bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 11
1 Samuel 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 12 →
1
Ӏамминхойн паччахь волчу Нахьаша, шен эскархошца схьа а веана, ГалӀадерчу Явеш-гӀалина го бира. Массо а цу гӀаларчу бахархоша Нахьаше элира: «Тхоьца барт бе, ткъа тхо хьуна гӀуллакх деш лелар ду».
2
ТӀаккха Нахьаша цаьрга элира: «Аса шуьца барт бийр бу, амма шуна цхьа декхар тӀе а дожош: шун хӀораннан а аьтту бӀаьрг баккхарца дерриг а Исраилан халкъ юьхьӀаьржачу хӀоттор ду ас».
3
ТӀаккха Явеш-гӀаларчу къаноша цуьнга элира: «Тхуна ворхӀ де хан лахьара ахьа, Исраилан махка массо а маьӀӀе геланчаш бахийта. Нагахь цхьаммо а тхуна гӀо ца дахь, тхо хьуна тӀе догӀур ду».
4
Геланчаш Шаул Ӏаш волчу ГебаӀ-гӀала баьхкира. Цара шайна тӀехӀоьттинарг дерриг а халкъана дӀадийцира. Массо а адам, мохь хьоькхуш, делха доладелира.
5
Стерчашна тӀаьхьа а хӀоьттина, аренгара цӀа вогӀуш хилла Шаул. Цо хаьттира: «Адамашна хӀун хилла? Уьш стенна боьлху?» Цунна Явеш-гӀалара баьхкинчара деанарг дӀадийцира.
6
И хӀума цунна дӀа-ма-дийццинехь, Делан Са Шаулна тӀе Шен ницкъаца охьадоьссира. Шаул чӀогӀа оьгӀазвахара.
7
Цо, ши сту схьа а лаьцна, царах дакъош а дина, уьш Исраилан мехкан массо а маьӀӀе цу геланчашка дӀасадахьийтира, массарна дӀа а хоуьйтуш: «Иштта доькъур ду Шауланий, Шамъаланий тӀаьхьа ца хӀиттинчеран стерчий», — аьлла. Адам Везачу Элах а, Цо ницкъ беллачу Шаулах а чӀогӀа кхераделира. Массо а адам, цхьаъ санна хилла дӀахӀоьттина, цунна тӀе дахара.
8
Шаула Безакх-гӀалахь уьш схьагулбира: Исраилан махкара кхо бӀе эзар стаг вара, ЯхӀуд-махкара ткъе итт эзар стаг а вара.
9
Цара геланчашка элира: «ГалӀадерчу Явеш-гӀалин бахархошка дӀаала: „Кхана малх схьакхеттачул тӀаьхьа царна гӀо кхочур ду“». Геланчаша, юха а баьхкина, иза нахе дӀаэлира. Уьш чӀогӀа гӀадбахнера.
10
Явеш-гӀалин бахархоша Ӏамминхошка элира: «Тхо кхана дӀадогӀур ду. Шайна дан луург дийр ду-кх аша тхуна».
11
ШолгӀачу дийнахь схьагулделла долу халкъ Шаула кхаа тобане дийкъира. Ӏуьйранна, сахилале, уьш Ӏамминхойн меттаматтана юккъе лилхира, делкъахан тӀекхачале цара уьш эша а бира. ТӀаьхьабисинарш, шиъ цхьаьна воцуш, дӀасабевдира.
12
ТӀаккха халкъо Шамъале элира: «Мила ву: „Шаула дийр дара тхуна тӀехь паччахьалла?“ — баьхнарг? Схьало уьш тхоьга, оха уьш бойур бу!»
13
Амма Шаула элира: «Таханлерчу дийнахь цхьа а стаг вен йиш яц: тахана Везачу Эло Исраилан халкъ кӀелхьардаьккхина!»
14
Шамъала халкъе элира: «Дуьло, Галгала дӀагӀо вай, юха а паччахьалла дӀахӀоттор ду вай».
15
Дерриг а адам Галгала дӀадахара. Цигахь, Везачу Элана хьалха, Шаул, паччахь веш дӀа а хӀоттийна, Делаца барт беш сагӀанаш дехира цара. Шаулан а, дерриге а Исраилан халкъан а чӀогӀа самукъаделира цу дийнахь.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31