bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 3
1 Samuel 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 4 →
1
Кхиъна вогӀуш волу Шамъал Ӏелина уллохь Везачу Элана гӀуллакх деш вара. Цу деношкахь Делера хаам нахе наггахь бен хуьлуш бацара, Делера долу сурт а наггахь бен ца хӀуттура.
2
Цхьана буса Ӏела шен меттахь вижина Ӏуьллуш вара. ТӀаьхьарчу хенахь цуьнан бӀаьргаш телхина догӀуш дара, цундела цунна хӀумма а ца гора.
3
Сатасале, богуш болу Делан къуьда дӀабаза болчу хенахь, Шамъал Везачу Элан дезачу четар чохь вижина Ӏуьллуш вара. Цу четар чохь лаьтташ Делан деза тӀорказ а дара.
4
Веза Эла Шамъале кхайкхира. Цо жоп делира: «Кхузахь ву со!»
5
Ведда Ӏела волчу а вахана, цо элира: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?» Амма Ӏелас элира: «Со хьоьга ца кхайкхира. Вало, дӀавижа». Шамъал, дӀа а вахана, дӀавижира.
6
Веза Эла юха а цуьнга кхайкхира. Иза шолгӀа а, Ӏела волчу схьа а веана, вистхилира: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?» Амма вукхо элира: «Сан кӀант, со хьоьга ца кхайкхира. ДӀа а гӀой, дӀавижа».
7
Шамъална цу хенахь Везачу Элан аз ца девзара, хӀунда аьлча Цуьнан дош Шамъална схьа ца делладеллера.
8
КхозлагӀа а Веза Эла Шамъале кхайкхира. Иза юха а, хьала а гӀаьттина, Ӏела волчу а веана, вистхилла: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?» ТӀаккха Ӏелина хиира, кӀанте кхойкхуш Верг Веза Эла вуйла.
9
Ӏелас Шамъале элира: «Юха а, дӀагӀой, дӀавижа. Нагахь санна хьайга юха а цхьаммо кхайкхахь, цуьнга ала: „Вистхила, Веза Эла, Хьан лай Хьоьга ладугӀуш ву“». Шамъал, шен метте дӀа а вахана, дӀавижира.
10
Веза Эла, схьа а веана, дӀа а хӀоьттина, хьалха санна кхайкхира: «Ва Шамъал!» Шамъала элира: «Вистхила, Веза Эла, Хьан лай Хьоьга ладугӀуш ву!»
11
Везачу Эло Шамъале элира: «Аса Исраилан махкахь цхьа хӀума дийр ду, и шена хезначун шинна а лерга чу зов догӀур ду.
12
Цу дийнахь Аса Ӏелин доьзална тӀехь Айса мел аьлларг кхочушдийр ду. Аса иза дӀа а долор ду, чекх а доккхур ду.
13
Аса цуьнга аьлла ду, цуьнан цӀенна тӀехь массо а тӀейогӀучу ханна таӀзар дийр ду аьлла, хӀунда аьлча цо шен кӀенташа лелош долчу къинойх лаьцна а, цара лелош долчу дастамечу хӀуманех лаьцна а шена хуъушехь, уьш саца ца бина дела.
14
Аса чӀагӀо йо, цуьнан цӀенна тӀехь долу къинош муьлхха а тайпана даьккхинчу сагӀанаша дӀадохур дац аьлла».
15
Шамъал Ӏуьйре тӀекхаччалц вижина Ӏиллира. Ша хьалагӀаьттинчул тӀаьхьа, цо Везачу Элан четаран неӀ дӀайиллира. Иза ца хӀуттура Ӏелига шена буьйсанна хезнарг дӀадийца.
16
Амма Ӏелас кхуьнга ша дӀакхайкхира: «Сан кӀант Шамъал!» Цо элира: «Со кхузахь ву».
17
ТӀаккха Ӏелас элира: «Хьоьга хӀун элира? Хьайга аьллачух хӀумма а къайладаккха ма гӀерта. Дала хьуна чӀогӀа таӀзар дийр ду, ахьа сох хӀумма а къайладаккхахь».
18
Цхьа а хӀума къайла ца хьош, Шамъала дерриге а цуьнга дӀадийцира. ТӀаккха Ӏелас элира: «Иза Веза Эла ву. Цо Шена бакъахь хеттарг дойла!»
19
Шамъал воккха хилира. Веза Эла цуьнца вара, Цуьнан цхьа а дош кхочуш ца хуьлуш ца дисира.
20
Исраил-махкахь массо а меттехь, Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц, массарна а хиира Шамъалах Везачу Эло къобалвина волу пайхамар вина хилар.
21
Шен дашехула Ша вовзуьйтуш, Шилунехь Шамъална дуьхьалвогӀура Веза Эла.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31