bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 20
1 Samuel 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 21 →
1
Рамерчу Наютара Дауд, ведда, ЯхӀуната волчу веара. Цо ЯхӀунате хаьттира: «Ас хӀун дина? ХӀун харцдерг даьлла соьгара? ХӀун къа латийна ас хьан дена хьалха, иза со вен гӀерттал?»
2
ЯхӀунатас жоп делира: «Хьо лийр вац! Сан дас жима а, доккха а гӀуллакх соьга олий бен ца до. Ша хьо вен гӀертийла цо сох хӀунда лечкъор дара? И хӀума хӀинца хила йиш йолуш дац!»
3
Дауда, чӀагӀо а еш, элира: «Хьан дена хууш ду, хьо соьца къаьсттина дика вуйла. Цундела цо шен дагахь боху: „ЯхӀунатина иза хаа йиш яц, цунна хала ца хетийтархьама“. Амма дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, суний, Ӏожаллиний юккъехь цхьа гӀулч бен цахилар».
4
ЯхӀунатас Дауде элира: «Хьан даго боххург дийр ду-кх аса».
5
ТӀаккха Дауда ЯхӀунате элира: «Кхана бутт цӀинбаларан дезде ду. Со паччахьна уллохь шуьнехь Ӏан везаш ву. Амма ахьа со дӀавахийтахьара, кхоалгӀачу дийнан суьйре тӀекхаччалц, со аренгахь къайлавер вара.
6
Хьан да со бахьана долуш сагатдеш хилахь, ахьа ала деза: „Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гӀала вахана, цигахь шен гергарчара хӀора шарахь цкъа доккхуш долчу сагӀанехь дакъалаца“.
7
Иза ахьа аьлча, цо „Дика ду“ алахь, хьан лай маьрша ву, амма иза оьгӀазводахь, хьуна хаалахь, цунна зулам даккха дагадеанийла.
8
Къинхетам бехьа хьайн лех: Везачу Элана хьалха ахьа соьца барт ма бинера. Соьгара хьайна бехке долу хӀума даьллехь, со хӀинццехь вей дӀаваккхахь! Хьайн дена тӀе стенна вуьгу ахь со?»
9
ЯхӀунатас элира: «Ахьа бохуш дерг хьоьца хила йиш яц. Нагахь санна сан да хьуна тешнабехк бан кечвеллехь, иза аса хьоьга хоуьйтур дацара техьа?»
10
Дауда ЯхӀунате хаьттира: «Хьан дас хьоьга оьгӀазлонца жоп лахь, иза соьга хаийта мила вогӀур ву?»
11
ЯхӀунатас элира: «Вало, аренга воьду вайшиъ». И шиъ аравелира.
12
ЯхӀунатас Дауде элира: «Исраилан халкъан Везачу Делах чӀагӀо йо ас хьуна! Кхана я кхана Ӏийча хӀоккху хенахь сайн да хьоьца муха ву хьожур ма ву со. Иза хьоьца гамо йоцуш велахь, аса хьо волчу и хабар дахьаш стаг воуьйтур ву.
13
Амма сан да хьуна ямартло ян кечвеллехь, иза аса хьан лергашна хазор ду, хьо кӀелхьара а волуьйтур ву. Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, аса иза ца дахь. Веза Эла, сан деца ма-хиллара, хуьлийла хьоьца а.
14
Ткъа хьо а, со дийна висахь, Везачу Элана хьалха соьца бинчу бартана тешаме а хилахьара. Нагахь санна сан кхалхар хилахь,
15
айхьа дуьнен чохь йоккхучу хенахь сан доьзална тешаме хилахьара хьо, Везачу Эло массо а хьайн мостагӀа хӀаллаквина хилахь а».
16
ЯхӀунатас Даудан цӀенца барт беш элира: «Везачу Эло кхел йойла Даудан мостагӀашна!»
17
ЯхӀунатас, чӀагӀо а еш, Даудана хаийтира шена иза мел веза, хӀунда аьлча иза цунна, шен са санна, дукха везаш вара.
18
ЯхӀунатас цуьнга элира: «Кхана бутт цӀинбаларан дезде ду. Хьан меттиг яьсса гича, хьо коьртах воккхур ву.
19
Цундела кхозлагӀчу дийнахь хьо хьалха хиллачу метте дӀагӀо. Цигахь, Азал-тӀулг болчохь, охьа а хаий, собар де.
20
Ткъа аса, цу агӀонга цхьана хӀуманна хьажийча санна, кхузза секхаӀад кхуссур ду хьуна.
21
Цул тӀаьхьа аса сайн Ӏодан пхерчий схьалаха кӀант воуьйтур ву. Нагахь санна аса кӀанте алахь: „Пхерчий хьуна тӀехьа Ӏохку, схьаэца уьш“, — со волчу схьавола. Везачу Элах чӀагӀо йо ас, хьо маьрша хиларна а, хьуна цхьа а тайпана кхерам ца хиларна а.
22
Амма аса кӀанте: „Пхерчий хьуна хьалха Ӏохку“, — алахь, хьо дӀагӀо. Везачу Эло хьуна дӀаваха пурба ло.
23
Вайшиммо йина йолу чӀагӀонаш йиц ма е. Веза Эла царна даим а Теш ву!»
24
Дауд аренгахь къайлавелира. Бутт цӀинлучу хенахь хӀоттош долу той дӀадоладелира. Паччахь хӀума яа охьахиира.
25
Цо ша массо а хенахь хууш волу меттиг дӀалецира. И меттиг пенна уллохь яра. Шаулна дуьхьал ЯхӀуната охьахиира. Ткъа Абунар Шаулна уллохь хиира. Даудан меттиг яьсса яра.
26
Цу дийнахь Шаула хӀумма а ца элира, хӀунда аьлча цунна дагадеара: «Схьахетарехь, цхьа хӀума хиллачул тӀаьхьа, Дауд Далла хьалха цӀена воцуш нисвелла».
27
Бутт цӀинлуш болчу денна лерина долу той дӀахьочу шолгӀачу дийнахь а Даудан меттиг яьсса яра. ТӀаккха Шаула ЯхӀунате хаьттира: «Юшайн кӀант селхана а, тахана а тойнехь хӀунда вац?»
28
ЯхӀунатас Шауле жоп делира: «Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гӀала вахана.
29
Цо соьга элира: „Сан гергарнаш сан гӀалахь сагӀа доккхуш бу. Сан вашас соьга дӀакхайкхина. Вайшинна юкъахь гергарло делахь, со сайн вежарех кхета вахийтахьара ахьа“. Цундела иза паччахь волчу шуьне ца кхечи».
30
Шаул шен кӀантана чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо ЯхӀунате элира: «Хьо хьайн лартӀехь йоцучу ненах тера ву. Иза а шен лаамехь яра, хьо а иштта ву! Хьо Юшайн кӀантаца гергарло лелош вуйла суна ца хаьа моьтту хьуна? И гергарло хьуна а, хьан нанна а юьхьӀаьржонна хир долуш ду.
31
Юшайн кӀант дийна мел ву, хьо а, хьан пачхьалкх а лаьттар яц. Иза со волчу схьавалавайта, хӀунда аьлча иза Ӏожаллех вер вац».
32
ЯхӀунатас Шауле элира: «ХӀунда вуьйш ву иза? Цуьнгара хӀун даьлла?»
33
ТӀаккха Шаула иза вен дагахь гоьмукъ кхоьссира. Эццахь ЯхӀунатина хиира, Шаула Дауд вен чӀагӀо йинийла.
34
ЯхӀуната, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, хьалагӀаьттира. Бутт цӀинлучу шолгӀачу дийнахь цо яа хӀума ца йиира. Цуьнан бахьана Даудах дог лазар а, шен дас шена йина вас а яра.
35
Иза, Ӏуьйранна ара а ваьлла, Даудаца ша барт бинчу аренга вахара. Цуьнца цхьа жима кӀант а вара.
36
Цо кӀанте элира: «Вадий, ваха а гӀой, аса кхуссу долу пхерчий схьалаха». КӀант аренгахула ведда дӀавахара. Амма ЯхӀунатин секхаӀодан пхерчий, цу кӀантана тӀехула а дуьйлуш, дӀаоьхура.
37
КӀант цо пхерчий охьаэгийначу метте дӀаведира. ЯхӀунатас цунна тӀаьхьа мохь туьйхира: «Хьажал, пха хьуна хьалха Ӏуьллуш бу хьуна».
38
Юха а кӀантана тӀаьхьа мохь беттара ЯхӀунатас: «Сихха вада! Саца ма саца!» Пхерчий схьа а гулдина, кӀант шен олахочунна тӀевеара.
39
Цунна иза хӀун ду ца хаьара. Дауданий, ЯхӀунатиний бен ца хаьара цу дешнийн маьӀна.
40
Шен герз кӀанте дӀа а делла, ЯхӀунатас цуьнга элира: «Вало, гӀала дӀахьо иза».
41
КӀант дӀавахара. Азал-тӀулгана къилбехьара йолчу агӀорхьара хьала а гӀаьттина, ЯхӀунатина хьалха гора а хӀоьттина, лаьтта кхаччалц кхузза охьатаьӀира Дауд. Вовшашна обанаш а йохуш, воьлхуш вара и шиъ, амма Дауд вукхул чӀогӀа воьлхура.
42
ЯхӀунатас Дауде элира: «Марша гӀойла хьо. Вайшиммо Везачу Элана хьалха вовшашна чӀагӀо йинера. Веза Эла хьуна а, суна а юкъахь, иштта хьан тӀаьхьенна а, сан тӀаьхьенна а юкъахь гуттаренна а Теш ву».
43
Хьала а гӀаьттина, Дауд дӀавахара, ткъа ЯхӀуната гӀала юхавирзира.
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31