bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 28
1 Samuel 28
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 29 →
1
Цу заманчохь пӀелаштамхоша шайн эскар кечдина хилла Исраилан халкъаца тӀом бан. Ахаша Дауде элира: «ДӀахаалахь, хьо а, хьоьца болу нах а соьца цхьаьна гӀовтта безийла».
2
Дауда Ахаше элира: «ХӀинца хуур ду хьуна хьан лай волчуьнга хӀун далур ду». Ахаша Дауде элира: «ТӀаккха аса хьох массо а ханна сайн ларвархо вийр ву».
3
Шамъал кхелхинера. Дерриг а Исраилан халкъ цунна тӀаьхьа доьлхуш хиллера. Иза ша ваьхна йолчу Рамехь дӀавоьллинера. Ткъа адамийн синош тӀедоьхуршший, пал туьйсуршший шен пачхьалкхера лаьхкина дӀабахийтинера Шаула.
4
ПӀелаштамхоша, вовшах а кхетта, шайн меттамотт Шунамехь дӀахӀоттийра. Шаула а схьагулдира дерриг а Исраилан эскар. Уьш ГилбаӀ-ломахь схьагулбелла дӀахӀиттира.
5
Шена пӀелаштамхойн эскар схьагича, Шаул воьхна хьаьвзира, цуьнан дага чу кхерам буьйжира.
6
Цо Везачу Эле хаттарш дора, амма Иза цунна набарха а, Урим олучу безачу тӀулгаца а, пайхамаршкахула а жоп луш вацара.
7
ТӀаккха Шаула шен ялхошка элира: «Схьалаха суна деллачу адамийн синош тӀедоьху зуда, аса цуьнга хоттур ду». Ялхоша цуьнга жоп делира: «Ӏейндар-гӀалахь Ӏаш ю адамийн синош тӀедоьху зуда».
8
Шена тӀера бедарш дӀа а яьхна, кхин бедарш тӀеюьйхира Шаула. Иза, кхин ши стаг а волуш, буьйсанна и зуда йолчу вахара. Шаула цуьнга элира: «Аса дехар до хьоьга, суна пал а тасий, аса хьайга вийцинарг со волчу схьакхайкхахьара ахьа».
9
Амма зудчо цуьнга жоп делира: «Хьуна хууш ма ду Шаула динарг. Цо пал тосуш берш а, адамийн синош тӀедоьхуш берш а махках ма баьхна. Хьо со ейта суна гур бугӀуш ву».
10
Шаула, Везачу Элах дуй бууш, элира: «Дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, хьуна и хӀума бахьана долуш цхьа а тайпана зулам хир ма дац».
11
ТӀаккха зудчо хаьттира: «Аса хьаьнга кхайкха хьуна?» Цо элира: «Шамъале кхайкха».
12
Шена Шамъал гича, зудчун мохь белира. Цо Шауле элира: «Со стенна лейо ахьа? Хьо Шаул ма ву».
13
ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Кхера ма ло. ХӀун го хьуна?» Зудчо элира: «Суна лаьттара хьаладолуш цхьа жин го».
14
«Муха ду цуьнан сибат?» — хаьттира цуьнга Шаула. Цо элира: «Лаьттара хьалаволуш, тӀехь еха бедарш а йолуш, воккха стаг ву». ТӀаккха Шаулна хиира иза Шамъал вуйла. Шен юьхь лаьттах хьакха а йолуьйтуш, цо цунна корта туьйхира.
15
Шамъала Шауле хаьттира: «Со стенна меттахвоху ахьа? Соьга хӀунда кхойкху хьо?» Шаула элира: «Суна чӀогӀа хала ду. ПӀелаштамхой суна дуьхьал гӀевттина тӀамца. Дала суна букъ берзийна. Цо суна я пайхамаршкахула а, я гӀенах а жоп ца ло. Цундела аса хьоьга кхойкху, айса дан дезачух дагавала».
16
Шамъала элира: «Соьга стенна до ахьа хаттарш, Веза Эла хьан мостагӀа хилла дӀахӀоьттина хилча?
17
Везачу Эло соьгахула Ша дийр ду аьлларг дийр ду. Цо, хьан карара паччахьалла схьа а даьккхина, хьуна уллохь хиллачу Дауде дӀаделла.
18
Везачу Эло бохучуьнга ахьа ла ца дуьйгӀира. Ӏамалекхахошна чӀогӀа оьгӀаз а вахана, Цуьнан омра кхочуш ца динера ахь, цундела тахана Везачу Эло хьуна иза до.
19
Везачу Эло пӀелаштамхошка Исраилан халкъана тӀехь толам боккхуьйтур бу. Кхана хьо а, хьан кӀентий а соьца хир бу. Исраилхойн эскар кхана пӀелаштамхойн карахь хир ду».
20
ТӀаккха Шаул, цӀеххьана вахвелла, охьавуьйжира. Иза чӀогӀа кхеравелира Шамъала шега аьллачу дешнех. Цуьнгахь гӀора дацара, хӀунда аьлча цо цу дийнаххьий, бусий яа хӀума ца йиънера.
21
И зуда Шаулна тӀееара. Цунна гира иза чӀогӀа кхеравелла хилар. Зудчо элира: «Сан дахарна сайна кхерам боллушехь, аса ахьа бохург дина.
22
ХӀинца аса доьху хьоьга, ахьа а ладогӀахьара хьайн лай йолчо бохучуьнга. Аса хьуна цхьажимма хьокхам лур бу, иза баахьара ахьа. Новкъа ваьлча, хьоьгахь ницкъ хир бара».
23
Амма цо шега бохучуьнга ла ца дуьйгӀира. Шаула элира: «Аса хӀума юур яц». Амма Шаулан ялхой цу зудчуьнца цхьаьна, хӀума яа бохуш, дехар дан буьйлабелира цуьнга. Эххар а Шаула цара бохург дира. Лаьттара хьала а гӀаьттина, иза метта охьахиира.
24
Цу зудчун цӀахь дустийна эса дара. Сихха иза ден а дийна, дама схьа а эцна, бод а хьакхийна, совсоза долу хьокхамаш дира цо.
25
Шаулна а, цуьнан ялхошна а яа хӀума хӀоттийра цо. Шайна хӀума а кхаьллина, уьш цу буссехь, хьала а гӀевттина, дӀабахара.
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 29 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31