bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 7
1 Samuel 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 8 →
1
Кхиръят-ЯӀарим-гӀаларчу бахархоша Везачу Элан деза тӀорказ, схьа а эцна, гуна тӀехь лаьтташ долчу Абинадабан цӀа чу схьадеара. Цул тӀаьхьа цуьнан кӀант ЭлиӀазар Везачу Элан тӀорказна дола дан къобалвира.
2
И деза тӀорказ Кхиръят-ЯӀариме кхаьчна дуккха а хан елира — ткъа шо гергга. Исраилан халкъ Веза Эла лоьхуш дара.
3
Шамъала дерриге а Исраилан халкъе элира: «Шу доггах Везачу Элана тӀедерзахь, аша кхечу къаьмнийн деланаш шайн дага чуьра дӀабаха беза. Аша Ӏаштарт цӀе йолчу далла бина болу цӀуш дӀабаха беза. Шайн дегнашца шу Везачу Элана тӀедерза, Цунна цхьанна гӀуллакх а де. ТӀаккха Цо шу пӀелаштамхойн баланех кӀелхьардохур ду».
4
Исраилхоша БаӀалан а, Ӏаштартан а цӀуш дӀабехира. Уьш Везачу Элана бен гӀуллакх а ца деш дӀабуьйлабелира.
5
Шамъала элира: «Массо а исраилхой МицӀпа-гӀалахь схьагулбе. Аса Везачу Эле сайн доӀанна тӀехь шу доьхур ду».
6
Массо а исраилхой МицӀпа-гӀалахь схьагулбелира. Хи, схьа а оьцуш, Везачу Элана хьалха охьадуттура цара. Массо а цу дийнахь марха кхобуш вара. Цара бохура: «Везачу Элана хьалха оха къинош латийна». Шамъал МицӀпа-гӀалахь царна юкъахь кхел еш вара.
7
Шайна исраилхой МицӀпа-гӀалахь гулбеллийла хиъча, пӀелаштамхой, шайн куьйгалхой коьртехь а болуш, исраилхошна тӀелата кечбелира. Иза шайна дӀахиъча, исраилхой чӀогӀа кхерабелира.
8
Цара Шамъале дехар дира: «Вайн Везачу Деле хьайн доӀанна тӀехь, тхо пӀелаштамхойх кӀелхьардаха бохуш, доьхучуьра саца ма сацахьара хьо!» — аьлла.
9
Шамъала, бекхачуьра къастоза болу Ӏахар схьа а эцна, цунах Везачу Элана лерина долу сагӀа даьккхира, Исраилан халкъана гӀо доьхуш. Цуьнан доӀа Везачу Элана дӀахезира.
10
Шамъала сагӀа доккхучу хенахь пӀелаштамхой исраилхошца тӀом бан баьхкира. Амма Везачу Эло пӀелаштамхошна тӀехь чӀогӀа стигал къовкъийра, уьш инзар а бохуш. Цуьнан гӀоьнца уьш исраилхоша эшийра.
11
Цара пӀелаштамхой МицӀпа-гӀалара лаьхкина, хӀаллакбеш, Байт-Кара кхаччалц дӀабигира.
12
Цул тӀаьхьа Шамъала, тӀулг схьа а эцна, иза МицӀпаний, Шан-юртаний юккъе охьабиллира. Цу тӀулган цӀе Абани-Ӏазар тиллира цо (иза «гӀо ден тӀулг» бохург ду). Шамъала элира: «Везачу Эло хӀокху метте кхаччалц вайна гӀо дина».
13
Иштта дӀатебина хилла пӀелаштамхой. Уьш кхин Исраилан махкана тӀелата оьхуш а ца хилла. Шамъалан куьйгалла исраилхошна тӀехь мел ду, Везачу Эло пӀелаштамхошна тӀера Шен куьг дӀадоккхуш ца хилла.
14
Исраилхоша Ӏекхрана тӀера дуьйна Гати-гӀалина тӀе кхаччалц Ӏохкуш йолу шайн гӀаланаш а, царна гонахьара меттигаш а схьаехира пӀелаштамхошкара. Исраилхошний, эмархошний юккъехь машар дӀахӀоьттира.
15
Ша мел веха Шамъал Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лелла.
16
ХӀора шарахь, махкахула волалой, Бетал-гӀала а, Галгала а, МицӀпа-гӀала а кхочуш хилла иза. Цу массо а меттигашкахь исраилхошна юкъахь кхел еш, нийсо еш хилла цо.
17
Цигахула ша чекхваьлча, иза Раме дӀавоьдуш хилла. Цигахь дара цуьнан цӀа, цигахь йора цо Исраилан халкъана юкъахь кхел. Кхузахь цо Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31