bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 16
1 Samuel 16
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 17 →
1
Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гӀайгӀане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дӀатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маӀа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гӀала гӀо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кӀенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина».
2
Амма Шамъала элира: «Со муха гӀур ву цига? Шаулна иза дӀахаахь, цо со вуьйр ву». Везачу Эло жоп делира: «Хьайца, цига воьдуш, шинар дига. Хьо Везачу Элана лерина долу сагӀа даккха веана эр ду ахьа.
3
Айхьа сагӀа доккхучу хенахь Юшайга схьакхайкха. Цул тӀаьхьа Аса дуьйцур ду хьуна, хӀун дан деза. Аса хьайга аьлларг даьтта доттарца къобалвийр ву ахьа Суна».
4
Шега Везачу Эло ма-аллара, Байтлахам-гӀала ваха новкъа велира Шамъал. Иза цига дӀакхаьчча, цу гӀалара къаной боьхна дуьхьалбевлира цунна. Цара хаьттира: «Маршо яхьаш вогӀий хьо?»
5
Цо жоп делира: «ВогӀу. Со Везачу Элан дуьхьа сагӀа даккха вогӀуш ву. Делан дуьхьа дӀа а къастий, соьца сагӀа доккхучу дуьйла». Шамъала Юшай а, цуьнан кӀентий а Далла хьалха дӀахӀоттабан кечбира. Уьш а кхайкхира цо сагӀа доккхучу.
6
Уьш сагӀа доккхучу схьабаьхкича, Шамъална цигахь Элиаб гира. Цо ша-шега элира: «Везачу Элана хьалха дӀахӀоьттина лаьтташ волу хӀара хила мега Цо къобалвинарг!»
7
Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хӀунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу».
8
Юшайс, Абинадаб схьа а кхайкхина, иза Шамъална тӀевалийра. Шамъала элира: «ХӀара а вац Везачу Эло хаьржинарг».
9
ТӀаккха Юшайс Шама тӀевалийра. Юха а Шамъала элира: «ХӀара а вац Везачу Эло хаьржинарг».
10
Иштта шен ворхӀе а кӀант Шамъална тӀевалийра Юшайс, амма Шамъала элира: «Кхарах цхьа а ца хаьржина Везачу Эло».
11
ТӀаккха Шамъала Юшайга хаьттира: «Массо а кӀентий кхузахь буй хьан?» Юшайс жоп делира: «Уггар жима кхин цхьаъ ву. Иза хӀинца жа дажош ву». Шамъала Юшайга элира: «Цхьаъ вахийтий, иза схьавалавайта. Иза схьаваллалц, вай хӀума яа охьаховшур дац».
12
Юшайс кӀант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бӀаьрг а болуш, юьхь тӀера чӀогӀа товш кӀант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гӀаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза».
13
Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маӀа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тӀе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тӀе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гӀаьттина, Раме дӀавахара.
14
Везачу Элан Са Шаулах дӀакъаьстира. Цунна тӀе Везачу Эло дахийтинчу жино иза хьийзавора.
15
Шауле цуьнан ялхоша элира: «Делера долчу жино хьийзош ву хьо.
16
Хьайна хьалха болчу ялхошка дечиган пондар лакха хууш волу стаг лахийта. Делера долу жин хьо волчу деача, цу стага пондар а локхуш, хьан дагна хьаам бийр бу».
17
Шаула шен ялхошка элира: «Дечиган пондар дика лакха хууш волу стаг, схьа а лахий, со волчу схьавалаве».
18
Ялхошна юкъахь волчу цхьаммо элира: «Байтлахам-гӀалара волчу Юшайн кӀант гина суна. Цунна дечиган пондар лакха а хаьа, иза ша майра а, вистхилар хьекъале долуш а, чӀогӀа товш стаг а ву. Цуьнца Веза Эла а ву».
19
ТӀаккха Шаула Юшай волчу хабар эцна геланча вахийтира: «Хьайн бажа бажош волу кӀант Дауд со волчу ваийта», — аьлла.
20
Юшайс, шен вир схьа а эцна, цунна тӀе бепиг а, чагӀар чохь долу пӀаьлдиг а биллина, жима буьхьиг схьа а эцна, уьш а, шен кӀант Дауд а Шаул волчу дӀахьажийра.
21
Дауд Шаул волчу дӀакхаьчча, иза цунна гӀуллакх дан волавелира. Дауд чӀогӀа везавелира Шаулна, цо цунах шен герзлелориг вира.
22
Юшайга хабар дахьийтира Шаула: «Дауд со волчохь гӀуллакх деш сецна, хӀунда аьлча цо деш долу гӀуллакх суна чӀогӀа тайна».
23
Делера долу жин Шаулна тӀе охьа мосазза дуссу, Дауда, схьа а оьций, дечиган пондар локхура, тӀаккха Шаулан са паргӀатдолура.
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 17 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31