bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 15
1 Samuel 15
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 16 →
1
Шамъала Шауле элира: «Везачу Эло со ваийтина Исраилан халкъана тӀехь хьан паччахьалла къобалдан. ХӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа.
2
Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Дагадаийтира Аса Сайна Ӏамалекха Исраилан халкъана динарг: Мисар-махкара халкъ цӀа доьрзучу хенахь иза цунна дуьхьал валар.
3
ХӀинца, ваха а гӀой, Ӏамалекхана тӀелата, цуьнан мел долу хӀума, къинхетам ца беш, хӀаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагӀ, эмкал, вир — ша мел долу хӀума, дей, дӀадаккха“».
4
Телаим олучу меттехь Шаула вовшахтуьйхира шен эскар. Царна юккъехь ши бӀе эзар гӀашло вара, цул сов, итт эзар стаг ЯхӀудан тайпанах а вара.
5
Шаул Ӏамалекхахойн гӀалина тӀекхаьчнера. ТогӀи чохь царна кӀело ян охьахиира иза.
6
Шаула кхенахошна тӀе хабар дахьийтира: «Ӏамалекхахойх дӀакхеттачуьра дӀакъаста, шаьш соьга дайа ца дайийта. Аша Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь Исраилан халкъана гӀо дина». Кхенахой Ӏамалекхахошна юкъара дӀакъаьстира.
7
Шаула Хьавилара дуьйна Мисар-махкана малхбалехьа Ӏуьллучу Шур-гӀалин йистошка кхаччалц эшийра Ӏамалекхахой.
8
Церан паччахь АгӀаг Шаула дийна волуш схьалецира, ткъа цуьнан дерриге а халкъ хӀаллакдира.
9
Амма Шаула а, цуьнан эскаро а АгӀагах къинхетам бира, дико долу уьстагӀий а, стерчий а, дерстана долу эсий а, Ӏахарий а дитира, иштта дика мел долу хӀума а, доха ца деш Ӏаддитира, ткъа оьшуш мел доцу хӀума дохийна дӀадаьккхира.
10
ТӀаккха Шамъале долу Делан дош иштта дара:
11
«Со чӀогӀа дохковаьлла Айса Шаул паччахь вина дӀахӀотторах. Сох дӀа а вирзина, Сан дош цо кхочуш ца дина». Иза шена хиъча, Шамъал чӀогӀа оьгӀазвахара. Буьйса, Везачу Эле кхойкхуш, яьккхира цо.
12
Сахуьлуш Шамъал, хьала а гӀаьттина, Шаулна дуьхьалвахара. Амма цуьнга хаам бира, Шаула, Кармал-гӀала а вахана, цигахь шен толамаш дагабоуьйтуш болу тӀулг дӀахӀоттийра аьлла, ткъа цигара ваьлча, иза Галгала вахана аьлла.
13
Шамъал Шаулна тӀекхечира, ткъа Шаул вистхилира: «Везачу Эло декъалвойла хьо. Аса Везачу Элан дош кхочушдина».
14
ТӀаккха Шамъала элира: «Сан лергашна хезаш долу уьстагӀийн а, стерчийн а аьзнаш мичара ду?»
15
Шаула элира: «Уьш Ӏамалекх волчуьра схьадалийна ду. Оха тоьлла долу уьстагӀий а, стерчий а хьан Везачу Далла лерина сагӀа даккха дитира, кхин дерш хӀаллакдира».
16
Шамъала Шауле элира: «Собар де, аса дӀадуьйцур ду хьоьга Везачу Эло буьйсанна хьо бахьана долуш аьлларг». Шаула цуьнга элира: «Схьадийца».
17
ТӀаккха Шамъала элира: «Хьуна-хьайна а хьо жима а, хьал доцуш а хетташехь, ца хӀоттийнера Исраилан халкъан тайпанашна коьрте? Хьо иштта воллушехь, Везачу Эло къобал ца винера хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀотта?
18
Везачу Эло хьо хӀокху дешнашца новкъа ваьккхинера: „Ваха а гӀой, и къинош летийна болу Ӏамалекхахой хӀаллакбе. Уьш, байина, дӀабаххалц, тӀом бе цаьрца“, — аьлла.
19
Везачу Эло хьайга аьлларг хӀунда ца дира ахьа? Стенна кхийтира хьо ижуна тӀе, Везачу Элан бӀаьргашна хьалха вон деш?»
20
Шаула Шамъале элира: «Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, Цо аьллачу новкъа велира со. Ӏамалекхахойн паччахь АгӀаг аса схьавалийна, уьш мел берш хӀаллак а бина.
21
Ткъа наха шайна яьллачу ижуна юккъера тоьлла долу уьстагӀий а, стерчий а схьахаьржира Галгалахь хьан Везачу Далла лерина сагӀа даккха».
22
Шамъала цунна жоп делира: «Ахьа доккхуш долу сагӀа а, дагош долу бежанаш а деза хета те Везачу Элана, хьо Ша бохург а деш дӀахӀоттарал? Цуьнга ладугӀуш хилар сагӀа даккхарал а деза ду, ткъа Цунна муьтӀахь хилар уьстагӀан махьаран даьттанал а дезах ду,
23
хӀунда аьлча муьтӀахь цахилар, бозбунчалла лелор санна, къилахь ду, ткъа шен лааме а ваьлла, дуьхьалвалар цӀу-динах тешар санна ду. Ахьа Везачу Элан дош дӀататтар бахьана долуш, Цо хьо дӀатеттина, Исраилан халкъан паччахь ца хилийта».
24
Шаула Шамъале элира: «Везачу Элан дашна тӀера а, хьан лаамна тӀера а ваьлла, аса сайх къа латийна. Со нахах кхеравелира, цундела цара бохург дира аса.
25
ХӀинца аса сайна къинтӀера валар доьху хьоьга. Соьца юхаверзахьара хьо, Везачу Элана соьга корта тохийта».
26
Шамъала Шауле жоп делира: «Со хьоьца юхавогӀур вац, хӀунда аьлча ахьа Везачу Элан дош дӀатеттина, цундела Цо хьо юхатеттина Исраилан халкъан паччахь ца хилийта».
27
Шамъал дӀаваха дагахь дӀавирзира. Амма вукхо цуьнан бедаран юх, катоьхна схьа а лаьцна, ятӀийра.
28
ТӀаккха Шамъала элира: «ХӀинца дуьйна Везачу Эло Исраилан халкъана тӀехь долу паччахьалла хьох дӀахадийна. Цо иза кхечуьнга дӀакховдийна, иза хьол тоьлуш волу дела.
29
Исраилан халкъан сийлахьчу Дала харцдерг а дуьйцур дац, Иза дохко а вер вац, хӀунда аьлча Дела адам дац Шен лаам хийца».
30
ТӀаккха вукхо элира: «Аса къа латийна. Делахь а хӀинца сан къоман къаношна хьалха а, со Исраилан халкъана хьалха а ларий, соьца юхаверзахьара хьо, тӀаккха аса хьан Везачу Далла Ӏибадат дийр дара».
31
Шамъал Шаулаца юхавирзира. Шаула Везачу Элана Ӏибадат дира.
32
Цул тӀаьхьа Шамъала элира: «Ӏамалекхахойн паччахь АгӀаг схьавалаве кхуза». Шек а ца волуш, АгӀаг цунна тӀе веара. Цо элира: «Валаран къаьхьаллах со вла ма ваьлла?»
33
Амма Шамъала элира: «Хьан туьро нанойх бераш ма-даххара, хьан нана а йолийла шен кӀантах». Галгалахь Везачу Элана хьалха Шамъала АгӀаг, вен а вийна, цунах дакъош дира.
34
Шамъал Раме дӀавахара. Ткъа Шаул ГебаӀ-гӀалахь долчу шен цӀа вахара.
35
Цул тӀаьхьа Шамъална Шаул кхин ца гира ша велла дӀаваллалц, амма цо цунах лаьцна шен дага чохь гӀайгӀа латтайора, хӀунда аьлча Веза Эла дохковаьллера Ша иза Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀотторна.
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 16 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31