bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 6
Acts 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 7 →
1
Цу деношкахь, мурдаш сов болучу хенахь, царах грекахойн мотт буьйцу жуьгтий Ӏебархойн мотт буьйцучу жуьгташна аьрзнаш дан буьйлабелира. Цара бохура денна йоькъучу хӀуманан дакъа шайн бисина Ӏачу зударшна ца кхочуьйту.
2
ТӀаккха шийтта векало, берриг а мурдаш вовшах а тоьхна, элира: «Делан дош дӀакхайкхор а сацийна, тхо хӀума екъа хӀиттича, нийса хир дац.
3
Цундела, вежарий, аша шайна юкъара ворхӀ стаг харжа веза. Уьш Делан Са а, хьекъал а шайца хиларца гӀарабевлла хила беза. Вай и гӀуллакх царна тӀедуьллур ду.
4
Ткъа оха тхешан ерриге а хан доӀанаш дарна а, Делан дош кхайкхорна а хьажор ю».
5
Векалша аьлларг мурдашна тайра. Цара хаьржира Делан Синах а, Делах тешарх а вуьзна волу Тапа а, Пилап а, Прохор а, Никанор а, Тимон а, Парман а, жуьгтийн дин тӀеэцна волу Антиохера Никлас а.
6
И нах цара векалшна хьалха дӀахӀиттийра. Векалша, доӀа а дина, царна тӀе куьйгаш дехкира.
7
Делан дош дӀасадаьржаш дара, Ярушалаймехь мурдаш алсамбовлуш бара. Дуккха а динан дай Ӏийсах долчу тешарна муьтӀахь хилира.
8
Делан къинхетам а, ницкъ а шеца болу Тапа нахана юкъахь тамашийна Ӏаламаташ а, билгалонаш а гойтуш вара.
9
Къуринара а, Искандарера а, Киликера а, Асиара а жуьгтий шена чубогӀучу, «паргӀатбевлларш» аьлла цӀе йолчу жуьгтийн гуламан цӀийнера цхьаболу нах Тапица къийса бевлира.
10
Амма цуьнан къамелехь долчу хьекъална а, цуьнца долчу Делан Синан доьналлина а дуьхьало ца ялора цаьрга.
11
ТӀаккха цара къайлаха нах кечбира дӀахаийта: «Цо Далла а, Муса-пайхамарна а дуьхьал Ӏеса къамел деш хезира тхуна», — аьлла.
12
Адам а, Ӏелам нах а, баккхийнаш а карзахбехира цара. Тапа, схьа а лаьцна, коьртачу кхеташоне валийра.
13
Харц тоьшалла дан нах дӀахӀиттийра. Цара бохура: «ХӀара стаг гуттар а езачу меттигна а, товратна а дуьхьал къамел деш ву.
14
Тхуна хезира кхо бохуш: „Назартарчу Ӏийсас хӀара еза меттиг а йохор ю, Муса-пайхамаро вайна делла гӀиллакхаш а хуьйцур ду“».
15
Леррина Тапе хьоьжучу кхеташонехь болчу нахана гира, маликан санна, цуьнан серлаяьлла юьхь.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28