bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Acts 26
Acts 26
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 27 →
1
ТӀаккха АгӀарипа-паччахьо элира ПахӀале: «Къамел дан мегар ду хьуна», — аьлла. ПахӀала, куьг хьала а айина, ша бехказавоккхуш къамел дира:
2
«Паччахь АгӀарипа! Жуьгташа сайна дуьхьал дуьйцучунна тахана хьуна хьалха сайн бехказавала аьтто хиларна со ирс долуш хета суна,
3
хьо жуьгтийн гӀиллакхаш а, къовсаме долу хӀуманаш а девзаш хиларна муххале а. Цундела доьху хьоьга собарца сайга ладогӀар.
4
Массо а жуьгташна хаьа, со жима волуш дуьйна а сайн халкъана юкъахь а, юха Ярушалаймехь а муха ваьхна.
5
Царна со вевза дуккха а хан ю, цундела церан тоьшалла дан йиш ю, шайна лиъча, со парушхо а хилла, вайн динаца догӀуш долу уггар къовламе хьехамца вехаш Ӏаш хилар.
6
ХӀинца со кхелана хьалха лаьтташ ву, Дала вайн дайшна делла дош кхочушхиларе сатесна хиларна.
7
Цунна сатесна ду тхан халкъан шийтта тайпа, дийнахь а, буса а Далла даггара гӀуллакх а деш. Оцу сатийсамна бехкево со жуьгташа, ва паччахь.
8
Хила йиш йоцуш хӀунда хета шуна Дала беллачуьра нах денбар?
9
Со а вара тешна, Назартарчу Ӏийсах лаьцна долчунна дуьхьал дуккха а хӀума дан деза аьлла.
10
И дерриг а дора ас Ярушалаймехь: Ӏийсах тешна беза нах набахти чу кхуьйсура, динан дайшкара бакъо а яьккхина, и нах байар къобал а дора.
11
Ас таӀзар дора царна массо а жуьгтийн гуламан цӀеношкахь, уьш шайн дина тӀера юхабовлийта гӀерташ. Сайн царна дуьхьал йолу оьгӀазалла сел чӀогӀа хиларна, кхечу гӀаланашка а воьдура со уьш схьалеца».
12
«Оцу гӀуллакхна цкъа Дамасакхе воьдуш вара со, динан коьртачу дайшкара бакъонаш а яьхна, цара тӀедехкина декхарш а эцна.
13
Делкъахан хуьлучу хенахь, ва паччахь, тхо новкъа схьадогӀуш, стигалара цӀеххьана малхачул а чӀогӀа серло кхийтира. И серло тхуна гонах хӀоьттира.
14
Тхо массо а лаьтта охьаийгира. Юха сайга лерина долу аз хезира суна, арамхойн маттахь къамел деш: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь? Туьран дитт а хилла дуьхьалваьлла, хьайна зе хӀунда до ахь?“
15
Ас хаьттира: „Хьо мила ву, Веза Эла?“ Везачу Эло жоп делира: „Со ахь хьийзош волу Ӏийса ву.
16
ХьалагӀатта когаш тӀе. Со веана, хьуна гиначун а, гун долчун а хьо теш а, гӀуллакх кхочушдархо а вина, дӀахӀотто.
17
Ас кхечу къаьмнийн нах болчу вохуьйту хьо. Хьайн халкъах а, кхечу къаьмнийн нахах а Ас кӀелхьарвоккхур ву хьо.
18
Церан бӀаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тӀера Далла тӀеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“».
19
«Цундела, АгӀарипа-паччахь, ас дуьхьало ца йира стигалара сайна хӀоьттинчу бӀарлагӀина.
20
Со кхайкхам бан волавелира цкъа хьалха Дамасакхехь а, Ярушалаймехь а, берриг а ЯхӀуд-махкахь а, юха кхечу къаьмнийн нахана юкъахь, уьш дохко а бевлла, Далла тӀе берзийтархьама, шайн гӀуллакхашца дохкобовлар цаьрга гайтийтархьама.
21
Цу бахьаненна, Делан цӀа чохь волуш, схьа а лаьцна, со вен гӀоьртира жуьгтий.
22
Амма Дала гӀо дира суна, таханалера де кхачале а. Цуьнан гӀоьнца лаьтташ ву со тахана кхузахь хьалдолчу а, къечу а нахе тоьшалла деш, кхин хӀумма а ца дуьйцуш, пайхамарша а, Мусас а хир ду аьлларг бен:
23
Дала леррина Къобалвинарг, баланаш а хьегна, кхелхинчул тӀаьхьа, беллачех гӀаьттина хьалхарниг хир ву. Цо яхьар ю серло жуьгтийн халкъана а, кхечу къаьмнийн нахана а».
24
ПахӀалан къамел чекхдалале Виситас чӀоггӀа элира: «ПахӀал, хьо хьераваьлла! Дукха дешаро талхийна хьо!»
25
«Со хьераваьлла вац, лоруш волу Висита, — аьлла, жоп делира ПахӀала. — Ас дуьйцург нийса а, хьекъале а ду.
26
АгӀарипа-паччахьна дика девза хӀара санна гӀуллакхаш, цундела ас паргӀат дуьйцу цуьнца. Со тешна ву, цуьнан тидамера хӀумма а даьлла дац, хӀунда аьлча хӀара дерриг а ломал дехьа хилла дац, массеран а бӀаьргашна хьалха хилла ду.
27
Паччахь АгӀарипа, пайхамарех теший хьо? Хаьа суна, хьо теший».
28
ТӀаккха АгӀарипас элира ПахӀале: «Иштта атта со Ӏийсах тешначех дӀакхетар ву моьтту хьуна?»
29
«Хьесапе дац, атта я хала ду иза, — жоп делира ПахӀала, — амма ас Деле доьху, хьо хилла ца Ӏаш, массо а тахана соьга ладугӀушверг, со санна, хилийта бохуш, амма гӀоьмаш тоьхна тутмакхаш ца хуьлуш».
30
ТӀаккха паччахь хьалагӀаьттира, цуьнца цхьаьна хьалагӀевттира мехкан куьйгалхо а, Беруника а, берриш а цаьрца Ӏийнарш а.
31
Цара, ара а бевлла, бохура вовшашка: «Цу стага иза вен я чуволла цхьа а бахьана ца далийтина».
32
АгӀарипас элира Висите: «И стаг хӀинцца дӀахеца мегар дара, цо Рим-мехкан паччахьна хьалха хӀотта лаьа шена ца аьллехь».
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 27 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28