ярушалаймера аравала, хӀунда аьлча кхузахь хьан Сох долу тоьшалла тӀеоьцур дац“.
19
Ас элира: „Веза Эла, цу нахана хаьа, со жуьгтийн гуламан цӀеношкахула леллий, Хьох тешаш болу нах схьалоьцуш а, царна етташ а.
20
Хьан теш хиллачу Тапин цӀий Ӏеначу хенахь со цигахь лаьтташ вара, и гӀуллакх къобал а деш, иза вуьш болчеран бедарш а ларъеш“.
21
ТӀаккха Цо элира соьга: „ДӀавало, Аса генна вохуьйту хьо, кхечу къаьмнийн нах болчу“».
22
И дешнаш аллалц ладугӀуш хилла болу нах, уьш хезча, маьхьарий хьекха хӀиттира: «Ве иза! Иза ваха хьакъ вац!» — бохуш.
23
Цара маьхьарий а хьоькхуш, тӀера хӀуманаш охьа а кхуьйсуш, оьгӀазбахана хӀаваэ чан кхуьйсучу хенахь,
24
тӀеман коьртачу хьаькамо омра дира, ПахӀал гӀопе дӀа а вигина, барт хатта, шед а етташ, наха кхунна тӀе мохь мича бахьанина хьоькху хаархьама.
25
Амма шед етта доьхкаршца ша дӀавихкинчу хенахь ПахӀала элира цигахь лаьттачу тӀеман хьаькаме: «Нийса дуй Риман вахархочунна, кхел а ца еш, шед еттар?»
26
Иза хезна, тӀеман хьаькамо, шел лакхарчунна тӀе а вахана, элира: «Хьо хӀун деш ву? И стаг Риман вахархо ма ву».
27
Лакхарчу тӀеман хьаькамо, тӀе а веана, хаьттира ПахӀале: «Алал, хьо Риман вахархо вуй?» «Ву», — аьлла, жоп делира ПахӀала.
28
Коьртачу тӀеман хьаькамо элира: «Суна дуккха а ахча ийшира Риман вахархо хила». ПахӀала элира: «Со вичхьана а ву Риман вахархо».
29
Ша Риман вахархо дӀавихкинийла хиъча, коьрта хьаькам кхеравелира цуьнга барт хатта кечбелларш цу сохьта юхабевлира, ткъа.
30
ШолгӀачу дийнахь жуьгташа ПахӀал стенна бехке во хаа а лиъна, цунна тӀера зӀенаш дӀа а яхийтина, динан коьртачу дайшка а, ерриг а коьртачу кхеташоне а гулло а аьлла, ПахӀал, схьа а валийна, царна хьалха хӀоттийра тӀеман хьаькамо.
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 23 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28