bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 8
1 Samuel 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 9 →
1
Шамъала ша къанвеллачу хенахь шен кӀентий Исраилан махкахь кхелахой бина дӀахӀиттийра.
2
Воккхаха волчун цӀе Юал хилла, шолгӀачун цӀе Аби-ЯхӀу хилла. Уьш Беар-ШабаӀ цӀе йолчу гӀалахь кхелахой хилла.
3
Амма Шамъалан кӀентий шайн дас дӀакхехьначу новкъахула лелаш ца хилла. Цара кхаьънаш ийдеш хилла, къайлаха ахча схьа а оьций, харцкхелаш еш хилла.
4
Массо а Исраилан къано схьа а гулвелла, уьш Шамъал волчу Раме баьхкира.
5
Цара элира: «Хьо воккха хилла, ткъа хьан кӀентий ахьа схьабеанчу некъа тӀера галбевлла. Ахьа тхуна тӀехь паччахь дӀахӀоттавойла луур дара тхуна, цо тхайна тӀехь куьйгалла дойла а луур дара, вукху къаьмнашна тӀехь ма-дарра».
6
Шамъална ца дезаделира цара шега паччахь дӀахӀоттаве алар. ТӀаккха иза Везачу Эле доӀа дан хӀоьттира.
7
Цо жоп делира: «Хьайга наха бохург де. Цара дӀатеттинарг хьо вац, Со ву. Царна ца лаьа Аса шайна тӀехь паччахьалла дойла.
8
Аса уьш Мисар-махкара арабехира. Амма уьш, Со дӀа а теттина, кхечу деланашна гӀуллакх дан хӀиттира. Иштта гӀиллакх хьоьца а хӀоттийна цара.
9
Цаьрга ла а догӀий, цара бохург де. Амма нахе мел дерг а ма-дарра дӀахьеде, паччахьан бакъонаш муха ю царна дӀа а дуьйцуш».
10
Шамъала шена Везачу Эло делла долу жоп ма-дарра дӀахаийтира паччахь воьхуш ша волчу схьагулбеллачаьрга.
11
Цо цаьрга элира: «ХӀара ду шуна аша воьхуш волчу паччахьо ден дерг: шун кӀентий дӀа а бигина, цо уьш шена гӀуллакх дан дӀахӀиттор бу шуна. Цо уьш шен гӀудалкхашна тӀехь эскаран гӀуллакх дан дӀахӀиттор бу, царах дошлой а бийр бу. Ткъа цхьаберш цуьнан гӀудалкхана хьалха уьдуш лелар бу.
12
Цхьаболчарах цо цхьа эзар эскархочунна тӀехь куьйгалхой бийр бу, вукхарах — шовзткъе итт эскархочунна тӀехь. Паччахьо цхьаберш шена ялта кхио дӀахӀиттор бу, вуьш эскархойн гӀирс кечбеш, гӀудалкхийн цхьацца меженаш кечъеш хир бу.
13
Паччахьо шун зудабераш дӀадуьгур ду, шена хаза хьожа йогӀу хьакхарш деш, яа хӀума кечъеш, бепиг доттуш гӀуллакх дайта.
14
Паччахьо шун тоьлла долу кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, шуьгара дӀа а яьхна, шен гонах болчарна дӀайоькъур ю.
15
УьтталгӀа дакъа дӀадийначу лаьтта тӀера а, кемсийн бешара а аша схьаэцначух цо шуьгара дӀа а даьккхина, шена уллорачарна а, кхин болчу ялхошна а дӀалур ду.
16
Шун зударех а, божарех а болу леш а, уггар тоьлушха болу кегий нах а, варраш а — дерриге а паччахьо дӀадуьгур ду шена гӀуллакх дайта.
17
Кегийрачу бежанех уьтталгӀа дакъа, дӀа а даьккхина, дӀадуьгур ду. Ткъа шух цо шен леш дийр ду.
18
Цу хенахь аша, шаьш хаьржина волчу паччахьан куьйга кӀелара дӀадаха бохуш, Деле орца дохур ду, амма Везачу Эло шун доӀанна жоп лур дац».
19
Амма наха Шамъале ла ца дуьйгӀира. Цара бохура: «ХӀан-хӀа! Тхуна тхайна тӀехь куьйгалла дан паччахь веза.
20
ТӀаккха бен хир дац тхо важа къаьмнаш санна. Тхан паччахьо тхуна тӀехь куьйгалла дийр ду, тӀемашкахь иза, тхуна хьалха а ваьлла, куьйгалла деш а лелар ву».
21
Шамъала, гулбеллачара дуьйцучуьнга ла а доьгӀна, Везачу Эле иза дӀадийцира.
22
Цо цунна жоп делира: «Ахьа цаьрга ладогӀа деза! ДӀахӀоттаве царна тӀехь паччахь». ТӀаккха Шамъала Исраилан халкъе элира: «Шу хӀинца шайн-шайн гӀала дӀагӀо».
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31