bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 18
1 Samuel 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 19 →
1
Дауд Шаулаца къамел дина ваьлча, цуьнан а, ЯхӀунатин а юкъаметтиг кхин а чӀагӀъелира, цунна иза, ша-шена санна, дукхавезавелира.
2
Шаула Дауд шеца витира, иза шен да волчу дӀа а ца вохуьйтуш.
3
ЯхӀунатина, ша санна, Дауд везавалар бахьана долуш, Даудаца даггара доттагӀалла лело барт бира цо.
4
Шаьшшинна юкъахь хиллачу бертан тоьшалла деш, ЯхӀунатас шена тӀехула йоьхна йолу бедарш схьа а яьхна, Дауде дӀаелира. Иштта тӀеман бедарш а, тур а, секхаӀад а, доьхка а дӀаделира цо.
5
Шаула ша мичча вахийтича а, Даудан аьтто хуьлура. Цундела Шаула цунах тӀеман хьаькам вира. Иза хазахетарца тӀеийцира дерриг а халкъо а, паччахьан гонах болчара а.
6
Дауда пӀелаштамхо эша а вина, эскархой цӀа богӀучу хенахь массо а Исраилан махкарчу гӀаланашкара зударий шайн паччахь волчу Шаулна дуьхьал хелхаршций, эшаршций арабевлира. Церан карахь жиргӀанаш а, дечиг-пондарш а дара.
7
Халхарш а деш, цара бохура: «Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда — итт эзарнаш».
8
Шаулна и дешнаш чӀогӀа ца дезаделира. Цо элира: «Цара Даудана итт эзарнаш дӀабелла, ткъа суна — эзарнаш бен. Цунна хӀинца, паччахьалла тӀехилчхьана, кхин хӀумма а ца оьшу».
9
Цу дийнахь дуьйна Шаул Дауде хьогӀаца хьоьжура.
10
ШолгӀачу дийнахь Делера долу жин цӀеххьана Шаулна тӀе доьссира. Иза шен цӀахь хьераваьлча санна лелара, ткъа Дауд, кхечу деношкахь санна, дечиг-пондарх пӀелг а туьйсуш, Ӏаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара.
11
Цо, шен дагахь: «Аса иза хӀинца пенах дӀалатор ву», — бохуш йолу ойла а еш, гоьмукъ кхоьссира. Амма Дауда, шозза а дӀа а таьӀна, иза тӀехбалийтира.
12
Шаул Даудах кхоьруш вара, хӀунда аьлча Веза Эла цуьнца вара, ткъа Шаулна уллора Иза юхаваьллера.
13
Шаула Дауд, шена уллора дӀа а ваьккхина, шен эзар тӀемалочунна тӀехь хьаькам хӀоттийра, иза массо а адамна хьалха эскарна тӀехь куьйгалла деш а вара.
14
Дауда ша мел деш долу гӀуллакх кхиамца дора, хӀунда аьлча Веза Эла цуьнца вара.
15
Цуьнан аьтто болуш хилар гуш волу Шаул Даудах кхоьруш вара.
16
Ткъа массо а Исраил-махкарчу а, ЯхӀуд-махкарчу а къаьмнашна Дауд чӀогӀа везара, хӀунда аьлча иза дерриг а гӀуллакхна хьалхаваьлла волу дела.
17
Шаула Дауде элира: «Сайн йоккхаха йолу йоӀ Мираба хьоьга маре йоуьйту аса. Хьо майра хила веза, Везачу Элан тӀемаш дӀа а кхоьхьуш». Шаулан дагахь дара: «Сан карах а доцуш, пӀелаштамхойн карах валар хуьлийла цуьнан».
18
Амма Дауда Шауле элира: «Со а, сан ден цӀа а Исраилан махкахь девзаш дац, со паччахьан нуц хилла дӀахӀоттал».
19
Шаулан йоӀ Мираба маре яха хан тӀекхаьчча, иза махьулхочуьнга Ӏадриале маре яхийтира.
20
Амма Шаулан вукху йоӀана, Михулина, везавелира Дауд. Иза Шауле дӀахаийтича, Шаулна и гӀуллакх хазделира.
21
Ткъа Шаул шен дагахь ойла еш вара: «Аса йоӀ цуьнга маре яхийтича, цунах Даудана гур хир бу, цуьнан пӀелаштамхойн карах валар а хир ду». Шаула шолгӀа а Дауде элира: «ХӀинца кхин а цхьа аьтто баьлла хьан соьца гергарло таса».
22
Шена гонах болчаьрга Шаула элира: «Къайлаха цуьнга ала: „Хьажал, паччахь хьоьца чӀогӀа дика ву, цунна гонах болчарна массарна а хьо веза. ХӀунда аьлча хӀинца дика зама ю паччахьан нуц хилла дӀахӀотта“».
23
Шаулан гонах болчара и дешнаш Дауде дӀааьлча, Дауда жоп делира: «Шуна атта ду моьтту паччахьан нуц хила? Со къен а, ладам боцу а стаг ма ву».
24
Паччахьан гонах болчара Шауле дӀадийцира шайн Даудаца хилла къамел.
25
Шаула элира: «ДӀаала Дауде: „Паччахьна шен йоӀах кхин там ца оьшу, бӀе вийна пӀелаштамхо бен. Уьш байа а байина, сунт а бина, уьш хадош дисина чкъоьрнаш суна схьада. Иза паччахьан мостагӀашна бекхам хир бу“». Цо и тайпа къамел даран бахьана Дауд пӀелаштамхойн карахула хӀаллакван гӀертар дара.
26
Паччахьна гонах болчара и къамел Дауде схьадеара. Даудана тайнера паччахьан нуц хилар. Хан йиллина денош тӀекхачале,
27
Дауда шен накъосташца, пӀелаштамхой болчу а вахана, царах ши бӀе стаг вийра. Цо паччахьна и нах ша сунтбина хиларан билгалонаш схьаеара. Шаула цуьнга шен йоӀ Михула маре дӀаелира.
28
Шаулна хиира Веза Эла Даудаца вуйла а, шен йоӀана Михулина Дауд везийла а.
29
Цундела Шаул кхин а чӀогӀа кхоьрура Даудах. Иза цуьнан мостагӀа хилла дӀахӀоьттира массо а ханна.
30
ПӀелаштамхойн баьччанаш тӀамца гӀевттича, Дауд массо а Шаулан тӀемалойл а кхиаме тӀом дӀахьош хуьлура. Цуьнан цӀе массанхьахула дӀасаяьржира.
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31