bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 24
1 Samuel 24
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 25 →
1
Цигара ша дӀавахча, Дауд, Ӏейн-ГӀади йолчу а вахана, цигахь йолчу чӀагӀйинчу меттигашкахь зама йоккхуш вара.
2
Шаул пӀелаштамхой болчуьра юхавирзича, цуьнга хаам бира: «Дауд Ӏейн-ГӀади олучу яьссачу аренгахь ву», — аьлла.
3
Иза, массо а ЯхӀуд-махкара схьагулвина волу кхо эзар тоьлла боьрша стаг шеца а волуш, ДаудгӀар лаха вахара. Иза «масарийн тархаш» цӀе йолчу меттигна уллохь дара.
4
Уьш некъан йистехь лаьтташ йолчу уьстагӀий чулохкучу керта кхечира. Цигахь гена йоццуш хьех яра. Шаул шен гӀуллакх дан цу хьеха чу вахара. Ткъа Дауд а, цуьнца берш а геннахь цу хьеха чохь Ӏаш бара.
5
Даудаца болчара цуьнга элира: «ХӀара ду хьуна Везачу Эло хьоьга дийцина долу де: „Аса хьан мостагӀа хьан кара дӀалур ву. Хьайна луъург де цунах“». Дауда, хьала а гӀаьттина, Шаулан тӀехула юхучу бедарх кийсак схьахадийра.
6
Ша и хӀума дар бахьана долуш дага чу лазам боьссира Даудана.
7
Цо шеца болчаьрга элира: «Везачу Эло доьхкийла суна Ша къобалвина волчу сан олахочунна тӀе куьг дахьар, хӀунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву».
8
Цу дешнашца цо шеца берш сацийра, Шаулна тӀе куьг ца кховдадойтуш. Ткъа Шаул, хьала а гӀаьттина, хьеха чуьра ара а ваьлла, некъа тӀе велира.
9
Дауд а хьалагӀаьттира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цо Шаулна тӀаьхьа мохь туьйхира: «Сан паччахь волу олахо!» — аьлла. Шаул юхахьаьжча, Дауд, цунна лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, гора хӀоьттира.
10
Дауда Шауле элира: «„Дауд хьуна зулам дан гӀерташ ву“ — бохуш, хьайга мотт беттачу нахе ла хӀунда дугӀу ахьа?
11
Тахана хьан бӀаьргашна гуш ма ду, эццахь йолчу хьеха чохь Везачу Эло хьо сан кара схьавелла хилар. Соьга, хьо ве бохуш, хьехарш деш берш а бара хьуна. Амма аса, хьох къинхетам беш, элира: „Аса сайн олахочунна тӀе куьг хьур дац, хӀунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву“.
12
Сан да! Сан карахь йолчу хьайн бедаран кийсаке хьажахьа, аса схьахадийна йолчу. И аьтто сайна баьлла боллушехь, аса хьо ца вийра. ХӀинца мукъана а хаахьара хьуна сан дага чохь хьо бахьана долуш я вон хӀума а, я ямартло а йоцийла. Аса хьо бахьана долуш къа ца латийна, ткъа хьо сан синна тӀаьхьаваьлла ву, иза дӀадаккха лууш.
13
Везачу Эло къастайойла вайшиннан юкъаметтиг. Дала бекхам бойла хьуна со бахьана долуш. Амма сан куьг-м хьакхалур дац хьох.
14
Хьалхалерчу заманчохь ма-аллара: „Зулам зуламечу нахера бен ца долу“. Аса хьуна тӀе куьг хьур дац.
15
Хьанна дуьхьалваьлла Исраилан паччахь? Хьанна тӀаьхьаваьлла лелаш ву хьо? Деллачу жӀаьлина тӀаьхьаваьлла, цхьана сагална тӀаьхьаваьлла?
16
Везачу Эло Шен кхелаца нийсо йойла вайшинна юкъахь. Цо, Ша тӀе а хьаьжна, сан гӀуллакх къастор ду, со хьан куьйга кӀелхьара схьа а воккхуш».
17
Дауд и дешнаш дӀааьлла ваьллачул тӀаьхьа, Шаула цуьнга элира: «Хьан аз дуй иза, сан кӀант Дауд?» Цул тӀаьхьа Шаул мохь туххуш велха волавелира.
18
Цо Дауде элира: «Хьо сол бакъ ву, хӀунда аьлча хьо суна дика деш схьавеана, ткъа аса хьуна вонаш дина.
19
Тахана ахьа иза гайти. Везачу Эло со хьайн кара дӀавелла воллушехь, сох къинхетам а бина, ахьа со вен ца вийра.
20
Хьан вохуьйтур вара шен мостагӀа, шена каравеача, маьршачу новкъахула дӀа? Везачу Элера ял хир ю хьуна ахьа тахана сан дуьхьа динарг бахьана долуш.
21
Суна хӀинца хаьа паччахьалла хьоьгахь хир дуйла а, Исраилан пачхьалкх хьан карахь чӀагӀъелла дӀахӀуттур юйла а.
22
Ткъа хӀинца Везачу Элан цӀарах дуй баа беза ахьа суна, со веллачул тӀаьхьа сан хӀу айхьа хӀаллакдийр дац аьлла а, сан ден доьзалан цӀе йовр яц аьлла а».
23
Дауда Шаулна и чӀагӀо йира. Шаул шен цӀа вахара, ткъа Дауд шеца болчаьрца шаьш чӀагӀйинчу меттиге хьалавелира.
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 25 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31