bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 3
Acts 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 4 →
1
Кипий, Яхьъяй вара суьйренан ламазе Делан цӀийнан керта воьдуш.
2
Цу хенахь «Исбаьхьа» аьлла цӀе йолчу кевнан йисте а валийна, охьахаийра вичхьана дуьйна а заьӀап волу цхьа стаг. Иза хӀора денна а, вала а вой, цигахь вуьтура, Делан цӀийнан керта богӀучу нахе цуьнга сагӀа дехийтархьама.
3
Кевнна хьалха Кипий, Яхьъяй а гина, цаьрга сагӀа дийхира заьӀапчу стага.
4
ХӀара шиъ леррина хьаьжира цуьнга. Юха Кипас элира: «Схьахьажал кхуза!»
5
И стаг дӀахьаьжира цаьрга, шена цхьаъ яларе са а тесна.
6
ТӀаккха Кипас элира: «Дети а, деши а дац соьгахь, амма сайн дерг ло ас хьуна. Дала леррина Къобалвинчу, Назартарчу Ӏийсан дуьхьа, хьала а гӀаттий, дӀаволало!»
7
Цо, аьтту куьг схьа а лаьцна, хьалагӀаттийра и стаг. ЦӀеххьана заьӀапчу стеган когаш а, голаш а то а елла, чӀагӀъелира.
8
Иза, хьала а гӀаьттина, дӀаволавелира. ДӀаволалуш, ирхкхиссалуш, Далла хастамаш беш, цаьрца Делан цӀийнан керта вахара иза.
9
Дерриг а адамна гира иза, Далла хастамаш а беш, ирхкхиссалуш, схьавогӀуш.
10
«Исбаьхьчу» кевнехь сагӀадоьхуш Ӏийна стаг а вевзина, цуьнан товалар а гина, инзарбевлла бара нах.
11
Товелла заьӀап стаг, Кипиний, Яхьъяний тӀаьхьара а ца волуш, вогӀура. Инзардаьлла дедда догӀу дерриг а адам царна тӀаьххье Сулим-паччахьан цӀарах йолчу лекхачу бӀогӀамех йинчу гӀишлонна тӀекхечира.
12
ТӀаьхьа богӀу нах а гина, Кипас элира: «Исраилхой, хӀокху гӀуллакхах шу цец хӀунда дуьйлу? Тхешан ницкъаца я суьпа хиларца товина-м ца моьтту шуна оха и стаг?
13
ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Ӏийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дӀа а къаьстина, цо Иза дӀахеца сацам биннашехь а.
14
Далла тешаме Верг а, Делан лаамехь Верг а тӀе ца оьцуш, стаг вийна зуламхо кӀелхьарваккха аьлла, дийхира аша.
15
Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хӀуманна тхо тешаш а ду.
16
Ӏийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цӀаро тешарехь чӀагӀвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Ӏийсас кхунна деллачу тешаро товина хӀара стаг, шуна ма-гарра.
17
Вуьшта, вежарий, суна хаьа, аша а, шун хьаькамаша а и гӀуллакх шайна ца хаарна динийла.
18
Амма Дала иштта кхочушдира, Шен массо а пайхамарехула хаийтина долу, Ша леррина Къобалвинарг баланийн хӀордах чекхваккхар.
19
ХӀинца, шаьш лелийначунна дохко а довлий, Далла тӀедерза, шайн къинош дӀадахийтархьама.
20
ТӀаккха Дала шуна паргӀат зама йоуьйтур ю. ТӀаккха Цо шуна хӀоттийна волу, Ша леррина Къобалвинарг воуьйтур вара. И Къобалвинарг Ӏийса ву.
21
Амма Дала Шен пайхамаршкахула Ша дерриг а юхаметтахӀоттор ду аьлларг тӀекхаччалц йолчу ханна Ӏийса стигалахь хир ву.
22
Муса-пайхамаро а ма аьлла: „Шун Везачу Дала, шун вежарех Пайхамар хӀоттор ву шуна юкъахь, со санна. Цо бохучу массо а хӀумане ладогӀалаш.
23
Цуьнга ла ца доьгӀнарг массо а, шен халкъах дӀа а къастийна, хӀаллаквийр ву“.
24
Цул сов, массо а пайхамаро, Шамъал-пайхамарна тӀера дуьйна, хӀара денош догӀур ду аьлла ду.
25
Ткъа пайхамарийн а, Дала шун дайшка динчу весетан а тӀаьхьенаш шу ю. Дала аьлла ИбрахӀиме: „Хьан тӀаьхьенехула декъала хир ду дуьнен чуьра массо а халкъаш“.
26
Шен Ялхо денвича, Дала уггар хьалха шуна тӀеваийтира Иза, зуламечу гӀуллакхех шух хӀора а дӀадерзош, къобалдархьама».
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28