bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 10
1 Samuel 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 11 →
1
Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегӀа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тӀе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тӀаьхьенна тӀехь куьйгалхо ван хьо къобалвина.
2
Тахана хьо со волчуьра дӀавоьдуш, Бен-Яманан латтанашкарчу ЦӀелцӀахь олучу меттехь, Рахьалан кошана уллохь цхьа ши стаг гур ву хьуна. Цара хьоьга эр ду: „Ахь лоьхуш хилла йолу и виркхелаш схьакарийна. Хьан да, виркхелаш йиц а елла, чӀогӀа сагатдеш ву: ‘Сан кӀант цӀа верзаван аса хӀун дан деза техьа?’ — бохуш“.
3
Цигара ваьлча, хьо кхочур ву Табур-гӀалара ножан дитт долчу. Цигахь хьуна гур ву Далла лерина сагӀа даккха Бетал-гӀала воьдуш волу кхо стаг. Царах цхьаьнгахь кхо буьхьиг хир ю, вукхуьнгахь кхо бепиг хир ду, кхозлагӀачуьнгахь чагӀар чохь долу пӀаьлдиг хир бу.
4
Цара хьоьга маршалла хоттур ду, хьуна ши бепиг а лур ду. Ахьа уьш цаьргара схьаоьцур ду.
5
Цул тӀаьхьа ГебаӀ-гӀаларчу сагӀа доккху барз болчу кхочур ву хьо. Цигахь пӀелаштамхойн тоба хир ю гӀаролехь лаьтташ. Хьо гӀали чу ваьлча, хьуна масех пайхамар гур ву барза тӀера охьавогӀуш. Уьш, вота а, зурма а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш беш хир бу.
6
Хьуна тӀе Везачу Элан Са охьадуссур ду. Цул тӀаьхьа цаьрца ахьа а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бийр бу. ТӀаккха хийца а велла, хьох керла адам хир ду.
7
ХӀара билгалонаш хьайна тӀехь кхочушхиллачул тӀаьхьа хьайга далург де, хӀунда аьлча хьоьца Дела ву.
8
Сол хьалха а валий, Галгала дӀагӀо. Со а дӀавогӀур ву цига, дийнаташ дагоран сагӀанаш а, барт баран сагӀанаш а дахархьама. ВорхӀ дийнахь соьга хьоьжуш Ӏе, тӀаккха аса эр ду хьоьга, хӀун дан деза».
9
Шаула Шамъал волчуьра дӀаваха букъ берзошшехь, Дала цунна керла дог делира, ткъа и ерриге билгалонаш цу дийннахь кхочушхилира.
10
Уьш ГебаӀ-гӀаларчу сагӀа доккхучу барза тӀе бевлча, царна масех пайхамар дуьхьалкхийтира, Шаулна тӀе Делан Са охьа а доьссира. Иза а цаьрца, шовкъ а еана, Делера хаамаш беш дӀахӀоьттира.
11
Шаул хьалха вевзаш хиллачара, шайна хӀара пайхамаршна юккъехь, цара дийриг а деш, воллуш гича, вовшашка хоьттура: «ХӀун хилла Къушин кӀантана? Шаулах а пайхамар хилла техьа?»
12
Царна юккъехь волчу цхьаммо элира: «Ткъа цу пайхамарийн дай муьлш бу?» ХӀетахь дуьйна схьа олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамаршна юкъахь?»
13
Шовкъ еъначуьра ша юхавирзича, иза сагӀа доккхучу барза тӀе хьалавелира.
14
Шаулан ден вашас хаьттира цуьнгий, цуьнан ялхочуьнгий: «Шу стенга дахнера?» Шаула жоп делира: «Виркхелаш лаха дахнера. Уьш тхайна ца карийча, Шамъал волчу даьхкинера тхо».
15
Ден вашас юха а хаьттира: «Схьадийцахьа, хӀун элира шуьга Шамъала?»
16
Шаула жоп делира: «Шамъала тхоьга хаам бира, виркхелаш схьакарийна аьлла». Амма Шамъала шега паччахьаллех лаьцна дийцинарг цо дӀа ца дийцира.
17
Шамъала дерриг а Исраилан халкъ Веза Эла волчу МицӀпе схьакхайкхира.
18
Цо халкъе элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала боху: „Аса шу, Мисар-махкара ара а даьхна, мисархойн куьйга кӀелара схьа а даьхна, кхечу паччахьийн Ӏазапера кӀелхьара а даьхна“.
19
Ткъа аша хӀинца шайн Дела дӀатесна, Цо шаьш массо а балех кӀелхьардохуш хилла доллушехь. Аша Цуьнга элира: „Тхуна тӀехь паччахь хӀоттаве“. ХӀинца Везачу Элана хьалха, шайн тайпанаш а, гаранаш а билгал а дахий, дӀахӀитта».
20
Шамъала Исраилан халкъан дерриг тайпанаш шена тӀе даладайтира. Царна юккъера Бен-Яманан тайпа къастийра цо.
21
ТӀаккха цу тайпанах болчу нахе шайн гаранашца тӀедуьйла элира цо. Царна юкъара МатӀарин гара хаьржира. ТӀаьххьара а Къушин кӀентан Шаулан цӀе яьккхира. Амма Шаул лаха хӀиттича, иза кара ца вора.
22
ТӀаккха цара Везачу Эле юха а хаьттира: «ВогӀур вуй кхин цхьа а кхуза?» ТӀаккха Везачу Эло жоп делира: «ВогӀур вац. Шаул хьуьлла аша шайца схьаеана йолчу хӀуманаш юккъехь лечкъина Ӏаш ву».
23
Наха, бевдда цига а бахана, Шаул цу хӀуманаш юккъера схьаваьккхира. Иза нахана юккъе дӀахӀоьттича, уьш цунна белше бен ца кхочура.
24
Шамъала халкъе элира: «Гой шуна, Везачу Эло мила хаьржина? И санна верг дерриг халкъана юкъахь кхин вац». ТӀаккха наха мохь бетташ бохура: «Декъала хуьлда паччахь!»
25
Шамъала нахе йийцира паччахьан бакъонаш. Цу бакъонах лаьцна тептар а яздина, иза Везачу Элана хьалха охьадиллира. Цо нах хӀора шен-шен цӀа дӀабахийтира.
26
Шаул а ГебаӀе шен цӀа вахара. Цуьнца Дела шайн дага чу вижна болу майра нах а бара.
27
Ткъа вочу наха бохура: «Цуьнга дахалур ду вай кӀелхьара?» Уьш цунах баша а ца бешира, я цунна совгӀаташ а ца кховдийра. Цара и сурт хӀоттийнехь а, Шаула цу нахе хӀумма а ца элира.
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31