bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 5
1 Samuel 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 6 →
1
Делан деза тӀорказ йийсаре а дигна, пӀелаштамхоша иза Абани-Ӏазарера Ашдод-гӀала схьадеара.
2
Цара деза тӀорказ, схьа а эцна, шайн дела волчу ДагӀонан цӀа чу диллира. Цара иза ДагӀонан суьртана уллохь охьахӀоттийра.
3
ШолгӀачу Ӏуьйранна ашдодхой самабевлча, царна гира ДагӀонан тӀулгах дина долу сурт Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал Ӏуьллуш. Хьала а айдина, ДагӀонан сурт цара ша хиллачу дӀахӀоттийра.
4
Вукху Ӏуьйранна нах самабевлча, царна гира Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал Ӏуьллуш долу ДагӀонан сурт, цуьнан корта а, ший а куьг а, схьа а даьккхина, неӀсагӀи тӀехь Ӏуьллуш. Дохоза дегӀан гӀад диснера.
5
И бахьана долуш таханлера де тӀекхаччалц я динан дай а, я кхиболу нах а, Ашдод-гӀаларчу ДагӀонан цӀа чу шаьш баьхкича, цкъа а неӀсагӀи тӀе ца бовлу.
6
Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таӀзар дора Цо царна, дегӀа тӀе хӀуманаш юьйлуьйтуш, Ӏазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гӀалахь хӀоттийна а ца Ӏаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хӀоттийнера.
7
Шайна и сурт гича, ашдодхоша элира: «Исраилан Делан деза тӀорказ вай долчохь кхин дита йиш яц! Цо даккхий зенаш хуьлуьйту вайна а, вайн дела волчу ДагӀонна а».
8
Цара, пӀелаштамхойн мел волу куьйгалхо схьа а гулвина, хаьттира: «ХӀун до вай Исраилан халкъан Делан дезачу тӀорказна?» Вукхара элира: «Вай и тӀорказ Гати-гӀала дӀадахьа деза». Цара иза Гати-гӀала дӀадаьхьира.
9
Иза цига дӀа-ма-даьхьнехь, Везачу Элан куьг цига а кхечира. Нах чӀогӀа инзарбохуш, царна тӀе доккха Ӏазап хӀоьттира, массеран а дегӀа тӀе ирча хӀуманаш евлира, воккха-жима ца къастош.
10
Цул тӀаьхьа цара Делан тӀорказ Ӏекхран-гӀала дӀадаьхьира. Амма иза цига дӀадаьхьча, цу гӀалара бахархой чӀогӀа боьхна хьаьвзира. Цара бохура: «Тхо долчу исраилхойн Делан тӀорказ схьадеана тхо а, тхан гӀала а хӀаллакьян».
11
ТӀаккха цара, массо а пӀелаштамхойн куьйгалхо схьа а гулвина, элира: «Исраилан мехкан Делан деза тӀорказ ша хиллачу дӀадахьийта, цо вайн мохк а, вайн адам а хӀаллакдале!» Ӏекхран-гӀалара бахархой чӀогӀа кхерабелла хилла, хӀунда аьлча церан дахар цу хенахь чӀогӀа эрчадаьлла хилла дела.
12
Байаза бисинарш дегӀа тӀехь хӀуманаш евлла хилла. Адаман белхар стигала хьалакхочура.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31