bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 19
1 Samuel 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 20 →
1
Шен кӀанте ЯхӀунате а, шен гонах болчаьрга а Шаула дӀахьедира, Дауд вен веза аьлла. Амма Шаулан кӀантана ЯхӀунатина Дауд чӀогӀа дукхавезара.
2
Цундела ЯхӀунатас Дауде элира: «Сан да Шаул хьо вен бахьанаш лоьхуш ву хьуна. Кханалерчу дийнахь ларлуш хилалахь. Цхьанхьа къайла а валий, Ӏелахь.
3
Ткъа со, сайн деца эрна ара а ваьлла, хьо волчохь дӀахӀуттур ву. Хьох лаьцна къамел дийр ду аса цуьнца, сайна хиънарг хьоьга дӀа а дуьйцур ду».
4
Дика дешнаш элира ЯхӀунатас Шауле Даудах лаьцна. Цо бохура: «Хьайн лай волчу Даудаца хьарам ма хилахьа. Цо хьуна дуьхьал цхьа а вон хӀума ца дина, боккха пайда болуш дерг бен.
5
ПӀелаштамхочунна дуьхьал иза, шех лаьцна ойла а ца еш, велира, шен дахар боккхачу кхерам кӀел а хӀоттийна. Везачу Эло боккха толам баийтира Исраилан махка. Иза гина волу хьо а ма вара воккхавеш. Стенна гӀерта те хьо, цхьа а бахьана доцуш, Дауд вен а вийна, бехк боцу цӀий а Ӏанийна, зулам даккха?»
6
ЯхӀунате ла а доьгӀна, Шаула чӀагӀо йира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, Дауд лийр вац аьлла».
7
Дауде схьа а кхайкхина, ЯхӀунатас цуьнга шайн хилла долу къамел дӀадийцира, тӀаккха ЯхӀунатас Дауд Шаул волчу дӀавигира. Цул тӀаьхьа церан юкъаметтиг хьалха санна хилла дӀахӀоьттира.
8
Юха а тӀом белира. Дауд, ара а ваьлла, пӀелаштамхошца тӀом бан волавелира. Дауда мостагӀчунна тӀехь боккха толам баьккхинчул тӀаьхьа, уьш цунах дӀауьдуш бара.
9
Юха а Везачу Элера долу жин чудоьссира Шаулна. Шен цӀахь, гоьмукъ карахь а болуш, Ӏаш вара иза, ткъа Дауд, дечиган пондарх пӀелг а туьйсуш, Ӏаш вара.
10
Шаулна Дауд гоьмукъца пенах дӀатоха дагадеара. Амма Дауд шена тӀекхоьссина болу гоьмукъ гича, каде дӀаиккхира, ткъа гоьмукъ пенах чубахара. Дауд цу буьйсанна Шаулах ведда кӀелхьарвелира.
11
ТӀаккха Шаула Даудан цӀа шен тӀемалой бахийтира, цунна кӀело а йина, иза садаржале вейта. Даудан зудчо Михулас цуьнга элира: «Ахьа хьайн са тахана кӀелхьара ца даккхахь, кхана хьо вуьйр ву».
12
Михулас иза корах аравалийтира. Дауд ведда кӀелхьарвелира.
13
Дауд вуьжучу метта Михулас цӀу виллира, цуьнан гӀовлангахь газанан цӀока а йиллина, тӀехула бедарш ехкира.
14
Шаула Дауд схьалаца нах бахийтича, Михулас Дауд цомгуш ву элира.
15
Амма Шаула уьш юхабахийтира, иза муха ву хьажа. Цо цаьрга элира: «Шен меттаца иза со волчу схьавалаве соьга вейта».
16
И нах Дауд дӀалаца чубаьхкича, царна гира меттахь Ӏуьллуш волу цӀу а, гӀовлангахь йиллина йолу газанан цӀока а.
17
Шаула Михулига хаьттира: «Со хӀунда левина ахьа? Сан мостагӀа, дӀа а хецна, вадийтина-кх ахьа». Михулас Шауле элира: «Цо соьга, ша дӀа ца вахийтахь, со юьйр ю элира».
18
Дауд иштта ведда кӀелхьарвелира. Цо, Шамъал волчу Раме схьа а веана, Шаула шена динарг дӀадийцира. ТӀаккха Дауд Шамъалца новкъа велира. И шиъ Наютахь сецира.
19
Шауле хаам бира, Дауд Рама-гӀаларчу Нают олучу меттехь ву аьлла.
20
Шаула цига а нах бахийтира Дауд схьалаца. Уьш схьа а кхаьчна, царна Шамъал коьртехь а волуш, Делера болу хаамаш беш пайхамарш гича, царна тӀе Делан Са охьадоьссира. Уьш а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бан буьйлабелира.
21
И хаам шена схьабеача, Шаула кхин болу нах бахийтира цига. Уьш а, шовкъ а еана, иштта Делера болу хаамаш беш дӀахӀиттира. ТӀаккха Шаула кхозлагӀа а нах бахийтира. Уьш а, шовкъ а еана, Делера хаамаш бан буьйлабелира.
22
ТӀаккха оьгӀазвахана волу Шаул ша Раме ваха новкъа велира. Иза Сехехь лаьттачу йоккхачу гӀунна тӀе кхечира. Цо хаьттира: «Шамъаллий, Дауддий мичахь ву?» Цунна жоп делира: «Эцца Рамерчу Наютахь ву».
23
Иза Рамерчу Наюта вахара. Цунна тӀе а Делан Са доьссира. Ша дӀавоьдучу хенахь иза а волавелира, Рамерчу Наюта кхаччалц, Делера болу хаамаш бан.
24
Шовкъ а еана, шена тӀера бедарш дӀа а яьхна, Шамъална хьалха Делера болу хаамаш беш дӀахӀоьттира иза. Цу дийнаххьий, бусий иза тӀехь хӀума а йоцуш Ӏиллира. Цундела олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамар?»
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31