bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 12
1 Samuel 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 13 →
1
Шамъал дерриге а Исраилан халкъе вистхилира: «Аша мел аьллачуьнга ла а доьгӀна, ас шуна тӀехь паччахь дӀахӀоттийна.
2
Иза хӀинца шуна тӀехь лаьтташ ву. Ткъа со къан а велла, къеж а велла. Делахь а сан кӀентий шуьца бу. Со шун коьртехь лаьттина жима волуш дуьйна, хӀара хан тӀекхаччалц.
3
Со хӀинца шуна хьалха ву. Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хьалха тоьшалла дан мегар ду шуна соьгара даьллачу гӀалаташна. Шуьгара цхьаьнггара а сту я вир схьаяьккхиний аса? Шуна цхьанна а халахетар диний, гӀело йиний? Я кхаьънаш оьцуш, шуьгара даьллачунна тӀехь сайн ши бӀаьрг дӀакъевлина аса? Схьаала соьга, иза аса шуна юхадерзор ду».
4
Исраилхоша жоп делира: «Ахьа тхуна хала а ца хетийтина, я гӀело а ца йина, я тхоьгара цхьаьнггара а кхаьънаш а ца эцна».
5
Шамъала цаьрга элира: «Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хезаш ду тахана аша со бахьана долуш дина долу тоьшалла. Царна гуш ду соьгара къилахь долу хӀума ца даьллийла». «Веза Эла теш ву», — элира цара.
6
ТӀаккха Шамъала нахе элира: «Веза Эла ву Муса а, АхӀарон а ДӀахӀоттийнарг, шун дай Мисар-махкара Арабаьхнарг.
7
Шу кхузахь совца. Аса хӀинца Везачу Элана хьалха шух бехк боккхур бу, Цо шуна а, шун дайшна а дина дика гӀуллакхаш дага а доуьйтуш.
8
Якъуб Мисар-махка дӀавахча, шун дайша Везачу Эле шайн бала дӀабелхийра. Везачу Эло Мусай, АхӀаронний вахийтира шун дайшна гӀо дан. ТӀаккха цушиммо, шун дай Мисар-махкара ара а баьхна, уьш кхузахь баха охьаховшийра.
9
Амма царна шайн Дела волу Веза Эла вицвелира. Царна дуьхьал тӀом бина болчу пӀелаштамхойн а, Муаби-мехкан паччахьан а, Хьацор-гӀалин тӀеман хьаькам волчу Сисрин а куьйга дӀабелира уьш Везачу Эло.
10
ТӀаккха уьш Везачу Эле, мохь а бетташ, дехарш дан буьйлабелира. Цара бохура: „Оха тхайх къа латийна. Веза Эла виц а вина, цӀушна БаӀалгӀарний, ӀаштартгӀарний гӀуллакх дан хӀиттира тхо. МостагӀчун карара тхо схьадахахьара Ахьа. ТӀаккха тхо, Везачу Элана тӀе а дирзина, Цунна гӀуллакх а деш, лелар дара“.
11
ТӀаккха Везачу Эло ГадӀаний, Беданний, Яптаххьий, Шамъаллий, шуна гонах лаьттачу мостагӀех шу кӀелхьардаха аьлла, бахийтира. Цул тӀаьхьа шу, шайна гонахьара цхьа а кхерам боцуш, даха хевшира.
12
Амма Ӏамминхойн паччахь Нахьаш шайна дуьхьалваьлла гича, аша соьга элира: „Паччахье паччахьалла дайта тхуна тӀехь“, — Веза Дела шайн Паччахь воллушехь!
13
ХӀара ву шуна аша, воьхуш, хаьржина волу паччахь. Везачу Эло иза шуна тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийна.
14
Аша шайн Веза Дела лара веза, Цунна гӀуллакх деш, Цуьнан дош лоруш а хила деза шу. Шу а, шун паччахь а Цунна муьтӀахь хилахь, шун дахар дика хир ду.
15
Амма Цуьнга ла а ца дугӀуш, Цо бохучунна шу, дуьхьал а дуьйлуш, дӀадуьйлалахь, Цуьнан куьг, шун дайшна санна, шуна дуьхьалдер ду.
16
Ткъа хӀинца, дӀа а хӀиттий, дика хьажа Везачу Эло шайн бӀаьргашна хьалха ден долчу доккхачу гӀуллакхе.
17
ХӀинца ялта хьокху хан ю вайна. Аса Везачу Эле доӀа дийр ду, юха Цо, стигал къовкъош, догӀа доуьйтур ду. Юха шуна хуур ду, мел доккха къа латийна аша Цунна хьалха, шайна паччахь воьхуш».
18
Шамъал Везачу Эле доьхуш кхайкхира. Везачу Эло, стигал а къовкъош, догӀа даийтира цу дийнахь. Дерриг а халкъ Везачу Элах а, Шамъалах а чӀогӀа кхераделира.
19
Цара Шамъале элира: «Хьайн Везачу Деле тхуна, Цуьнан лешна тӀера, доьхуш, доӀа дахьара ахьа, тхо ма дайа алахьара ахьа. Тхаьш летийначу къиношна тӀе кхин а цхьа къа латийна оха, тхайна паччахь а вехна».
20
Шамъала халкъе элира: «Ма кхера. И къа шу латийна девлла. Амма Везачу Элах дӀа ма херло, цӀеначу дагца Цунна гӀуллакх а де.
21
Кхин цкъа а хӀумма а йоцучу деланашна тӀе ма гӀерта. Церан шуна цхьа а тайпана дан гӀо дац, хӀунда аьлча уьш шаьш кӀад а йоцурш ю.
22
Шен цӀе ларъярхьама Везачу Эло Шен къам дӀатесна дуьтур дац, хӀунда аьлча Шен лаамца Цо, шу Шен къам ду аьлла, хаьржина.
23
Со а соцур вац шуна Везачу Эле доьхучуьра. И тайпана къа аса сайх латор дац. Аса шу нийсачу а, хьаналчу а новкъа дӀадаха Ӏамор ду.
24
Шу Везачу Элах кхералаш, шайн дерриг а дог тӀе а дерзадай, Цунна гӀуллакх а делаш. Шуна гина-кх, мел даккхий гӀуллакхаш дина Цо шу бахьана долуш.
25
Амма шу кхин а зуламаш деш лелахь, шу а, шун паччахь а, норо дӀахьокхуш йолу нехаш санна, хӀаллакдийр ду».
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31