bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 1
1 Samuel 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 2 →
1
Эпрайман лаьмнаш тӀехь Ӏуьллуш йолчу Раматайм-Цупамахь Ӏаш хилла Элкхан цӀе йолу цхьа стаг. Элкхан ша Цупин доьзалх схьаваьлла вара. Цуьнан ден цӀе Ярохьам хилла, ткъа Ярохьам ЭлихӀун кӀант хилла, ЭлихӀун да ТӀохьа хилла. Ткъа ТӀохьа эпратхо волчу Цупин кӀант хилла.
2
Элкханан ши зуда яра. Цхьана зудчун цӀе Хьанат яра, вукхун цӀе Паннана яра. Паннанин бераш хилла, ткъа Хьанат доьзалхой боцуш хилла.
3
ХӀора шарахь, билгалдаьхначу деношкахь, Элкхан Шилун-гӀала воьдуш хилла массо а ницкъашна тӀехь волчу Везачу Элана лерина долу гӀуллакх дан а, Цунна сагӀа даккхийта а. Шилунехь Везачу Элан динан дай бара Ӏелин кӀентий: Пайнехьассий, Хьапний.
4
Ша, сагӀа а даккхийтина, цӀа веача, Элкхана шен зудчунна Паннанина а, цо бинчу доьзална а цу сагӀин дакъа луш хилла.
5
Хьанатана тоьлла долу дакъа луш хилла цо, хӀунда аьлча иза цунна дукхах езаш хилла, Везачу Эло цунна доьзалхой ца беллехь а.
6
Везачу Эло цунна бераш ца далар бахьана долуш, Паннанас Хьанат кест-кестта сийсазйора, цуьнга сагатдайтархьама.
7
И сурт Паннанас цунна хӀора шарахь хӀоттадора, Хьанат Везачу Элан цӀа чу мосазза йоьду. Цо ша хьийзаяран барам тӀехбаьлча, иза йоьлхура, цо яа хӀума ца йоура.
8
Цуьнан майрачо Элкхана цуьнга элира: «Хьанат, хьо хӀунда йоьлху? Ахь яа хӀума хӀунда ца йоу? Хьан дог стенна Ӏийжаш ду? Со хьуна итт кӀантал ца тоьлу?»
9
Цхьана дийнахь, Шилунахь шаьш яа хӀума йиъна а, мелла а девллачул тӀаьхьа, Хьанат хьалагӀаьттира. Динан да волу Ӏела Везачу Элан цӀийнан неӀсагӀи тӀехь Ӏаш вара.
10
Хьанат, чӀогӀа дог доьхна, йоьлхуш, Везачу Эле доьхуш яра.
11
Цо шен доӀанехь нигат дира: «Массо а ницкъашна тӀехь волу Веза Эла! Тидам бехьа сан деган лазаме! Со хьайна дагаяийтахьа! Йиц ма ехьа! Ахьа суна божабер лахь, аса иза Хьуна массо а йолчу ханна дӀалур ду. Цуьнан коьртарчу месех урс а хьакхалур дац».
12
Дехха доӀа дира Хьаната. Цу хенахь Ӏела Хьанатан балдашка хьоьжуш вара.
13
Иза шен дагахь доӀа деш яра: цуьнан балдаш хьуьйш дара, амма цо дуьйцург хезаш дацара. Цундела Ӏелина иза мелла ю моьттира.
14
Цо цуьнга элира: «Хьо мелла ю! Малар дита деза!»
15
Хьаната жоп делира: «Иза иштта дац, сан эла. Аса я чагӀар а, я йий а ца мелла. Со сайн кийрара бала Везачу Эле дӀабелхош ю.
16
Хьан ялхо йолчу сох вон зуда ма хеталахь. Аса оццул деха доӀа даран бахьана соьгахь лаьтташ болу бала бу».
17
Ӏелас цуьнга элира: «Марша гӀойла хьо. Исраилан Дала хьан доӀанна жоп лойла».
18
Хьаната цуьнга элира: «Хьо суна реза хуьлийла лаьара суна!» Иза шен новкъахула дӀаяхара. Цо яа хӀума а йоура, хӀинца хьалха санна сингаттаме а ца хетара иза.
19
Ӏуьйранна хьала а гӀаьттина, Далла корта а тоьхна, уьш шайн цӀа долчу Раме юхабахара. Элкхан шен зудчуьнца дӀавижинчул тӀаьхьа Дала Хьанатан дехар Шена дагадаийтира.
20
Дукха хан ялале иза берах хилира. Шен зама тӀекхаьчча, цо кӀант вира, цуьнан цӀе Шамъал аьлла тиллира (иза «Далла хезна» бохург ду). И цӀе цунна тиллар и кӀант Хьаната Деле вехар дара.
21
Шен доьзалца хӀора шарахь ша ма-ваххара, Шилуне Везачу Элана сагӀа даккхийта а, ша дина долу нигат кхочушдан а вахара Элкхан.
22
Амма Хьанат цаьрца ца яхара. Цо Элкхане элира: «КӀант вакхочуьра а ваьккхина, аса иза айса дӀавуьгур ву цига, Везачу Элана дӀа а лур ву, массо а ханна цигахь Ӏайта».
23
Элкхана цуьнга элира: «Хьайна бакъахьа хеттарг де. ЦӀахь Ӏан мегар ду хьуна, кӀант вакхочуьра ваккхалц. Дала къобалбина тӀеоьцийла хьан лаам». Цуьнан зуда цӀахь Ӏийра, кӀант вакхочуьра ваккхалц.
24
Иза вакхочуьра къастийначул тӀаьхьа, Хьанат цуьнца Шилуне яхара. Цо, ша дӀайоьдуш, шеца кхо шо кхаьчна долу бежана а, кхо сахь дама а, цхьа пӀаьлдиг чагӀар а даьхьира. Иза Шилунерчу Везачу Элан цӀа чу еара, шеца кхуьуш волу шен кӀант а валош.
25
Схьадалийначу бежанна урс хьаькхира. Ӏела волчу шайн кӀант схьавалийра дас-нанас.
26
Хьаната элира: «Сан эла! Хьо дийна хилар санна бакъ ду хьуна, тоххара хӀоккхуза дӀа а хӀоьттина, Везачу Эле доьхуш доӀа деш хилларг со хилар.
27
ХӀара хьуна гуш долу бер ду хьуна аса Цуьнга дехнарг. Везачу Эло суна жоп делира, аса дехнарг кхочуш а деш.
28
Аса хӀара кӀант Везачу Элана дӀало. Ша дуьнен чохь мел йоккхучу хенахь Везачу Элана гӀуллакх деш хир ву хӀара». Цо цигахь Везачу Элана Ӏибадат дира.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31